Чулацаман тӀегӀо

Гури (Гуьржийчоь)

41°58′ къ. ш. 42°12′ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Гури (мохк) тӀера хьажжина кхуза)
Мохк (АД 1-гӀа тегӀа)
Гури
гуьрж. გურია
41°58′ къ. ш. 42°12′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Гуьржийчоь
Адм. центр Озургети
Губернатор Зураб Насарая
Истори а, географи а
Кхоллар 1995
Латта

2033 км²

  • (10-гӀа меттиг)
Сахьтан аса UTC+4:00
Бахархой
Бахархой

110 524[1] стаг (2018)

  • (9-гӀа меттиг)
Луьсталла 56 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам гуьржий (98,07 %), эрмалой (1,08 %), оьрсий (0,50 %)[2]
Динан хӀоттам керста 86,75 %, бусулба 11,43 %[3]
Официалан меттанаш гуьржийн
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 GE-GU
Поштан индексаш 3500

Официалан сайт
Гури картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш


Гу́ри (гуьрж. გურია guria; гуьрж. გურიის მხარე guriis mxare) — Гуьржийчоьнан хӀинцалера административан мохк а, историн мохк а. Административан центр а, йокха гӀала а — Озургети.

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гури мехкан йукъахь йу кхоъ муниципалитет (2006 шо кхаччалц — кӀошт). 2016 тӀера 2018 шш. кхаччалц Озургети гӀалина муниципалитет статус йелира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала йара).

Муниципалитет байракх хӀост майда,
км²
бахархой
ларар
2002[4],
стаг
бахархой
ларар
2014[5],
стаг
бахархой
ларар
2018[1],
стаг
центр
Ланчхутин муниципалитет ХӀост ХӀост 533 40 507 31 486 30 804 Ланчхути гӀ.
Озургетин муниципалитет[6] ХӀост ХӀост 675 78 760 62 863 61 305 Озургети гӀ.
Чохатаурин муниципалитет ХӀост ХӀост 824 24 090 19 001 18 415 Чохатаури гӀкэ
Гури, ерриге 2033 143 357 113 350 110 524 Озургети гӀ.

ГӀаланаш: Озургети (14785 стаг, ларар 2014 ш.), Ланчхути (6395 стаг).

ГӀалин кепара эвланаш: Кведа-Насакирали (2898 стаг, ларар 2014 ш.), Лаитури (2697 стаг), Наруджа (2148 стаг), Чохатаури (1815 стаг), Уреки (1166 стаг).

«Гури» топоним дуьххьара карайо Псевдо-Джуаншер цӀе йолу гуьржийн хроникехь 800 шо герг[7].

1352 шарахь Гури маьрша феодалан мохк хилира Варданидзе-Дадиани цӀе йолу элийн тайпана, ткъа 1463 шарахь кхоллайеллира маьрша Гурин олалла. Оцу хенахь цуьна йукъадогӀуш дара хӀинцлерачу Аджари докха дакъа а Батуми гӀала а.

Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь)
[8][9]

стаг %
берриге 113 350 100,00 %
Гуьржий 111 168 98,07 %
Эрмалой 1228 1,08 %
Оьрсий 564 0,50 %
Украинаш 141 0,12 %
Азербайджанаш 34 0,03 %
ХӀирий 30 0,03 %
Желтой 28 0,02 %
Езидаш 17 0,01 %
Цигонаш (боша) 16 0,01 %
Абхазаш 10 0,01 %
берриге 114 0,10 %

Ӏосман империца тӀемаш гӀелйина Гури 1810 шарахь Российн протекторатан кӀелйахара, цул тӀехьа 1829 шарахь Российн империн йукъа йахара. 1819 а, 1841 а шерашкахь Гури махкахь гӀаттам иккхира[10].

1840 шарахь кхоьллира Гурин уезд Озургети гӀалахь центр а йолуш Гуьржийн-Имеретин губернина йукъахь. 1846 шарахь иза губерни дӀасаийикъира, Гурин уезд Кутаисин губернехь дӀатуьхира. Цуьна йукъахь мохк 1918 шо кхаччалц лаьттира. Оцу хенахь Гури 100% гуьржийн мохк бара, Российн имперера оьрсий йа кхидолу къаьмнаш кхузахь даьржина дацара.

XX бӀешеран йуьхьехь кхузахь йара Гурин республика[11].

1918 шарахь Гури Гуьржийн демократин республикин йукъа туьйхира, иштта иза лаьттира 1921 шеран марта кхаччалц.

Гуьржийн Советийн Республика (тӀаьхьо ССР Гуьржийчоь) кхоьллича Гурин уезд кӀезигчу хенахь ша йоллучохь йисира, цул тӀехьа 3 кӀошт йира. Мехкан коьрта гӀала — Озургети — 1929—1991 шерашкахь цӀе йара Махарадзе.

1995 шарахь Гуьржийчохь кхоьллира мехкаш, Гури хилира оцу мехкийн (мхаре) йукъара цхьаъ, мадарра аьлча историн цӀе официалан йукъайаькхира.

2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь бара 110 524 бахархой[1], 2014 шеран 1 январехь — 138 800 бахархой[12].

2014 шарахь ларарца 113 350 бахархой[5], 2002 шерахь ларарца — 143 357 стаг (пачхьалкхан бахархойх 3,3 %).

Гурин дукхахаболу бахархой бу гуьржий, этнографин тоба — гурийш (гурулеби).

Гурин кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014)[13]

муниципалитет[14] берриге гуьр-
жий
% эрм-
алой
% оьрс-
ий
% ук-
раин-
нш
% азер-
байд-
жанаш
% хӀир-
ий
% жел-
той
% Ези-
даш
% кхи %
Ланчхутин 31 486 31 135 98,89 % 102 0,32 % 157 0,50 % 35 0,11 % 8 0,03 % 5 0,02 % 12 0,04 % 0 0,00 % 32 0,10 %
Озургетин 62 863 61 096 97,19 % 1115 1,77 % 370 0,59 % 104 0,17 % 25 0,04 % 21 0,03 % 13 0,02 % 17 0,01 % 102 0,16 %
Чохатаурин 19 001 18 937 99,66 % 11 0,06 % 37 0,19 % 2 0,01 % 1 0,01 % 4 0,02 % 3 0,02 % 0 0,00 % 6 0,03 %
Гури, берриге 113 350 111 168 98,07 % 1228 1,08 % 564 0,50 % 141 0,12 % 34 0,03 % 30 0,03 % 28 0,02 % 17 0,01 % 140 0,12 %

Картин легенда:

Административан центр, 18 300 кхаччалц стаг.
5 000 тӀера 10 000 кхаччалц стаг.
2 000 тӀера 5 000 кхаччалц стаг.
1 000 тӀера 2 000 кхаччалц стаг.
500 тӀера 1 000 кхаччалц стаг.
200 тӀера 500 кхаччалц стаг.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 Численность населения краёв и муниципалитетов Грузии на начало года в 1994—2018 гг. (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 29 октября 2018. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 июлехь
  2. Религии по краям Грузии (Population by regions and religion). Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS) (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 29 апрель. Архивйина 2016-08-09 — Wayback Machine
  3. georgia-religion 2014
  4. Этнический состав Грузии по переписи 2002 года(ингалс.)
  5. 1 2 Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 General Population Census Main Results General Information). 2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 8 августехь Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  6. Озургети гӀала цани
  7. Rapp Stephen H. Studies In Medieval Georgian Historiography: Early Texts And Eurasian Contexts. — Peeters Bvba, 2003. — P. 427. — ISBN 90-429-1318-5.
  8. Национальный состав по краям Грузии (Total population by regions and ethnicity). Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS) (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  9. Национальный состав населения Грузии, его регионов и населённых пунктов по переписи населения 2014 года
  10. Yust, Walter (ed., 1952), The Encyclopædia Britannica - A new survey of universal knowledge. Volume 14, p. 6.
  11. Stephen F. Jones (2005), Socialism in Georgian Colors: The European Road to Social Democracy, 1883-1917, pp. 131-2. Harvard University Press, ISBN 0-674-01902-4.
  12. Оценка населения Грузии на 2004—2014 гг. по муниципалитетам по данным Департамента статистики Грузии (инг.). Архивйина 2014 шеран 22 июлехь
  13. georgia-ethnic-2014
  14. 2006 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан массо кӀошташ муниципалитеташ аьлла хийцина