Абадзехин лам

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Абадзехин лам
адыг. Абдзэхэ къушъхь
Координаташ44°37′19″ къ. ш. 39°05′30″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРоссиFlag of Russia.svg Росси
РегионКраснодаран мохк
Лаьмнийн системаКавказ
Дукъ я ламанан акъариКотх
Бохьан локхалла415 м[1]
Абадзехин лам (Росси)
Montanya.svg
Абадзехин лам
Абадзехин лам (Краснодаран мохк)
Montanya.svg
Абадзехин лам

Абадзехин лам (адыг. Абдзэхэ къушъхь, оьрс. Ключевая) — Кавказан Краснодаран махкара лам. ХӀордан тӀегӀан тӀиера 415 м лакхахь бу ломан бохь.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Абадзехин лам лаьтта Краснодаран махкахь, Горячи Ключ гӀала-курортан къилба-малхбузехь, Котх дукъан системехь, Хидоькъу Кавказан дукъан 18 км генахь, Псекупс хин аьтту бердаца. Орониман адыгийн цӀе Абдзэхэ къушъхь «абадзехин лам». Ломан къилбаседа-малхбуза дакъа даккхий тархаш, Ӏинаш долуш ду. Иштта цӀераш ю Адыгейн республикера КӀайн хин атагӀера эвлан а, Апшеронан кӀоштара Цица хин атагӀера Ӏинан а[2].

БӀе метр гергга ломан кӀоргехь бу чӀогӀа хаза лаьттан бухара Ӏам. Ломан цхьаьна басехь Ӏам чуьра арадолу Айсина хьост. Нисса кхузахь дарбанан хи Псекупс хих кхета. Хин аьтту бердаца лаьтта тӀулган ванеш.

Абадзехин ломан бохь гергарчу Курортан ломан баххьех къастабо Ӏино. Цунах Дантен Ӏин олу. Мичара ю и цӀе? XIX бӀешераш чекхдовлуш, 18751878 шерашкахь, Ӏин чуьра хьун хьаькхира уьшалийн меттигашна мох кхетийта, хӀунда аьлчи цигахь курорт Горячи Ключ йиллинера. ГӀамар тӀулгийн тархаш юкъара херонан драматурга Дантес юьйцучу жоьжахатан неӀарех тера яра. Оцу хенахь дуьйна Ӏинах Дантен Ӏин олу. Абадзехин лам Дантен Ӏин чохь шина декъе биекъначух тера хета.

СадоӀу меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Абадзехийн лам бахьнехь кхоллаелла курортан гӀала Горячи Ключ. Ломан гуонаха дарбанан шовданаш ду, цара ширачу заманахь дуьйна адамаш тӀеийзадора шена, цигара латтанаш нах беха масийтта эзар шо ду. Минералан хьостех уллехула доьдучу Псекупс хин цӀарах Псекупсан шовданаш олу. Оцу ломан минералан хьосташ дийцина дукха къаьмнийн тептаршкахь. Лам хьахийна шира грекаш, гӀезалой-монголаш, хазараш, кхечара а. Грекаш кхуза эхар, масала, гойту карийначу нахарташца – уьш дитина ду эллинаш шайн дарба дарна Ӏаламан ницкъашна. Лам а, цуьнан гуо а хаза меттиг ю, цигахь Ӏаламан а, куьйга дина а хазнаш ду. Ломан къожахь минералан хин хӀоттийна иэс ю, гуонаха кхин а лаьмнаш а, тархаш а, Ӏинаш а, хьехаш а ю.[3]

Псыфабэ гӀап[нисъе | нисъе чухулара]

Абадзехин лам боьххьехь Псыфабэ гӀап лаьттина боху. Цхаболчу историкаш чӀагӀдо, X-XI бӀешерашкахь кхузахь Котх дукъан къилбаседа басехь лаьтта эвланийн чӀагӀонаш хилар. Ерриг майда цуьнан йоккха яц, 100-200 кв.м. Жимма а кхерам хуьллушехь бахархой ловчкъара гӀопа чохь. Цул сов нисса оцу меттиган уллехула боьдура йохк-иэцаран некъ. Къепалаш оьхура Ӏаьржа хӀордан берда тӀе, цигахь мах дика хуьлура. Тахана гӀопан пенех тӀулгаш дисина 30 метр гергга лекха, гӀопан саьнгар чохь дитташ дийлина. Амма Псыфабэ гӀап латтар Ӏилманчаша шеконе дуьллу. Церан емалалла кхеташ а ду, хӀунда аьлча цхьа саьлнаш а, адаман белхан лар а яц цигахь. Иштта делахь а, дацахь а меттиг туристашна чӀогӀа хаза хета. Ткъа меттиган цӀе йоьзна ю минералан хица – адыгийн маттара «Псыфабэ» гочдо «довха хи».

Абадзехех лаьцна[нисъе | нисъе чухулара]

Кавказан тӀом чекхбаллалц и адыгийн тайпа дехара Псекупс хин атагӀехь. Адыгийн къаьмнаш юкъахь абадзехаш уггаре даккхийчех цхьа къам дара. Цхьацца хьосташкара хаамашца Кавказан тӀом чекхбалале церан барам 200 эзаре кхачара. Адыгийн историн талламхойн цхьатерра ю, цара боху абадзехийн этнос кхуллуш доккха дакъа лаьцна абхазийн я абазинийн тайпанаша. Дуьххьарчу адыгийн историко Хан-Гирейс, дукха чӀогӀа шеко а йоцуш чӀагӀдора: «Мухха хиллехь а, абедзехийн гуола яьлла тӀебаьхкинчех, абхазийн а, чергазийн а гуоланех къаьстина, ткъа тӀаьхьарнаш дуста а ца оьшуш дукха хиларна, массарех царех чергазий хилира, хӀинца абедзехийн тайпа ду бакъ долу чергазийн гуолах, вуно чӀогӀа а ду». Профессора Л.И.Лавровс тардолуьйту, абадзехийн бух Ӏаьржа хӀордан бердашца Ӏийна юккъерачу бӀешерийн хьосташкахь Ӏабазаш цӀарца дуьйцу тайпанаш хилар. Иштта, схьадовларца гергара этносийн тобанаш цхьаьнакхетарца юкъаяьлла керла этносан цӀе – абадзехаш. Дуьххьара абадзехаш этносан кхоллам санна хьахийна Российн документашкахь XVIII бӀешеран юккъехь.

Тектоника[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏилманчашна и лам 10-15 миллион шо хьалха кхоллабелла хета. Кхузахь хилла доккха тектоникан айадалар хин цхьаьна бердан. Цул хьалха, юха а Ӏилманчаша дийцарехь, оцу меттигехь Тетис океан хилла. Оцу гипотезех тешахь, кхетало, хӀунда ду гӀамар тӀулган тархаш цигахь алсама.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]