Волейбол

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Волейбол
Сурт
Амал
ГӀирс буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Олимпан ловзарш 1964
Дуьненан чемпионат 1949 шо
Европан чемпионат 1948 шо
Дуьненаюкъара федераци
ЦӀе FIVB
Кхоьллина шо 1947 шо
Веб-сайт www.fivb.org
Кхуьнца йолу проекташ

Волейбо́л (инг. volleyball схьадаьлла volley — «тӀомахь тохар», ткъа ball — «буьрка») — спортан тайпа, командан спортан ловзар, ловзарехь ши команда къовсало бойца екъна йолу башха майданахь, буьрка дуьхьала болчеран агӀо хьажийна, иза церан майдан чу йожийта Ӏалашо йолуш цӀенкъанах а хьакхалуш, я дуьхьала йолчу командан ловзархочо гӀалат даккхийта Ӏалашо йолуш. Цу тӀе атака ян цхьаьна командан ловзархошна кхузза бен буьрканах хьакхабала ца мега (буьрка блоках кхетар ца лору).

Волейболан центран меже дуьненаюкъара спортан тайпа санна, бакъонаш билгалйохуш — Дуьненаюкъара волейболан федераци, FIVB(ингалс.) ю. Волейбол юкъайоьду Олимпийн ловзаршна 1964 шарахь дуьйна[1].

Волейбол — контакт йоцу, комбинацин спортан тайпа ду, майдан тӀаьхь хӀора ловзархочун ю шен-шен говзалла. Волейболах ловзархойн ладаме дикалла ю бойн тӀехула лакха кхоссавалар, реакци, координаци, физикан ницкъ эффектаца буьрка тохархьам.

Волейбол езачарна — даьржина ловзар а, садаӀаран хьесап а ду, шен ловзаран бакъонаш атта хиларна а, гӀирс эца атта хиларна а.

Волейболан дуккха а варианташ ю, коьртачу кепах къаьстина — пляжан волейбол (олимпийн кеп 1996 шарахь дуьйна), лайн тӀиера волейбол, мини-волейбол, пионербол, паркан волейбол (чӀагӀйина FIVB конгрессо 1998 шеран ноябрехь Токиохь)[2], хиина ловза волейбол (паралимпийн спортан кеп).

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Таханлера волейбол схьаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Уильям Морган

Волейбол юкъаяьккхинарг лору Уильям Дж. Морган, Холиок гӀалара (Массачусетс штат, АЦШ) Къуоначу керстачеран ассоциацин (YMCA) колледжан физикан киоран хьехархо. 1985 шарахь[3] спортан залехь цуо хьалаоьллира теннисан бой 198 см лакхахь, ткъа цуьнан дешархой, майдан тӀиера барам бихкина боцуш, дӀасакхийса буьйлабелира бойн тӀехула баскетболан буьрка. Моргана керлачу ловзарна цӀе тиллира «минтонет» аьлла. ТӀаьхьуо ловзар гайтира къуоначу керстачеран ассоциацин колледжийн конференцехь Спрингфилдехь, профессора Альфред Т. Хальстеда кховдорца керла цӀе елира — «волейбол». 1897 шарахь АЦШхь зорба туьйхира дуьххьарлера волейболан бакъонийн: майдан барам 7,6×15,1 м (25 x 50 фут), бойн локхалла 198 см (6,5 фут), буьркан гуо 63,5—68,5 см (25—27 дюйм), масса 340 г, майдан тӀиера ловзархойн барам а, буьрканах хьакхавалар а регламент юкъахь дацара, очко лорура шеш буьрка елчи, аьттонза буьрка елчи иза магара юха яла, ловзура партехь 21 очко кхаччалц.

Ловзар кхиаран процессехь цуьнан бакъонаш, техника, тактика гуттара тойора. Коьрта бакъонаш, дакъа царех вайн деношка евлла, кхоллаелла 1915—1925 шерашкахь: 1917 шарахь дуьйна парти ловзоран доза туьйхира 15 очкоца, ткъа бойн локхалла 243 см йира; 1918 шарахь билгалбаьккхира майдан тӀиера ловзархойн барам — ялх; 1922 шарахь дуьйна бакъо елла кхузза буьрканах хьакхабала; 1925 шарахь чӀагӀбина таханлера майдан барамаш, волейболан буьркан барамаш а, масса а. И бакъонаш лелайора Американ, Африкан, Европан мехкашкахь, ткъа оцу хенахь Азехь 1960-гӀа шераш тӀекхаччалц левзира шайн бакъонашца: исс я шийтта ловзархочунца 11×22 м майдан тӀаьхь ловзархойн меттигаш ца хуьйцуш ловзучу хенахь.

1922 шарахь дӀабаьхьира хьалхара дерриг къоман къовсамаш — Бруклинехь хилира 23 божарийн команда ловзу YMCA чемпионат. 1924 шарахь кхоьллира Чехословакин Баскетболан а, волейболан а союз — Европехь дуьххьарлера спортан волейболан кхоллам[4]. 1920-гӀа шерийн шолгӀачу декъехь кхоллаелира Болгарин, ССРСн, АЦШн, Японин къоман федерацеш. Оццу муьрехь кхуллу коьрта техникан кепаш — буьрка тохар, дӀаялар, тӀелетаран тохар, блок. Церан бух тӀаьхь кхоллало командан гӀуллакхан тактика. 1930-гӀа шерашкахь юкъаелира тобан блок а, страховка, хуьйцура тӀелатаран а, хӀиллан а тохарш. 1936 шарахь Стокгольмехь хиллачу дуьненаюкъара гандболан федерацин конгрессехь, Польшан векалш юкъадиллира волейболан техникан комитет кхоллар гандболан федерацин дакъа санна. Комисси кхоьллира, цунна юкъабахара Европан 13 мохк, Американ 5 мохк, Азин 4 мохк. Оцу комиссин декъашхоша коьртачех лаьрра тӀеийцира американ бакъонаш кӀеззига хийцамаш бина: дустарш дира метрин пропорцешкахь, буьрканах хьакхадала магийтира гӀодаюкъал лакхара муьлхха меже, блокехь буьрка хьакхаеллачун шолгӀа цунна тӀаьххье буьрканах хьакхавала ца магийра, зударшна бойн локхалла хӀоттийра 224 см, буьрка тохаран зона луьра доза тоьхна яра[5].

ТӀемал тӀаьхьара истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Лейпцигера кегийрхойн спортан Ӏида. Волейболан матч (1957)

ШолгӀа дуьненан тӀом (1939—1945) чекхбаьллачул тӀаьхьа дуьненаюкъара юкъаметтигаш шоръян йолийра. 1947 шеран 18—20 апрелехь Парижехь хилира Дуьненаюкъара волейболан федерацин (FIVB) хьалхара конгресс, цигахь дакъалецира 14 мехко: АЦШ, Бельги, Бразили, Мажарчоь, Мисар, Итали, Нидерландаш, Польша, Португали, Румыни, Уругвай, Франци, Чехословаки, Югослави, уьш хилира FIVB дуьххьарлера официалан декъашхой. 1949 шарахь Прагехь хилира дуьххьарлера божарийн командашна юкъара дуьненан чемпионат. 1951 шарахь Марселера FIVB конгрессехь чӀагӀйира официалан дуьненаюкъара бакъонаш, ткъа цунна юкъахь кхоьллира арбитражан комисси, ловзаран бакъонаш йоху а, тойо а комисси. Ловзархой хийца бакъо а елира, партешкахь тайм-ауташ эца бакъо а елира, божарийн а, зударийн а командийн матчаш буьйлабелира 5 партех ян.

FIVB хьалхара президент хаьржира французийн архитектор Либо Поль, тӀаьхьа масийттаза юха хаьржира оцу дарже 1984 шо кхаччалц. 1957 шарахь Дуьненаюкъара олимпийн комитетан 53-гӀа сессехь волейбол кхайкхийра олимпийн спортан кеп; 58-гӀа сессехь сацам бира волейболан къийсамаш божарийн а, зударийн а гулйинчу командашна юкъахь Токиохь XVIII Олимпиадан ловзаршкахь бан. Токион Олимпиадал тӀаьхьа хаъал хийцамаш бира ловзаран бакъонашна юкъахь — блок ечарна бакъо елира куьйгаш бойн тӀехула мостагӀчун агӀора дехьадаха, блок йинчул тӀаьхьа шозлагӀа буьрканах хьакхавала. 1970 шарахь юкъаяьхна бойн йисташкара антеннаш, 1974 шарахь юкъадевлира суьдхойн можа а, цӀиен а карточкаш.

1960—1970-гӀа шерашкара дуьненаюкъара къийсамашкахь уггаре дукха кхиамаш хилира къоман гулйина командийн: ССРСн, Чехословакин, Польшан, Румынин, Болгарин, Японин. Зударшна юкъахь москохан Олимпиада-1980 кхаччалц уггаре ладаме гуора къийсамаш советийн а, японин а ишколийн — ССРСн а, Японин а гулйина командаша къийсира вовшенца дешийн мидалш хьалхарчу деа олимпийн турнирашкахь, шишша толам а баьккхира. Билгала кхиамаш дехира Польшан а, ГДРн а, Румынин, Чехословакин, Къилбаседан а, Къилба а Корейн гулйина командаша. 1978 шарахь даиман болу хӀиттийна зударийн волейболера ницкъаш бохийра Кубан гулйина командо, цхьанне дагахь а доцуш, мостагӀчул алсама тоьлуш йолуш, схьаяьккхира Советийн Союзехь хилла дуьненан чемпионат.

1980—1990-гӀа шерашкахь ловзар кхиар[нисъе бӀаьра | нисъе]

1984 шарахь Либо Поль FIVB президентан даржера хийцира Мексикера адвоката, доктора Акоста Рубена. Акоста Рубена кховдорца дуккха а хийцамаш бина ловзаран бакъонашкахь, уьш хьажийна бара волейболан къовсаман хазалла а, «телегенилла» а айа, матч яцъеш. Сеулера Олимпийн ловзарш-1988 долалуш хилира FIVB XXI конгресс, цигахь тӀеийцира регламентан хийцамаш коьрта пхеалгӀа партех: иза ловзо йолийра «ралли-пойнт», я «тай-брейк» («ловзор — очко») системехь, 1990-гӀа шерашкахь иштта хӀоттабора 17 очкон «тхьов» хьалхарчу йеа партин (аьлча а церан таро яра партии чекхъяккха 1 очко сов йолуш, чот 17:16 йолуш). Эксперимент йира волейболан партин хенаца доза тухуш[6], амма 1998 шеран октябрехь Токиохь FIVB конгрессехь тӀеийцира кхин а алсама революцин сацам — ловза «ралли-пойнт» системица хӀора парти: хьалхара йиъ 25 очко кхаччалц, пхоьалгӀаниг — 15 кхаччалц. 1996 шарахь бакъо елла буьрканах муьлхха а дегӀан меженца хьакхавалар (царна юкъахь когаца а), 1997 шарахь FIVB кховдийра къаьмнийн гулйинчу командашка шайн юкъа тоха либеро ловзархо.

Компьютеран ловзарийн сереш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. VolleyBall equipment and history (ингалс.). Официальный сайт МОК. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
  2. Разновидности волейбола. Спорт без границ. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
  3. Volleyball History (ингалс.). Официальный сайт FIVB. Теллина 2015 шеран 10 февралехь.
  4. Historie: Počátky volejbalu v Praze (чех.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Volejbal-metodika.cz (23 февраля 2010). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 октябрехь. Теллина 2013 шеран 16 октябрехь.
  5. История волейбола. Портал «Волейбол нашего тысячелетия». Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
  6. Лимит времени может произвести переворот. Спорт-Экспресс (15 ноября 1997). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Волейбол // Спортивные игры: Техника, тактика, методика обучения / Под ред. Ю. Д. Железняка, Ю. М. Портнова. — 2-е изд. — М.: Академия, 2004. — С. 89—159. — 5100 экз. — ISBN 5-7695-1749-2
  • Волейбол // Спортивные игры: Совершенствование спортивного мастерства / Под ред. Ю. Д. Железняка, Ю. М. Портнова. — М.: Академия, 2004. — С. 5—95. — 30 000 экз. — ISBN 5-7695-1411-6
  • Волейбол / Под общ. ред. А. В. Беляева, М. В. Савина. — 4-е изд. — М.: ТВТ Дивизион, 2009. — 360 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-98724-059-5
  • Кунянский В. А. Волейбол: О некоторых аспектах игры и судейства. — М.: ТВТ Дивизион, 2009. — 72 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-98724-066-3
  • Спортивные игры / Под ред. В. В. Марущака. — М.: Воениздат, 1985. — 269 с. — 30 000 экз.
  • Кеп:Книга:Волейбол: Справочник, 1984
  • Клещёв Ю. Н. Волейбол. — М.: Физкультура и спорт, 2005. — 399 с. — 3000 экз. — ISBN 5-278-00740-0
  • Ивойлов А. В. Волейбол : Очерки по биомеханике и методике тренировки. — М.: Физкультура и спорт, 1981. — 152 с.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кеп:ФИВБ