Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
XXII аьхкенан Олимпийн ловзарш
Эмблема
Шахьар-дӀахьуриг Байракх ССРС Москох, ССРС
Мехкаш-декъашхой 80[1]
Къовсу мидалш 203 комплект 21 спортан тайпанехь
ДӀайелларан церемони 1980 шеран 19 июлехь
ДӀакъовларан церемони 1980 шеран 3 августехь
Олимпийн цӀе Белов Сергей
Стадион Йуккъера В. И. Ленинан цӀарах стадион
← 1976
1984 →
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Олимпийские кольца
1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарш

1980 шеран XXII Аьхкенан Олимпийн ловзарш (официалан цӀе — XXII Олимпиа́дин ловзарш) дӀадаьхьира Москохахь, ССРС коьрта шахьрахь, 1980 шеран 19 июлера[2] 3 август кхаччалц[3]. Уьш исторехь дуьххьарлера Олимпийн ловзарш дара Малхбален Европехь, кхин а социалистийн махкахь дӀадаьхьна дуьххьарлера Олимпийн ловзарш.

Олимпиадин-1980 къийсамийн цхьа дакъа дӀадаьхьира Советийн Союзан кхечу шахьаршкахь, масала: гатанан регата хилира Таллинехь (ЭССР); хьалхара ловзарш а, футболан турниран чийрифиналаш хилира Киевхь (УССР), Ленинградехь (РСФСР), Минскехь (БССР); дӀандаргийн герз тохаран къийсамаш хилира герз тохар къовсаран меттигехь «Динамохь» Москохан бухарчу Мытищехь (РСФСР).

Ловзарш гӀарадевлла кхин а, 60 сов мехко Олимпиадин байкот йарна 1979 шарахь советийн эскар ОвхӀанан тӀелата бахьнехь[4][5][6]. Ловзаршна бойкот йинчу мехкашкара цхьаболу спортхой Москоха баьхкира, дакъа а лецира Олимпийн байракх кӀелахь[7]. Цул хьалхара бойкот йира 29 африкин мехко Монреалан Олимпиадин-76в, цул тӀаьхьара бойкот йира Советийн Союзо а, кхин 13 мехко а 1984 шеран Лос-Анджелесера аьхкенан Олимпийн ловзарш[8].

Олимпиадин коьрта шахьар харжар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара Москохахь Олимпийн ловзарш даран ойла хӀоьттинера ССРС Спорткомитетан председателан Павлов Сергейн 1969 шеран апрелехь. Амма 1970 шеран 12 майхь 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн коьрта шахьран харжамашкахь, Амстердамехь, туьйлира канадин Монреаль.

Кхин а масех шо даьлча Павловс тешийра мехкан куьйгалла Москохан кандидатура кхин цкъа а хӀотто йезарх. 1980 шеран Олимпийн ловзарийн коьрта шахьар харжаран сацам Дуьненайукъара олимпийн комитето тӀеийцира 1974 шеран 23 октябрера 75-гӀа сессехь Венехь.

Павлов Сергейн дуьненайукъара спортан аренера лерам, советийн мехках а, цуьнан спортхойх а хаа лааран хьашт алсамдалар, кхин а ДОК декъашхошца йолу доттагӀаллин йукъаметтигаш бахьнехь, башха йукъаметтигаш барон Эдуард фон Фальц-Фейнца (Лихтенштейн) а, Вилли Даумеца (ФРГ), толам бисира Москохехь. Кхажтасаран тӀаьхьарчу муьрехь ДОК декъашхойн харжам бан бийзира Лос-Анджелесна а, Москохна а йукъахь, жамӀехь 39 кхаж 20 дуьхьала Москох туьйлира. Дуьххьара аьхкенан Олимпийн ловзарш хила дезара социалистийн махкахь.

1975 шеран мартехь кхоьллира Кхолкомитет «Олимпиада-80» куьйгаллехь Новиков Игнатий а волуш, цунна ССРС Олимпийн комитето дӀайелира Олимпийн ловзарш кечам баран а, дӀадахьаран а бакъонаш а, функцеш а. Олимпиадин штаб охьахиира Москохан йуккъехь — Горькийн урамера, № 22а цӀенна чохь. ДОК 79-гӀа сессис (1977 шеран июнехь, Прагехь) Москохара Олимпиадин XXII ловзарийн къийсамийн программа-раж чӀагӀйира.

Кхажтасаран жамӀаш
Кандидаташ Мохк 1-ра раунд
Москох ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС 39
Лос-Анджелес АЦШFlag of the United States.svg АЦШ 20

Олимпийн цӀеран эстафета[нисйе бӀаьра | нисйе]

Москохан Олимпиадин Олимпийн цӀеран эстафетин хаьштиг

Муьлхха олимпиадин сийлалла йу олимпийн цӀе. Ловзарш доладала бутт бисчи дӀайоьллу Европехь уггаре йоккха хьешан цӀийнан комплекс Измайлово — 4 отель а, йезаатлетийн манеж а. 1980 шеран 19 июнехь, Ловзарш доладала бутт бисчи, ламастехь олимпийн цӀе латийра желтойн Олимпехь. Эстафетин йукъара йохалла хилира 5000 км[9]. Желтойчоьнан латан тӀехулара эстафетин муьран йохалла — 1170 км (чекхйалара Олимпехула, Патрашхула, Коринфехула, Афинехула, Фивашкахула, Ларисехула, Верехула, Салоникашкахула, Серехула). Болгарин махкахула цӀеро некъ бира 935 км (Благоевградехула, Софияхула, Пловдивехула, Шипкехуа, Велико-Тырновохула, Плевенехула, Русехула). Румынин муьран йохалла — 593 км (Джурджухула, Бухарестехула, Плоештехула, Бузэухула, Бакэухула, Романехула, Яссехула)[9].

ССРС махкахула цӀеро некъ бира 2302 км[9]. 1980 шеран 5 июлехь цӀе Советийн Союзан дозанал сехьайелира Молдавин ССР Леушены поселкан кӀоштахь, цигаш чекхйаьлла иза хилира оцу республикин Кишинёвхь а, Бельцы а шахьаршкахь. Украинийн ССРехула маршрут йиллинера Черновцехула, Хмельницкехула, Винницехула, Житомирехула, Киевехула, Лубнехула, Полтавехула, Чутовохула, Харьковехула. РСФСРехулара эстафетин некъ боьдура Белгородехула, Курскехула, Кромехула, Орёлехула, Тулехула, Серпуховехула, Подольскехула[9]. Подольск тӀаьххьара гӀала хилира хаьштиглелочеран новкъахь — 17 июлехь шахьрин урамашкахула ведира 500 стаг гергга, Ловзарийн хаьштиг зӀенца хӀора 2,5 км дӀа луш.

ПӀераска, 18 июль. ЦӀеран эстафетин чаккхенан мур. Москохахь, эстафетин некъ хилира 54 км гергга, хаьштиган дуьхьала баьхкира Минскан а, Можайскано шоссеш цхьаьнакхетачохь, цул тӀаьхьа цӀе йаьхьира Триумфан нартол чухула Кутузовн проспект тӀехула, Октябран 50 шо кхачаран майдане, цигахь хилира ДОК, спортан федерацийн, Москохан администрацин векалша дакъа лоцуш даздаран церемони. Ловзарш дӀаделла йисинчу буса цӀеро йаьккхира Горькийн урамера Москхеташонан гӀишлон чохь. Шот — 19 июлехь москохахошна а, коьрта шахьран хьешашна а довха деира — 22 градус йовхо, йекхна. ДӀайелларан официалан церемони йолайелира 16:00. ДӀайоьллучу дийнахь цӀе йаьхьира Марксан проспектехула, Волхонкехула, Метростройн урамехула, Комсомолан проспектехула, цул тӀаьхьа хаьштиглелориш 18:45 гӀоьртира Лужникашка. Лужникашкара йоккха аренера Олимпийн кад хаьштиган алунах латийра ССРС баскетболан чемпиона Белов Сергейс. Ловзарийн старт йелира нисса 19:00.

Олимпийн цӀеран маршрут[нисйе бӀаьра | нисйе]

Олимпийн цӀеран эстафетин маршрут поштан блокехь Кеп:CPA (Mi #5008) (ССРС, 1980 шо)
  1. 21 июнехь — Желтойчоьнан байракх Афин (Желтойчоь)
  2. 26 июнехь — Кеп:Болгарин байракх (1971—1991) Софи (Болгари)
  3. 1 июлехь — Кеп:Румынин байракх (1965—1989) Бухарест (Румыни)
  4. 5 июлехь — Кеп:Молдавийн ССР байракх Леушены (Молдавийн ССР), цӀе дехьайаьлла ССРС дозанал
  5. 6 июлехь — Кеп:Молдавийн ССР байракх Кишинёв (Молдавийн ССР)
  6. 11 июлехь — Кеп:УССР байракх Киев (Украинийн ССР)
  7. 13 июлехь — Кеп:УССР байракх Харьков (Украинийн ССР)[10]
  8. 16 июлехь — Кеп:РСФСР байракх Тула (РСФСР)
  9. 17 июлехь — Кеп:Байракх РСФСР Подольск (РСФСР)

Эшарш а, эстрадин лоьмарш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Телепередачаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 81-я страна, Либерия, участвовала в церемонии открытия, но спортсмены в соревнованиях участия не принимали
  2. Logo YouTube por Hernando (2005-2011).svg Олимпиада-80. День открытия (1980)
  3. Logo YouTube por Hernando (2005-2011).svg Олимпиада - день закрытия. Олимпиада-80 (1980)
  4. Кенан Алиев Организатор бойкота Игр-1980: «Олимпиада – это всегда политика»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Радио «Свобода» (2008, 31 март). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 25 августехь. Теллина 2010 шеран 18 июлехь.
  5. Таллин — город олимпийский(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  6. Олимпиада-80: Спорт, победивший политику(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  7. Артём Кречетников Бойкот Олимпиады: эффективная мера или акт бессилия?(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). BBCRussian.com (2008, 25 июль). Теллина 2010 шеран 21 июлехь.
  8. Лос-Анджелес 1984 на сайте МОК (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). МОК. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 25 августехь. Теллина 2010 шеран 18 июлехь.
  9. 1 2 3 4 Games of the XXII Olympiad Moscow 1980.Official Report of the Organising Committee of the Games of the XXII Olympiad(ингалс.) / Editor-in-chief I. T. Novikov. — Moscow: Fizcultura i Sport, 1981. — Vol. 2. Organisation. — P. 261, 262. — 600 экз.
  10. Кеп:Книга:Харьков 350
  11. Logo YouTube por Hernando (2005-2011).svg Тынис Мяги "Олимпиада". Песня - 80 (1980)
  12. Николай Гнатюк Олимпиада-80 — YouTube(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  13. Темп — София Ротару — MOSKVA.FM(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 2 апрелехь. Теллина 2020 шеран 1 февралехь.
  14. «Темп»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  15. SovMusic.ru — Стадион моей мечты(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  16. SovMusic.ru — Старт даёт Москох(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  17. Л. Сенчина и Р. Ибрагимов — Старт даёт Москох. — YouTube(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  18. Старт даёт Москох(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  19. SovMusic.ru — Самодеятельность: Старт даёт Москох(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  20. 1 2 «Ритмы Олимпиады» (1980) — YouTube(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  21. Эдуард Хиль Пять колец — YouTube(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  22. Самоцветы — Пламя — песня: Молодцы (ВИА «Пламя»)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 8 апрелехь. Теллина 2014 шеран 24 февралехь.
  23. SovMusic.ru — Олимпиада, спорт, Москох(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  24. SovMusic.ru — До свиданья, Москва(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  25. Пародия-80(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  26. «Здравствуй, Олимпиада!» Фильм-концерт 1980 г.(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Антология российского олимпийского движения : посвящается 40-летию Игр XXII Олимпиады 1980 года в Москве и 15-летию Фонда поддержки олимпийцев России / под редакцией Смирнова В. Г. [и др.] ; Фонд поддержки олимпийцев России. — М.: НБО "Фонд поддержки олимпийцев России : Литературная газ., 2020. — Т. 1. — С. 241-294. — ISBN 978-5-00170-236-8.
  • Бабайцев А. В. Московская олимпиада: торжественный марш архетипов // Человек. — 2005. — № 3. — С. 137—144.
  • Вагина М. Ю. Олимпийн ловзарш 1980 г. как урбанистический прорыв // Время, вперед! Культурная политика в ССРС / под ред. И. В. Глущенко, В. А. Куренного. — М.: Издательский дом НИУ ВШЭ, 2013. — С. 243-259. — ISBN 978-5-7598-1082-7.
  • Ищенко А. М. АСУ "Олимпиада-80" // Всеобщая история. — 2010. — № 2. — С. 49-58.
  • Ищенко А. М. Опыт создания автоматизированных систем управления олимпийскими играми на примере АСУ "Олимпиада-80" // История науки и техники. — 2012. — № 10. — С. 36-43.
  • Олимпийские игры 1980 в Москве, ХХII летние // Иванян Э. А. Энциклопедия российско-американских отношений. XVIII—XX века. — Москох: Международные отношения, 2001. — 696 с. — ISBN 5-7133-1045-0.
  • Орлов И. Б., Попов А. Д. Олимпийский переполох : забытая советская модернизация. — М.: Издательский дом Высшей школы экономики, 2020. — [12] л., 453, [1] с. — ISBN 978-5-7598-2165-6.
  • Пономарев И. Н., Иванов Л. А. О строительстве и реконструкции сооружений и объектов в ходе подготовки игр XXII Олимпиады в Москве // Строительные материалы, оборудование, технологии XXI века. — 2007. — № 10. — С. 56-60.
  • Попов А. Д. «Марафон гостеприимства». Олимпиада-80 и попытка модернизации советского сервиса // Cahiers du monde russe(Франц.). — 2013. — Vol. 54, № 1—2. — P. 265—295.
  • Попов А. Д. «Зачем нам этот скипидар напополам с лимонадом?»: Кулинарные секреты Олимпиады-80 // Родина. — 2014. — № 12. — С. 147—149. (копия)
  • Садовский, В.Олимпиада у порога // Огонёк № 52, 1979. — С. 16, иллюстрации.
  • Москох, 80. [Ловзарш XXII Олимпиады. Альбом] / Сост. В. А. Жильцов. — М.: Физкультура и спорт, 1980. — 312 с.
  • Художник и олимпийская Москох. — М.: Советский художник, 1984. — 159 с.
  • Barysas M. Aidi kurantų olimpiniai dūžiai. — Vilnius: Mintis, 1982. — 173 с.
Документы
  • Пять колец под кремлёвскими звёздами: Документальная хроника Олимпиады-80 в Москве / Сост.: Т. Ю. Конова, М. Ю. Прозуменщиков; Гл. ред. Н. Г. Томилина; Российский государственный архив новейшей истории; Международный фонд «Демократия». — М.: МФД, 2011. — 944 с. — (Россия. XX век. Документы). — 1000 экз. — ISBN 978-5-89511-029-4.
  • Пять колец под кремлевскими звездами. «Олимпиада-80» в Москве : альбом / глав. ред. Н. Г. Томилина; вступ. ст. М. Ю. Прозуменщиков; сост.: И. В. Казарина, Н. В. Переудина ; Российский государственный архив новейшей истории. — М., 2012. — 112 с. — 500 экз.
  • Игры XXII Олимпиады, Москох, 1980 : Официальный отчёт Организационного комитета игр XXII Олимпиады, Москох, 1980 года : [В 3 томах] / Гл. ред. И. Т. Новиков. — М.: Физкультура и спорт, 1981.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]