Чулацаман тӀегӀо

Александр I

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Александр I Павлович
оьрс. Александр I
Александр I Павлович
Дин керста
ДӀавоьллина
Тайпа Гольштейн-Готторп-Романовы[d]
Да Павел I[d][1]
Нана Мария Фёдоровна[d][1]
Зуда Елизавета Алексеевна[d][1]
Бераш Мария Александровна[d][1][2], Лукаш, Николай Евгеньевич[d][2], Елизавета Александровна[d][2], Зинаида Дмитриевна Нарышкина[d][2], Софья Дмитриевна Нарышкина[d][2], Нарышкин, Эммануил Дмитриевич[d][2], Мария Александровна Парижская[d][2], Александрова, Вильгельмина Александрина Паулина[d][2], Густав Эренберг[d][2], Maria (?)[d][2], Николай Васильевич Исаков[d][2]
Динлелор керста
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
орден Подвязки кавалер Большого креста Военного ордена Марии Терезии орден Святого апостола Андрея Первозванного орден Святого Георгия IV степени кавалер ордена Святого Александра Невского рыцарь ордена Золотого руна орден Чёрного орла орден Святого Людовика кавалер Большого креста ордена Почётного легиона орден Святого Губерта орден Серафимов орден Слона орден Белого орла орден Святого Станислава командорский крест ордена Virtuti Militari Высший орден Святого Благовещения кавалер Большого креста Военного ордена Вильгельма орден Вюртембергской короны орден Святого Януария Константиновский орден Святого Георгия кавалер Большого креста ордена Святого Фердинанда и Заслуг орден Верности кавалер ордена Святого Духа орден Красного орла 1-го класса рыцарь ордена Святого Михаила орден Святого Иоанна Иерусалимского орден Белого сокола Железный крест 2-го класса Большой Крест Тройного ордена медаль «За любовь к Отечеству»
ЦӀе мудир[d], инарла-фельдмудир[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Алекса́ндр I Павлович (12 (23) декабрехь 1777, Петербух19 ноябрехь (1 декабрехь1825, Таганрог) — Российн барамера-либералан хийцамаш бинаЙерригроссийн Император а, Паччахь а (12 (24) мартехь 1801 шарахь дуьйна), Финляндин сийлахь эла (1809 шарахь), Полякий паччахь (1815 шарахь дуьйна). Оьрсийн историографехь йелла башха эпитет — «Декъала хилла». Екатерина II-чун кӀентан кӀант.

Императоран Павел I-чун а, Мария Фёдоровнин воккхаха волу кӀант[3].

Урхаллин йуьххьехь Къайлаха комитето а, М. М. Сперанскийс а кхечбина хийцамаш бира. Арахьара политикехь лаьттара Йоккха Британин а, Францин а йукъахь. 1805—1807 шерашкахь дакъа лецира французашна дуьхьалара коалицешкахь. 1807—1812 шерашкахь цхьаьна ханна герга вахара Францина. Аьттонца тӀемаш бира Туркойчоьнца (1806—1812), Персица (1804—1813), Швецица (1808—1809). Александр I волуш Россех схьатоьхна Малхбален Гуьржийчоьнан (1801), Финляндин (1809), Бессарабин (1812), Варшавин герцогалла (1815) хилла мехкаш. 1812 шеран Даймехкан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа 1813—1814 шерашкахь коьрте хӀоьттира французашна дуьхьалара коалицина. Бонапарт Наполеон I-чун толамхо: 1814 шеран 31 мартехь коьртехь Александр I волу коалицин эскар Париже чуделира. 1814—1815 шерийн Венин конгрессан а, Сийлахь барт коьллинчех а куьйгалхойх цхьаъ.

Дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь сих-сиха олура Ӏарш йитина, «дуьненна гена вала» волу олий, оцу балхо иза цӀеххьана Таганрогехь велча «воккха стегах Фёдор Кузьмичах» легенда кхолладелира. Оцу легендица, Таганрогехь вала а велла дӀа Александр ца воьллина, ткъа цунах тераниг воьллина, император кхин а дуккха а вехира воккха стаг-халбатхо хилла, ткъа вела 1864 шарахьу[4].

Дуьненнна тӀевалар а, цӀе а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Александр вина 12 (23) декабрехь 1777 шеран 11 сахьт даьлча Ӏаьнан гӀалахь[5]. Иза Ӏаьршан когаметта волчу сийлахь элин Павел Петровичан а, сийлахь стун Мария Фёдоровнин а доьзалехь хьалхара бер дара.

Сийлахь эла дуьненна тӀеваларх хьокъехь 12 (23) декабрехь 1777 шеран «Петарбухан ведомосташ» газетахь зорбатоьхна хааман[6]:

ХӀокху Декабран 12 дийнахь делкъал хьалха 11 сахьт даьлча, Цуьнан Императоран Локхалла Паччахь-аьзнис Сийлахь Стуно МАРИЯ ФЕДОРОВНас доьзалхо вина. Цуьнан ИМПЕРАТОРАН СИЙЛАЛЛН йуьхьанца санна, хӀинца а йерриг Паччахьан керт а, йерриг Импери а хазахетта йу Цуьнан Императоран Локхалла Паччахьан Сийлахь Эла варца, цунна цӀе йелла АЛЕКСАНДР, оцу Боккха кхаах лаьцна сихха хаийтира ГӀалин тӀехула Штандарт айарца а, шинне а гӀап тӀера 201-за йоккха топп кхоссарца а.

Шен кӀентан берех цхьаьнна Екатерина II-гӀачо Константин цӀе тиллира Константин Сийлахьволчун цӀарах, кхечунна — Александр Невин Александран цӀарах[7]. Оцу харжамца дог дохура, Константина туркойн карара Константинополь мукъайоккхур йоккхур хиларх, ткъа керла веина Македонин Искандар керлачу империн паччахь хиларх[8]. ЙухаметтахӀотто дагахь болу Желтойн империн Ӏарш тӀехь цунна ган лаьара Константин[9].

«Аша боху, — йаздора Екатеринас барон Ф. М. Гриммега, — цуо харжа деза, хьаннах тера хила веза: турпалхочух (Македонин Искандарех) йа сийлахь (Невин Александрах) волчух. Шуна, схьагарехь, ца хаьа, вайн сийлахьверг турпалхо хиллий. Иза хилла доьналлин тӀемло, онда урхалча а, кадолу политик а, тоьлла хилла бисина берриг дакъойн элелла, шен заманхойл… Иштта, со реза йу, эла волчу Александран харжам хиларна, цуьнан шен хьуьнарех бозу цуо дӀахьур болу некъ — сийлаллин йа турпалаллин».

Васт говзаллехь[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кинохь[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арахьара видеофайлаш
Александр I Павлович - "Лукавый ангел". Документальный фильм из цикла "Русские цари"

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 Г. Александр I // Энциклопедический лексиконСПб.: 1835. — Т. 1. — С. 469—480.
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Lundy D. R. The Peerage (инг.)
  3. Александр I (Российский гуманитарный энциклопедический словарь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 март. Архивйина 2017 шеран 25 мартехь
  4. Сахаров А. Н. Александр I. — М.: Наука, 1998. — 287 с. — ISBN 5-02-009498-6.
  5. РГИА. Ф. 516 (Камер-Фурьерские журналы). Оп. 1 (28/1618), Д. 54 (Камер-Фурьерские Журналы Придворного Двора. Церемониал. 1777 г.)
  6. Санкт-Петербургские ведомости. — 1777. — № 100 (15 декабрехь).
  7. Шильдер Н. К. Император Александр Первый: его жизнь и царствование. Т. 1. СПб, 1897. С. 4.
  8. Архангельский А. Н. Александр I. — М.: Молодая гвардия, 2005. — 444 с. — С. 12. — (ЖЗЛ).
  9. Константин Павлович (Российский гуманитарный энциклопедический словарь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 март. Архивйина 2017 шеран 25 мартехь

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]