ГӀум
Арахьара хатӀ
ГӀум — семса охьахиина ломан порода, ткъа кхин а ломан породан буьртигех адамо йина материал. Дукха хьолахь лаьтта дикка цӀена кварцан минералах (хӀума — мркхазан диоксид). «ГӀум» дош дукха хьолахь дукхаллин терхьехь лнладо («гӀамарш»), амма дукхаллин терхьан кепан ду кхин маьӀнаш. Ӏаламан гӀум ю семса иэдина буьртигаш, кхоллаелла онда ломан породаш йохар бахьнех, барам 0,16—5 мм, йозаллин барам цхьаьна гӀамар буьртиган хийцало миллиграмман иттолгӀа декъа тӀиера масех микрограмм кхаччалц. Гулъяларан хьолашца хуьлу аллювийн, делювийн, хӀордан, Ӏаьмнийн, эолан. Хин чохь кхоллаелла гӀамарш гоьрга буьртиг болуш хуьлу.
ГӀамаран кепаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йохк-иэцарехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йохк-иэцарехь гӀамаран классификаци йо схьаяларан меттигца а, тойина хиларца а:
- ГӀишлошъяран гӀум — органикан боцу Ӏиена гӀирс, 5 мм кхаччалц буьртиг болуш, кхоллаелла Ӏаламо тархийн ломан породаш йохаярца, йоккху гӀамаран а, гӀамаран-жагӀан а карьерехь лерина гӀум цӀанйо гӀирс лелош а, ца лелош а.
- Эркан гӀум — йоккху эркан харш чура, къаьста лакхарчу цӀоналлийца, даккхий кеггарш а, саз-латтан иэраш а доцуш.
- Карьеран цӀанйина гӀум — йоккху карьерехь шортта хица цӀанъеш, йукъара саз-латта а, ченан дакъолгаш а дӀадохуш.
- Карьеран литтина гӀум — карьерехь йаьккхина литтина гӀум, цӀанйина даккхийчу буьртигех. Лелайо кибирчиг юттуш, пенаш хьохуш, бух буттуш, силамбетонан иэр кечдеш.
- Еза адамо йина гӀум — буьртигийн семса иэр, йоккху ломан породаш (мокхаз, мармар, гӀамаран тӀулг, туф, пемза, кхин а тайп-тайпана лусталлийн а, схьаялар а долу къовкъарш) механикца атарца. Адамо йина гӀамаран буьртагийн кеп, Ӏаламанчух къаьсташа, ира а, шога а хуьлу. Уьш лелайо декоративан берамаш деш юзаран гӀирс санна а, хьохуш а, хаза эффект хилийтархьама[1]. Адамо йина гӀум лелайо хьохуш муьлххачу чкъоьран, буьтигийн барам тайп-тайпана хила йиш ю, бераме хьаьжжина ю, проекто билгала йоккху. Дукха хьолахь лелайо Ӏаламан гӀамаран санна буьртигаш дерш. ГӀум кӀоран къовкъарех ечу хенахь лелабо дика баьгна кӀора, даганза долу дакъолгаш а доцуш, тӀулгийн породаш а йоцуш, саьнгар кӀезиг а долуш, — цунах дозу хьоху чкъоьран дикалла. Пен декорацица хьохуш, лелайо билгалчу ломан породех я къовкъарех йаьккхина гӀум, цунах кхоош тоха тарло жагӀа, цуьргаш я дама оццу породан, иза бахьнехь хьахаран чкъоьран фактуран дикалла тоьлуш хуьлу[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Швец П. И., Глинкин В. А., Титов Ю. А. Заполнители // Справочник строителя-отделочника. — Москва: Рипол Классик. — С. 9—10. — 303 с. — ISBN 9785458250559.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Геологический словарь / Под общ. редакцией А. Н. Криштофовича. — М., 1965. Т. 2.
- Петтиджон Ф.Дж., Поттер П., Сивер Р. Пески и песчаники. — Изд-во МИР. — М., 1976. 316 стр.
- Качинский Н. А. Физика почвы. — М., 1965. Ч. 1.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ГОСТ 8736-2014 Песок для строительных работ. Технические условия"
- ГОСТ 4417-75 «Песок кварцевый для сварочных материалов» . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 февраль. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- Сокровища под ногами Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine — фотографии частичек песка под микроскопом.
Породийн тоба | Кеггарийн барам | Цемент хиланза | Цемент хилла | ||
---|---|---|---|---|---|
Горгйелла | Горгйаланза | Горгйелла | Горгйаланза | ||
Шога кегйелла породаш (псефиташ) | 10 — 1 м | Окъаман тархаш | Окъамаш | — | — |
1 м — 10 см | Тархаш | Каггар (блокаш) | Тархийн конгломерат | Каггаран (блокан) брекчи | |
10 — 1 см | Сицкъар | ТӀо | Сицкъаран конгломераташ | ТӀон брекчеш | |
1 см — 2 мм | ЖагӀа | Дресва | Гравелиташ | Дресвяникаш | |
ГӀамаран породаш (псаммиташ) | 2 — 0,05 мм | ГӀамарш | ГӀамара тӀулгаш | ||
Ченала породаш (алевриташ) | 0,05 — 0,005 мм | Алевриташ | Алевролиташ | ||
Саз-лаьттан породаш (пелиташ) | < 0,005 мм | Сацкъарш, Саз-латташ | Саз-латташ, аргиллиташ |