ГӀопалла

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

ГӀо́паллаахархошна шайн лаьттан декъа тӀиера Ӏедалан пурба доцуш дӀабаха ца магош долу закон (аьлчи а ахархой латтан тӀетасар; бевддарш нуьцкъала юхаберзабо), феодалан административан а, суьдан а Ӏедал когаметтачун дӀалуш, латта дита а, иэца а ахархойн бакъонаш дӀайохуш, наггахь латта доцу ахархой дӀатаса а мега закон.

Малхбузан Европера гӀопаллин бакъо[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ахархой бозуш хиларан йисттера кепаш тулгӀенаца чекхйовлу Европан малхбуза йисттера, малхбале кхаччалц. ГӀопаллин бакъо яр нисло юкъараллин-политикан юкъаметтигаш кхиаран цхьа билгалчу муьрехь. Европан тайп-тайпана регионаш кхиар тайп-тайпана хенашкахь хиларна (дозуш хилла климатах, адаман барамех, йохк-иэцаран некъаш аьттонца хиларх, арахьарчу кхерамех), гӀопаллин бакъо цхьаьна европан пачхьалкхашкахь — юккъера бӀешерийн историн атрибут ю, ткъа кхечанхьа иза лаьттира керлачу замане кхаччалц.

Дукхах йолчу яккхийчу европан пачхьалкхашкахь гӀопалла гучуйолу IX-X бӀешерашкахь (Ингалс, Франци, малхбуза Германи), кхечеран гучуйолу гуттар тӀаьхьа, XVI-XVII бӀешерашкахь (къилбаседа-малхбален Германи, Дани, Австрин малхбален регионаш). Ерриг гӀопалла дӀайолу дукхах дерг юккъера бӀешерашкахь (малхбузан Германи, Ингалс, Франци), ткъа дикка лаьтта XIX бӀешо кхаччалц (Германи, Польша, Австро-Мажарчоь, Росси). Цхьайолчу пачхьалкхашкахь ахархой мукъабахаран процесс цхьаьна йоьду дуьззина (Ингалс), я дакъошкахь латташ цатоарца (къилбаседа-малхбален Германи, Дани), ткъа иза хуьлу возуш хидларан цхьа кеп кхечунца хийцар; кхечу пачхьалкхашкахь мукъабахар латташ цатоарца муххале а дац, цигахь тӀекхета, кхуьу жима ахархойн бахам (Франци, Германин малхбузан дакъа а).

Ингалс[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ингалссаксонийн муьрехь йолаелла феодализацин процессо, тӀаьхь-тӀаьхьа хьалха паргӀата хилла ахархой-юкъараллашъерг (керлаш), шайн долахь юкъара латтанаш а, долара дакъош а (фолклендаш а, боклендаш а) долуш болу, гӀопаллин нах бира, уьш долахь болчара (инг. hlaford) царна шайна луъу ясакх тухура.

Процесс меллаша йоьдура, амма VIIVIII бӀешерашкахь хаалуш дара паргӀата нах мел кӀезиг бу. Оцунна аьтту бора тӀекхеташ долу кегийрачу ахархойн декхарш, церан дийзира гӀо лаха ондачу нахера. Х а, XI бӀешерашкахь доккхаха долу керлийн дакъа дозуш хилира. Ден патронат хила декхарехь хилира; да вуьззина эла хилира куьйга кӀеларчу бахархойн. Цуьнан ахархошна тӀехь йолу суьдан бакъонаш шоръелира; цунна тӀедиллина дара полицейскин декхар а.

«Керл» дош сих-сиха хийца долийра вилланца (гӀопаллерниг). «Къиза суьдан жайна» хӀоттош ахархошна юкъахь цхьа могӀа тӀегӀанаш яра. Уггаре лахара тӀегӀанахь лаьттара манорийн вилланаш (инг. villein); вериг аьлча санна возаш ву лордах, билгала яц ял, цхьаерш йоцург, паччахьаллин юкъара суьдаш ларъеш яц — иштта хьал дара оцу классан. Ведда гӀопаллерниг цхьа шой цхьа бутт балале юхаверзо йиш яра. ГӀопаллерниш декхарехь бара сеньоран дерриг шарахь болхбан, кӀиран юкъахь 2—5 дийнахь, белхан хена аренашка балха бахка доьзалшца я церан меттана лаьцна белхалошца.

Тожан латташ тӀехь болу дукхаха болу ахархоша, кхин а леладора латта вилланан бакъонехь (инг. in villenage), маьхаза вецара, кхин ял а лора. Амма сурсатан-ахчан юкъаметтигаш кхиаро аьтту бира вилланаш гӀопаллех мукъабаха.

ГӀопаллин бакъо йохош ладаме Ӏаткъам бира Уот Тайлеран гӀаттамо. XIV бӀешарахь ерриг аьлча санна Ингалсехь мукъабехира ахархой доларчу гӀопаллера, хийцира иза латтанчунца. Маьхаза вацар хийцира ахчанца болхбаре, йолан барам хӀоттийра, ткъа вилланан латтор аратеттира копигольда, цуо хаъал дукха гарантеш лора ахархошна.

Гуобар[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀопаллернаш мукъабахарца цхьаьна кхуьура ингалсийн ахархошкара шайн дакъош схьадахаран процесс. XV бӀешеран хьалхарчу декъехь дуьйна латталелоран тӀиера байдан бахам тӀевалар чӀогӀа пайден хилира, капиталаш уьстагӀий лело, оханийн чоьтех байданаш шоръяре хьажо долийра. Дукха латташ долчара кӀезиг латта долу ахархой аратетта болийра. Бехкамаш хӀиттабо я юьртан бахархойн юкъара латташ лелоран бакъонаш дӀайоху, уьш дукха латташ долчеран карадоьду. XVI бӀешарахь шуьйра даьржира байданашна гуобар, цунна чӀогӀа гӀолецира суьдаш а, пачхьалкхан администрацеш а. Иштта, 1488 шеран законашкхолларан акташкахь го, хьалха 200 ахархо ваьхначохь, висина 2—4 жаӀу.

Ахархойн латтан юкъаметтигаш хийцаран процесс чекхъелира XVI бӀешарахь: ахархойн лаьттаца йолу уьйр хадийра. Хьалха ахархоша леладора феодалийн бакъон тӀехь латтош долу шайн латта; хӀинца уьш дукхахберш лаьхкира шайн дакъош тӀиера, юкъарчу латтанийн бакъонаш дӀаевлира. Царех доккхаха долу декъана юьртабахаман алапах болх бен белхалой хила бийзира. Цуьнца цхьаьна кхуьура маьрша ахархойн бахам чӀагӀбаларан процесс, иза капиталистийн гуран чуюллуш яра, оцу гӀуллакхо кхоьллира дикка чкъор хьалдолу ахархойн-арендаторийн (йоменийн).

Испани[нисъе бӀаьра | нисъе]

Испанехь гӀопаллин бакъо яржар чолхе дара. Астурехь, Леонехь, Кастилехь сервитаж цкъа а юкъара ца хилла: X бӀешарахь дуьйна дукхаха болчу Леонан а, Кастилин а латтанаш бахархойн паргӀата латталерхойн классан долахь дара — уьш сервех къаьсташ билламе дакъанаш лелош бара шайн долара бакъонаш а йолуш[1]. Амма оцу чкъоьран (хуньорес, я соларьегос) юрисдикцин статус къаьсташ ю шен билгало ца хиларца, оцо хьашто йора кастилийн паччахьашна церан бакъонаш чӀагӀъян, уьш сеньорийн Ӏаткъамах ларбархьама: иштта, Альфонсо X-гӀачо XIII бӀешарахь шен омрехь кхайкхийра соларьегон бакъо ю мичча хенахь а шен дакъа дита, шена дита бакъо йлцуш делахь а; Альфонсо XI Нийсачо цул тӀаьхьарчу бӀешарахь ца магадора долахь латта долчарна латта лелочаьргара а, церан доьзалшкара а, нагахь хӀоттийна бараман рицкъ цуо феодалан луш делахь[2]. ТӀаьххьара Кастилийн тажан латтанаш тӀиера ахархой мукъабахар хилира XIV бӀешеран хьалхарчу декъехь, тӀаккха а цхьацца кӀошташкахь и процесс ехуо хила а тарлора, ткъа цхьацца хенашкахь (амма законан дуьхьала долу) сеньораш зулам лело а магара тӀаьхьуо[3].

Арагонехь а, Каталонехь а гӀопаллин бакъо хаъал хала яра, французийчуьнца юста мегар долуш, цунна Ӏаткъам беш франкаш бара[4]. XV бӀешарахь Каталонехь онда халкъан гӀаттаман жамӀ хилира паччахьо Фердинанда Гвадалупан 1486 шеран сентенцин куьг яздар, цуо хадийна дӀаехираерриг Испанехь феодале ахархой бозуш хиларан[5].

Нидерландаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нидерландашкахь гӀопаллин бакъо системица лаьттара ТӀаьхьара ЮккъерабӀешераш кхаччалц. Дукхаха болчу мехкан декъа тӀехь ахархошна паргӀато елира 1500-гӀа шерашкахь, амма цхьацца меттигашкахь, масала, малхбален провинцешкахь Дренте, Оверэйссел, Гелдерланд серважан хадийна кепаш латтира [[Батаван республика|революцийн Францис схьабаьккхина мохк[6]. Преимущественно этими последними очагами крепостничества были изолированные поселения, нередкие для восточной части страны, чье местоположение затрудняло включение их в правовую систему Республики Соединенных провинций и консервировало в них сеньориальную власть [7].

Юккъера Европан гӀопаллин бакъо[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юккъерачу бӀешерийн хьалхарчу декъехь кхоллаелла, гӀопаллин бакъо Юккъера а, Малхбален а Европехь дукха хенан хуьлу юьртабахаман социалан юкъаметтигийн ладаме дакъа. Цхьаммо къуьйсуш доцу политикан, ца-саццош ахархой бацон Ӏалашо йолу, элийн олалло, диллар дира «шолгӀа йина гӀопалла» яржо Малхбален Германехь, Балтикайистехь, Польшехь, Чехехь, Мажарчохь.

Малхбален (Эльбан дехьара) Германехь гӀопаллин бакъо юьззина яьржира Ткъе итт шеран тӀамехь 16181648 шерашкахь, уггаре хала хьал хӀоьттира Мекленбургехь, Померанехь, Малхбален Пруссехь.

Шун хӀумма а яц, са Делан ду, ткъа шун догӀмаш, бахам, ерриг шу ерг, сан ю.

XIV бӀешеран юккъера дуьйна хӀоттайолаелла гӀопаллин бакъонийн нормаш, юкъаяхара 1496 шеран Петрковски статутан. ГӀопаллин бакъо яьржира оцу мехкашкахь алсама болчу ахархошна тӀехь. Цуьнца дезара дуккха а деношкахь (кӀирнах 6 де) маьхаза болх бан, дӀайоккхура ахархойн дукхаха йолу долара хӀуман а, гражданийн а, шен а бакъонаш, латтанаш кӀеззиг бен ца дуьтуш я цхьаьна декъана дерриг дӀадоккхуш цхьан а бакъо йоцу лайш бира царах я цхьаьна хенан латтан дай бира.

Габсбургийн имперехь 1848 шеран ахархойн хийцамаш кхайкхийра, Фердинанд І-чо 1848 шеран 17 апрелехь арахецначу законаца, «шира латтанаш» ахархойн долахь хилар, цуьнца 1848 шеран 15 майхь дуьйна дӀайохура Галици паччахьаллехь ахархойн ясакхаш, ткъа 1848 шеран 7 сентябран законашца – Австрин имперехь а.[8]

Къилбаседа Европера гӀопаллин бакъо[нисъе бӀаьра | нисъе]

Швецехь а, Норвегехь а гӀопаллин бакъо ца нисъелира.[9]

Юккъерачу бӀешерийн Данин ахархойн хьал Германехь долчух тера догӀура.

XV бӀешо чекхдолуш дуьйна а дерриг латтанах 20 % ахархойн долахь дара. Олалла а, динан гӀуллакххой чӀагӀбалар ахархойн хьал хийцадаларан юьхьиг хилира. XVI бӀешо кхачале билгала йолу, царна луш йолу ясакх тӀекхеташ яра; доладелира долахь латта долу ахархойх ницкъала арендатораш бар.

Юьртабахамах оьцу пайда сов мел бели, бепигана, даьхнийн а хьашт тӀе мел кхийти элий-мехкадай шайн латташ шордан буьйлабелира ахархойн керташ дӀа а йохуш. Элан маьхаза болх бар, XIVXV бӀешерашкахь шарахь 8 дийнал сов ца долура, тӀетуху денош мехкаден ма-лаъара; ахархой дӀа ца бохуьйту мехкаден пурба доцуш. XVI бӀешарахь ахархойн цхьаьна декъах гӀопаллехь хуьлу.

Фредерик I-ра волуш гӀопаллера ахархой сих-сиха бохка болабо латта а доцуш, даьхний санна — коьртаниг Зеланде. 1660 шарахь гӀалахоша яьккхинчу революцил тӀаьхьа, ахархойн хьал кхин а телхира. Оцу хене кхаччалц хилларг зуламдар хиллехь, ткъа хӀинца Христиан V-гӀачо арахецна законийн кодекс тӀедаьккхира. Мехкадайх хилира Ӏедалан агенташ налогаш схьаяхарехь а, салтий баларехь а. Церан полицин-низаман Ӏедал чӀагӀдира вовшийн гӀолацарца. Кхин а чӀагӀйинчу налогех ахархой уьдура, бевддачеран налогаш бисинчарна тӀейоькъура. Ахархойн гӀаддайира ницкъалчу белхаша а, налогаша а; къелуш бара берриг мохк. 1791, 1793, 1795, 1799 шерашкарчу законашца доза туьйхира барщинан; цул тӀаьхьа и барщина мехах схьа а эцна, иза ахчанца хуьйцуш низам хӀоттийра. Зеландехь барщина лаьттира 1848 шо кхаччалц. 1850 шеран законаца ахархошна бакъо елира барщина мехах схьаэца, тӀаккха иза орамца дӀаелира.

Малхбален Европера гӀопаллин бакъо[нисъе бӀаьра | нисъе]

Киевн Русехь а, Новгородан республикехь а латта ахар лайшан (смерд, закуп, холоп) тӀехь дара. Оьрсийн бакъонца смердаш юьхьанца (хьаькна-ягоран муьран латта лелор) маьрша ахархой хилла, церан шайн лай а хилла, царна кхел эло еш хилла. Церан латтан дакъош хилла, дегара кӀенте а луш (нагахь кӀант вацахь латта элан дуьсуш хилла). ТӀаьхьа, доьд-доьдуш латташ карадахна феодалийн, царна юкъахь килсанаш а ю, смердийн маршо йов. Новгородан республикехь дукхаха болу смердаш Велики Новгородан латта леладора, хӀетте а хьехош элийн а, епископийн а, килсан а смердаш бу.

Оьрсийн пачхьалкхехь XV а, XVI а бӀешераш хийцалуш хӀоьттира меттин система. Сийлахь эло дӀалуш хилла шен меттиг латта гӀуллакхан нахана, иза бахьнехь иза декхарийлахь хилла тӀеман гӀуллакх дан. Меттиган элин эскар лелош хилла Литван, Ливонин, Казанан ханаллин, Речь Посполитин, Швецин дуьхьала цасоццуш долчу тӀемашкахь а, гӀирман а, ногӀийн а тӀелетарех дозанера мехкаш лардархьама: иттаннаш эзарш элий кхойкхура хӀора шарахь «берда тӀе» (Ока а, Угра а эркаш) а, дозанера гӀуллакхе а.

Ахархо ша маьрша а волуш, меттиган деца барт бой лаьттан дакъа лелош хилла. Цуьнан бакъо хилла дӀаваха а, ца ваха а; аьлчи а латтан дех дӀаваха. Лаьттан ден бакъо ца хилла ахархо лаьтта тӀиера эккхо ялта хьокхучу хенахь, ахархочун бакъо ца хилла шен дакъа дита, лаьттан ден декхар ялта чугулдинчул тӀаьхьа дӀа ца луш. Иван III суьдан жайно хӀоттийна ахархой дӀабахаран цхьа хан, шинне агӀоне вовшешца чот ян лур йолуш. Иза ши кӀира хилла Юрин денна (26 ноябрь) хьалхара а, тӀаьхьара а.

Маьрша стаг ахархо хуьлуш хилла цуо нох декъа тӀе доккхушшехь (аьлчи а волалуш хилла латта лелорехь пачхьалкхан декхар кхочуш дан), ахархо волчура дӀаволуш хилла латта а дитина, кхин болх болийча.

Пхеа шарахь лахаран Омаро 24 ноябрехь (4 декабрехь1597 а дӀадоккхуш ца хилла ахархо «дӀавахар» (латтан дех дӀаваха), ахархой латах боьхкуш ца хилла. Оцу акто билгалдоккхуш хилла ведда ахархо юхаверзор хьалхалерачу лаьттан дена, нагахь дӀавахар нисделлехь пхеа шарахь 1 (11) сентябрехь 1597 кхачале. Омаро шайн лаьттан дай Юрийн де а доцуш, декхар дӀа а ца луш дӀабахана буьйцу ахархой буьцу. Амма, дешаран говза ца хиларна я хьал гӀо хиларна сих-сиха йохайора "Юрийн дийнан" бакъо.

Паччахь Алексей Михайлович волуш 1649 шарахь Гуламан сацамо боьхку ахархой латтах гуттаренна а (ахархо дӀаваха йиш ца хилар), лаьттан ден чӀагӀо а ло (лаьттан ден шен латта тӀехь волчу ахархочун тӀехь Ӏедал хилар).

Амма, Гуламан сацамо бакъо ца ло лаьттан дена ахархо вен а, лаьттан дакъа доцуш вита а. Бакъо ло ахархо цхьаьна дегара кхечунга дӀавала а, амма ахархо юха лаьтта тӀе хао веза, бала беза дахарехь оьшу бахам.

1741 шарахь латтан дайн ахархой байӀатах мукъа боху, гӀопалле эгна ахархойн дола бахаран монополизаци олаллин карайоьду, гӀопаллин бакъо яьржа массо а доларчу ахархойн тӀегӀанашна; XVIII бӀешеран 2-гӀа дакъа — Россера гӀопаллин бакъо чӀагӀъяре хьажийна пачхьалкхан законаш кхоллар кхиаран чеккхенгара мур.

Амма мехкан доккхаха долчу декъехь, оьрсийн Къилбаседехь, Уралан регионан доккхаха долчу декъехь, Сибрехахь (цигахь юьртан бахархойн коьрта масса яра Ӏаьржанохь долу ахархойх, тӀаккха пачхьалкхан ахархой), къилба гӀазакхийн областашкахь гӀопаллин бакъо ца яьржира.


Россехь ахархой гӀопалле бохкаран хронологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Россехь ахархой гӀопалле бохкаран йоцца хронологи иштта ган мегар ду:

  1. 1497 шо — цхьаьна латтан дегара кхечунга дехьаваларан бакъон бехкамаш юкъабахар — Юрийн де.
  2. 1581 шо — Цхьацца шерашкахь ахархой дӀабаха ца магадар — «дихкина шераш».
  3. 1590-гӀа шераш — Дуьззина Юрийн де дӀадаккхар.
  4. 1597 шо — Лаьттан ден ведда ахархо 5 шарахь лаха, иза ден юхаверзо бакъо — «Ӏамолийн шераш».
  5. 1637 шо — Ведда ахархо лахаран хан тӀетоьхна 9 шаре кхаччалц.
  6. 1644 шо — Ведда ахархо лахаран хан тӀетоьхна 10 шаре кхаччалц, ткъа нуьцкъала кхечу лаьттан дайша арабаьхнарш — 15 шо кхаччалц.
  7. 1649 шо1649 шеран гуламан сацамо дӀадаьхна Ӏамолийн шераш, иштта чӀагӀдина бевдда ахархой лахаран хан дӀаяккхар. Цу тӀе хӀоттадора декхар къайлавоккху лаьттан дас мах бала безара шен воцу ахархочун къинхьегам лелабарна.
  8. 17181724 шерашял яларан хийцамаш, чеккхенца бихкира ахархой латтах.
  9. 1747 шо — Лаьттан дена бакъо елира шен гӀопаллернаш бохка помещику салтий бан муьлххачунна а.
  10. 1760 шо — Лаьттан дена бакъо елира ахархой Сибреха бахийта.
  11. 1765 шо — Лаьттан дена бакъо елира ахархой Сибреха бахийтина ца Ӏаш, уьш каторган белхашка хьажо а.
  12. 1767 шо — Ахархошна дихкира шен латтан дена император-аьзнига я императоре арз дан.
  13. 1783 шоАьрру бердан Украинехь гӀопаллин бакъо меттахӀоттор.

Россера гӀопаллин бакъо дӀаяккхар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн боккхаха болчу мехкан декъа тӀехь кӀезиг бара гӀопаллийн нах (амма гӀопаллин бакъо яра — шен гӀопаллин лайшца Сибреха веанчу латтан дас ца йойура оцу нахах шен луург дан шен бакъо долчу законашца): дерриг а сибрехан, азин, генара малхбален губернешкахь а, областашкахь а, гӀазакхийн областашкахь а, Кавказехь а, Финляндехь а, Аляскехь а. ГӀопаллин бакъо дӀаяккха кечвеллера Александр I. 1816—1819 шерашкахь гӀопаллин бакъо дӀа а яьккхина, кхин юкъа ца яьккхина губернеш хилира Курлянди, Лифлянди, Эстлянди. Амма цул тӀаьхьа и болх сацийра 42 шеран.

1861 шарахь Россехь йира реформа, цуьнца дӀаяьккхира гӀопаллин бакъо. Реформан коьрта бахьна хилира гӀопаллин системан къоьлла. Цул сов, ССРС историкаш гӀопаллин ахархоша болх ледар бар бахьна лору. Экономикан бахьнехь туху иштта дуладелла революцин хьал, оцу хьоло ахархойн чкъор бахаман реза ца хиларна ахархойн тӀеме буьгура. ЧӀагӀбелла ГӀирман тӀом бахьнехь, ахархой реза ца хиларан хьолехь, правительствон коьртехь Александр II-гӀаниг волуш бахара гӀопаллин бакъо дӀаяккхаран новкъа.

ССРСн колхозан политикан резабоцучара «гӀопаллин бакъо» термин лелор[нисъе бӀаьра | нисъе]

Наггахь «ахархой латта тӀебехкаран»[10][11][12] а, «гӀопаллин бакъо»[13][14] а терминаш лелайо Сталинан урхалла долчу Российн колхозан системин (дуьххьара, схьагарехь, иза дина аьтту коммунистийн коьртех цхьаъ волчу Бухарина 1928 шарахь), цуо дуьйцург XX бӀешеран 30-гӀа шерашкахь юкъадаьккхина ахархой маьрша дӀасалела цабитар дара, ткъа иштта сурсаташ латтор тӀедиллар (ша тайпана «ясакх») дара колхозашна, болхбар дара пачхьалкхан латта тӀехь (ша кепара «элан вацар») совхозашкахь.

Мехкашкахула гӀопаллех бозуш хилар дӀадаккхаран официалан терхьаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀопаллин бакъо официалан сацор, даиман а ца хуьлу иза боккхъала а дӀаяккхар, цул сов ахархойн дахаран хьолаш тодар муххале а

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. Класс сервов, или рабов
  2. Encyclopaedia Britannica. Disappearance of Serfdom
  3. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. Освобождение класса крепостных
  4. Peter Pierson. The History of Spain. Greenwood Publishing Group, 1999. P. 37.
  5. Рафаэль Альтамира-и-Кревеа. История Испании. «Гвадалупская сентенция» и её последствия
  6. Dutch term – Horige
  7. The History of Northwestern Europe > Villages and Serfdom 800 – 1300
  8. Тимочко Н. О. Економічна історія України: Навч. посіб. — К.: КНЕУ, 2005. — 204 с. ISBN 966-574-759-2
  9. Игвар Андерсон. История Швеции. Москва, 1951 год, Издательство иностранной литературы.
  10. Головатенко А. И. История России: спорные проблемы: пособие для поступающих на гуманитарные факультеты. — М: Школа-Пресс, 1994. (под эгидой Федеральной целевой программы книгоиздания России) ISBN 5-88527-028-7
  11. Борисов Н. С., Левандовский А. А., Щетинов Ю. А. Ключ к истории Отечества: Пособие для абитуриентов. — М: Изд-во Моск. ун-та, 1995. (печатается по постановлению Редакционно-издательского совета Московского университета) ISBN 5-211-03338-8
  12. Горинов М. М., Горский А. А., Дайнес В. О. История России с древности до наших дней: Пособие для поступающих в ВУЗы. (рекомендовано к изданию Государственным комитетом Российской Федерации по высшему образованию; под эгидой Федеральной целевой программы книгоиздания России) ISBN 5-06-003281-7
  13. Романюк Ф. Мысли и воспоминания. Крепостное право в СССР
  14. Александров К. Второе крепостное право

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]