Спорт-Экспресс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Спорт-Экспресс»
Файл:Спорт-Экспресс.jpg
Тайпа хӀора дийнан (кӀиран де доцург)
Формат 8—16 аса

Газет дерг [[Къоман Медиа Тоба]] (75 %),
Райкин Эдуард (25 %)
Арахецархо АО «Спорт-Экспресс»
Коьрта редактор Максимов Максим
Кхоьллина 1991 шеран 14 августехь
Мотт оьрсийн
Коьрта офис Москох, Партин урамалг, 1, корпус 57, гӀишло 1
Веб-сайт sport-express.ru

«Спорт-Экспресс»спортах лаьцна российн хӀора дийнан газет. Кхоьллина 1991 шарахь. Арахоьцу арахецаран «Спорт-Экспресс» цӀенос, цунна чуйогӀу кхин а интермаша-ков а, мобилан приложени а. 2001 шарахь дуьйна цхьаьнакхетараллин European Sports Magazines (Европин спортан арахецар) йукъадоьду.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Газетан хьалхара лоьмар арайаьлла 1991 шеран 14 августехь. Арахецар кечдина 14 журналисто, уьш дӀабахнера «Советийн спорт» газетера[1][2].

Керла спортан арахецар ширачух къасталора шен сихаллица — спортан хиламех чоьташ, сарахь хилларг а, зорба тухура герггарчу лоьмарехь. Цул сов, «Спорт-Экспрессо» махкахь дуьххьара[3] йаздан долийра дозанал арахьарачу къийсамех, масала КъХЛ, КъБА, «Формула-1»[4].

Уьш дӀабевлира гӀарадаьллачу арахецарера дикачу даржера. ДӀабахара стаг Ӏехало дозанал арахьара командировкех. ДӀабахара йаккхийра кабинеташ чуьра, масала, шена чохь Гескин Владимира къайлаха соьга элира «Советийн спортан» журналисташа шайн керла газетах йолчу ойланех.

Тхуна хӀун лаьа? Доцца: адамашна — вайн къоман рицкъана спорт марзйан. Тешна ду: спорт дахаран Ӏида хиларх, цуо таро йала мега вайн барт беш а,синмехаллин терза хӀоттош а, вайн хиндерг дуста а. Массеран спорте йолу шовкъ дӀа ца йаьлла, иза карзахайаккха йеза.

Коьрта редактор хилира Кучмий Владимир. «Спорт-Экспрессан» инарлин директор хилла хьуьнарчийца Рубин Иванаца цхьаьна, иза хилира газетан коьрта долахо.

Кучмийн гӀовсаш хӀиттийра Гескин Владимир а, Титоренко Владимир а. Газет кхоллархошна йукъахь йара олимпийн чемпион Вайцеховская Елена, журналисташ Россошик Лев, Дмитриев Михаил, Родиченко Сергей, Линде Ольга, Тосунян Борис, Патрикеев Алексей, Трахтенберг Леонид, Малков Евгений, Елисейкин Александр, Микулик Сергей.

Газетан сийлалла хилира боргӀал, цуьнан сурт гучуделира логотип тӀехь. БоргӀало гойтура майралла а, сихалла а[6]. Суьйренан а, буьйсанан а хиламех лаьцна керлачеран рубрикех оцу хенахь дуьйна олу «Къук-къа-ре-къук»[6].

1993—1996 шерашкахь газетан коьрта долахо йара французийн хӀора дийнан спортан L’Équipe газет арахоьцу медиатоба Editions Philippe Amaury. 1995 шарахь арайаьлла «Спорт-Экспрессан» 1000-гӀа лоьмар.

1999 шеран 1 мартехь «Спорт-Экспрессо» йукъахецна шен сайт — www.sport-express.ru[7].

2001 шеран 18 декабрехь «Спорт-Экспресс» European Sports Magazines цхьаьнакхетараллин йукъадахара. ЦхьаьнагӀуллакхдар йукъахь дара цхьаьна проекташкахь дакъалацар, редакцин материалаш хийцар, эксклюзиван йаззамаш кечбар, коьрта ловзархошкара, тренерашкара, футболан куьйгалхошкара интервьюш иэцар, ткъа кхин а коьрта турнираш — дуьненан а, Европин а чемпионаташ, Чемпионийн лиганаш — йовзуьйтуш вовшашна гӀодар[8].

2003 шарахь чуйеллачу тиражаца газето кхоалгӀа меттиг йоккхура российн хӀора дийнан газеташна йукъахь 650 000 экземпляр[9].

2009 шеран 21 мартехь велира Кучмий Владимир[10]. Иза веллачул тӀаьхьа газет масех шарахь коьрта редактор воцуш висира. Цуьнан функцеш кхочушйора хьалхара гӀовсаша Гескин Владимира а, Титоренко Владимира а[11].

2012 шарахь харжаша далийра гуттаренна а алапа сецоре, августехь коьрта журналисташа коллективан арз дира къинхьегаман инспекце, ткъа кхин а инарлин директорна Рубин Иванна кхерам тесира балха ара ца довла. Август чекхболуш Рубина йоьхкира шен «Спорт-Экспрессан» акцеш[12]. Керла долахо хилира «Хьалхара каналан» петарбурхан филиалан инарлин директор Райкин Эдуард[13]. Арахецаран цӀийнан коьрте хӀоьттира, 1992—2003 шерашкахь «Спорт-Экспрессехь» болх бина, гӀараваьлла журналист Клещев Константин.

2013 шеран апрелехь коллективан цхьаьна декъаца ойла цхьаьна ца йеина Клещевс газет дитира[14], ткъа коьрта редакторан меттиг дӀалецира хоккейн декъан шеф хилла Кузнецов Дмитрийс. Цуьнан гӀовс оцу хенахь вара хьажархо, «ХӀун? Стенгахь? Маца?» ловзаран хуург Левин Борис[15]. 2015 шеран апрелехь арахецаран цӀийнехь хийцамаш бечу хенахь коьрта редакторо Кузнецов Дмитрийс менеджментан белхан реза ца хилар хаийтира, тӀедиллира долахо хийцар. Цул тӀаьхьа Кузнецов, цуьнан гӀовсаш, кхин а 20 сов журналист мукъабехира[16]. Арахецараллехь реструктуризаци йира[17]. Арахецараллин цӀийнан коьрте хӀоьттира Максимов Максим, иза хьалха жоьпаллин секретарь а, футболан декъан шеф а хилла вара[18].

Проекташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

ТӀеарахецарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Йаккхий спортан мероприятеш хилале хьалха «Спорт-Экспрессан» арахецарш бесара хуьлура. 1990-гӀа шерашкахь арадовлура газетан вариантехь. 2000-гӀа шерашкахь дуьйна уьш дан долийра кир тоьхна кехат тӀехь.
  • Тайп-тайпана спортан тайпанашна лерина — футболан<!—иза кхин «СЭ футбол» шен лоьмарш йолуш -->, хоккейн, волейболан, баскетболан, Формулин-1, шахматашна, велоспортан, олимпизман — «Спорт-Экспресс» газетан арахецаран йукъадогӀу Ӏаьржа-кӀайн тӀеарахецарш.
  • «Спорт-Экспресс Журнал» — шера дуьззина бесаш долу спортан журнал. Арахоьцура 1996 шеран декабрера 2001 шеран февраль кхаччалц. Журналан йукъадогӀу интервьюш, спортхойх а, спортан хиламех а лаьцна йаззамаш, спортан исторе экскурсаш. Пхеа шарахь араделира журналан 50 лоьмар.
  • «Спорт-Экспресс КӀиранде» — хӀора кӀиранан бесара газет. Арахоьцура 1999 шеран февралера декабрь кхаччалц. Йерриг арайелира 44 лоьмар. Чулацамца герга дара журналана.
  • «Спорт-Экспресс-Футбол» — ша долу футболан арахецар, арахийцира 1999—2001 шерашкахь.
  • «Спорт-Экспресс-Футбол» (кхин а девза «СЭ футбол») — газетан Ӏаьржа-кӀайн тӀеарахецар, арадолура «Спорт-Экспрессан» пӀераскин арахецарца 19902000-гӀа шерашкахь.

Кхин дерг[нисйе бӀаьра | нисйе]

2020 шарахь «Спорт-Экспрессо» шен сайт тӀехь гайта йолийна Футболех ловзаран Бразилин чемпионатан матчаш. Гайтаран медиабакъонийн эксклюзиван дистрибьютор хилира «Медиа-Телеком» (ЦП «Къоман Медиа Тоба», «Ростелеком») компанеш, цуо 4 шарна матчаш гайта бакъонаш ийцира. Sport-Express.ru кевнал сов матчаш гойту кхин а Wink, More.tv видеосервисашкахь[19][20].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. «Спорт-Экспресс». 14 августа 1991. Афиша (2011 шеран 6 июль).
  2. Юрий Васильев. Журналисты открыли новый вид «Спорта» // «Коммерсантъ-Власть»: журнал. — 1991. — 8 июля.
  3. Рабинер, Игорь Яковлевич. Жизнь замечательных тренеров: Секреты футбольных маэстро. — М.: Олма медиа групп, 2010. — С. 19. — 576 с. — ISBN 5373037036.
  4. 1 2 «Спорт-Экспресс» — десять лет с Россией. Так это было… Спорт-Экспресс (2001 шеран 14 август).
  5. «Выходит с 14 августа 1991 г.» Как это было. Как это будет… Спорт-Экспресс (1996 шеран 14 август).
  6. 1 2 Когда петух сказал «Ку-ка-ре-ку»? Спорт-Экспресс (2004 шеран 30 декабрь).
  7. "«Распечатывали газету, сканировали, распознавали и выкладывали в сеть»". Sports.ru(оьр.). 2016-11-08. Дата обращения: 2017 ш. 04 июнехь. {{cite news}}: Неизвестный параметр |subtitle= игнорируется (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (неподдерживаемый параметр)
  8. «СЭ» вступил в Европейскую ассоциацию спортивных изданий. Спорт-Экспресс (2001 шеран 18 декабрь).
  9. История газеты «Спорт-Экспресс» // «Коммерсантъ»: газета. — 2012. — 27 августа.
  10. Александр Петров. «Спорт-Экспресс» остался без основателя // «Коммерсантъ»: газета. — 2009. — 23 марта.
  11. Главреды. Владимир Гескин: «Если не всё можешь сказать, лучше промолчать, чем дурковать». Sports.ru (2010 шеран 28 май).
  12. Павел Белавин, Анна Пушкарская. «Спорт-Экспресс» докатился до питерских // «Коммерсантъ»: газета. — 2012. — 27 августа.
  13. Ксения Болецкая. «Спорт-Экспресс» уехал в Петербург Архивйина 2012-10-31 — Wayback Machine // Ведомости, № 203 (3217), 25 октября 2012
  14. «Спорт-Экспресс» лишился главного редактора. Lenta.ru (2013 шеран 26 март).
  15. У биатлонисток исчезла преемственность. Вести.ру (2014 шеран 12 февраль).
  16. Главного редактора «Спорт-Экспресса» и его заместителей уволили. Lenta.ru (2015 шеран 8 апрель).
  17. Руководство газеты "Спорт-Экспресс" уволило 20 журналистов. ТАСС. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 30 ноябрь.
  18. Гендиректор «Спорт-Экспресса»: «Кадровые перестановки связаны с реструктуризацией издания». Лениздат (2015 шеран 10 апрель).
  19. Wink, more.tv и «Спорт-экспресс» будут эксклюзивно показывать чемпионат Бразилии по футболу | Телеспутник. www.telesputnik.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 30 ноябрь.
  20. Архив 2020 год: «СЭ» покажет чемпионат Бразилии по футболу! bobsoccer.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 30 ноябрь.
Кхайкхина авторийн агӀонаш


Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Рабинер И., Микулик С. «СЭкс» в большом спорте. — М.: АСТ, 2013.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]