Эмкал

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эмкал
Camelus dromedarius at Tierpark Berlin (1).JPG
Эмкал
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Camelus Linnaeus, 1758

Кепаш

Эмкалш (лат. Camelus, оьрс. Верблюд) — эмкалийн (Camelidae) доьзалера шалабергашйолчеран (Artiodactyla) тобанера ахкаргийн когашдолчеран (Camelidae) бухара тобанера декха дийнатийн тайпа. Уьш даккхий дийнаташ ду, дуьненан екъачу меттигехь даха Ӏемина долу — гӀум-аренашкахь, ахгӀум-аренашкахь, аренашкахь.

Эмкалш шина кепара ю[1]:

ГӀум-аренан бахархоша лакхара мах хадабо эмкалан, цунах олу «гӀум-аренан кема»[2].

Эмкал бактриан
Эмкал Ӏарабиян

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

Латинан цӀе Camelus схьаяьлла грек. κάμηλος семитийн юкъарчу меттара «гамаль»[3] (Ӏаьр. جَمَل‎‎, жуьгтий. גמל).

Аматаш[нисъе | нисъе чухулара]

Йоккхачу эмкалан масса — 500—800 кг, кхес йолучехь локхалла — 210 см. Цхьа дум болу эмкалан бос цӀиегӀо-сира хуьлу, ши дум болчуна — таьӀна-боьра[1]. Мех курчавый[2]. Эмкалш еха 40 шо гергга, Деба хан йолало 2—3 шо кхачарца. Пхоралла хуьлу 13 баттахь цхьа дум болчеран, 14 бутт — ши букъ болчеран[1].

Нохьдоккху эмкал

Эмкалийн Ӏад санна хьевзина, деха лаг ду, кегийра гоьрго лергаш ду. Эмкалийн 38 церг ю. Лахахь — итт кхела, шиъ кӀомсар, 10 церг, лакхахь — 2 церг, 2 кӀомсар, 12 кхела[2]. Деха месала бӀаьрган чоьша лардо церан бӀаьргаш гӀамарех, ткъа мераӀуьргаш оьшучу хенахь тӀекъовлало. Эмкалийн бӀаьрса чӀогӀа дика ду: вогӀа стаг царна го цхьа километр генара, йоьду автомобиль — 3—5 километр генара. Царна чӀогӀа дика кхета тӀуналлин хьожа, байдан хьожа я теза хи 40—60 километр генара, ткъа иштта стиглара догӀанан мархаш, догӀа догӀуче кхача сатуьйсуш оцу агӀора дӀайоьлху.

И декхаш долу дийнаташ дика лов дахаран халонаш луьра, хи доцучу меттигехь. Эмкалийн ду накхан, хьакхолган, голийн ахкаргаш. ДӀаюьжучу хенахь эмкал оцу дакъош тӀе юьжу догучу латте (70°С кхаччалц)[1] яга ца яйта. Буькъа тӀаргӀа лерина бу дийнан йовхонах а, буьйсанан шелонах а ларъян. Эмкалийн пӀелгаш вовшашца хӀиттаделла ду дийнна цхьа айра деш [2]. Шуьйра ши пӀелг болу ког — гӀамарш я кегийра тӀулгаш тӀехула лелархьама ду. Эмкалашна хьацар ца долу, хьатӀ кӀезиг долу. СадоьӀуш мерӀуьргаш чуьра арайолу тӀуналла гуллало башха хебашкахь, юха бага йоьду. Эмкал дукха яхало хи доцуш, шен 40 % дегӀан йозалла йойъу цуо. Цхьана экспериментехь эмкал аьхка 8 дийнахь латтийра хи ца луш, иза 100 кг азъелира, цул тӀаьхьа цунна хи делчи, цуо 10 минотехь 103 литр хи мелира, ша яйина 100 кг меттахӀоттош[4]. Эмкал гӀум-аренашкахь яхаран лерина цхьа хӀума — букъ тӀиера даммарчий ду, хьоналла дӀаюьллуш долу. Даммарчий ша-тайпа «тхьов» бу, эмкалан букъ маьлхан йовхонах Ӏалашбеш. Цул сов, организман ерриг хьоналла букъ тӀехь гулъяро аьтту бо йовхо дика дӀаялийта[5].

Эмкалаш - нохь доккху дийнаташ ю. Цара юу эмкалбуц, сагал-буц, эмкалан баӀ, саксаул. Эмкалшка дуьра хи мала ло[6]. Эмкалш тӀуналла Ӏалашйо, хьер чуьра дакъош чохь, цундела хьогалла дика лов; амма хин коьрта хьост ду хьоналла — бӀе грамм хьоналла мустъелчи 107 грамм хи долу (кхин тӀе кӀорамуьста газ а). Цара хи маланза дуккха а хан яьллехь а, церан цӀий дукъ ца ло. Эмкалаш яхало хи доцуш шина кӀирнах, ткъа юург йоцуш цхьаьна баттахь[5].

Амма, шайн тамашийна хьуьнар доллушехь, акха эмкалш тахана дукха халонаш лов хи ца тоьуш. ХӀунда аьлчи гӀум-аренашкахь нах охьаховшу теза хиш долчу, ткъа акха эмкалш, чӀогӀа сема йолуш, адамашна тӀе ца йогӀу.

Эмкалш чӀогӀа дика нека до, шайна цкъа а Ӏам я хи ца гинчара а. нека деш кӀеззиг агӀора а таьӀа.

Эмкалийн яьржина цамгарш ю трипаносомоз, инфлюэнца, эхинококкоз, эмкалийн Ӏаьржа ун, ирз[1].

Эмкалаш схьайовлар а, истори а[нисъе | нисъе чухулара]

Эмкалаш кхоллар а, массашкахь яржар а хилла плиоцен чекхйолуш, плейстоцен йолалуш — оцу хенахь хьалхара эмкалан тайпанаш Paracamelus леш дӀаевлла, яккхий кепаш эмкалийн (Camelus) юкъаевлира. ХӀинцалера эмкалаш екъа меттигашкара хьолашкахь яхаяларан меженаш (Букъ тӀиера дум, хьерано ша-кепара болхбар, шортта хи малар, иза бахьнехь дуьра даар дезар, йогӀа болар, кхин а), тарло, эмкалийн (Camelidae) эволюцехь дикка тӀаьхьа кхиина. Эмкалаш экама ца хилар бахьнехь и дийнаташ кхин буц юурш ца яхалочахь еха[7].

Кеп:Кайнозой-H

Исторел хьалхара эмкалан тайпа Альтикамелус (Aepycamelus), яьхна миоценехь Къилбаседа Америкехь, деха лаг хилла, ткъа букъ тӀехь дуьман метта кӀеззиг тӀебаьлла букъ хилла.

Схьагарехь, хӀинцалерачарна гергара эмкалш евлла Къилбаседа Америкехь эмкал тайпанара дийнатех, цигахь яккхий аренаш саваннакепара ландшафт хилча. Циггахь кхоллаелира эмкалшна екъачу, луьрачу климатах йоларан анатомин башхаллаш[7]. Евразин махка шира эмкалш яьхкина Беринган асанехула, схьагарехь, плиоцен чекхйолуш, плейстоцен чекхъяллалц[8].

Плейстоценехь Малхбуза Европан махкахь хаалора йоккха Кноблохан эмкал (Camelus knoblochi), чӀогӀа гергара йолу хӀинцалерачу шина эмкалах. Тидаме ду, дукха хан йоццуш Россехь Ростовн областехь карийна тӀехдика Ӏалашхилла оцу эмкалан туьта[9]. ХӀинцалерачех тера, ши дум болу эмкалийн даьӀахкаш, карайора ИйдалтӀиехь, Иртышан бердаш тӀехь, Москохгуонаха[10].

Эмкалаш (мамонтца, тӀергӀан мармаӀаца, яккхий маӀаш йолу сайца, кхечаьрца а, цхьаьна могӀара) хилла коьртачарех цхьа векал мамонтан фауна олучу дийнатийн, и фауна хилла къилбаседа Евразехь 10—12 эз. шо хьалха тӀаьххьара бина ша дӀабаллалц. Иштта фауна заповедникехь меттахӀотторан проектан («плейстоценан парк») юкъадогӀу, кхечаьрца цхбьаьна, ши дум болу эмкалаш ялор цига[11].

КараӀамор[нисъе | нисъе чухулара]

1884 шо, эмкалан корпусан сик'хаш Нилан экспедици йолуш.

Эмкалаш караӀамийна вайн эрал 2000 шо хьалха. Уьш уггаре онда мохь лело а, южу а дийнаташ ю уьш ехачу хьолехь. Эмкалийн уозоран ницкъ лелабо 4 - 25 шарахь, цаьрга бахьало шен йозаллех 50 % мохь. Эмкал дийнахь ягӀало 30—40 км гена йоьдуш[6]. Эмкал беречуьнца дийнахь 100 км а йоьду, юккъера сихаллин барам 10—12 км/сахьтехь[1]. Генарчу заманара дуьйна, антикаллера юккъера бӀешерашка кхаччалц, эмкалаш лелийна эскаршкахь, мохь а, береш а лелош, ткъа тӀеман юкъахь лелош хилла тӀеман эмкалаш тӀеман дошлошна юкъахь а, цхьацца а, дукха хьолахь мостагӀ кхеро Ӏалашо йолуш.

Россехь кхиайо цхьаьна тайпана цхьа дум болу эмкалаш — арвана, кхаа тайпана ши дум болу — гӀалмакхийн, кхазакхийн, монголийн. Уггаре мехала ю гӀалмакхийн тайпанех ерг.

Даа мега эмкалан жижиг, ткъа иштта шура, цунах до шубат, даьтта, нехчанаш. Дромадер тайпанера шарахь яьккхина шура 2000 кг кхочу (арванан 4000 кг сов хуьлу), 750 кг хуьлу бактрианийн (кхечу хаамашца, 600—800 кг[6]). Цу тӀе шуран хьоналла 4,5 а, 5,4 процент хуьлу[1], ткъа юкъахь витамин C дуккха а лакхара хуьлу бежанан шурехьчул[6]. Лакхара дикалла йолуш къастало эмкалийн тӀаргӀа (иза мехала бу уьстагӀчул), цуьнца 85 % пухӀ хуьлу. Цхьаьна бактрианан 5—10 кг пухӀ лоргу, 2—4 кг дромадеран[1]. Эмкал лоргу бӀаьста[6].

Яржар[нисъе | нисъе чухулара]

Пиетарбухера Н. М. Пржевальскин иэс.
Пакистанера эмкалан жижигца дина пилу.

Эмкалаш яьржина гӀум-аренан а, екъачу аренийн а зонехь, уьш ца яхало тӀуьна климат йолчу а, лаьмнийн а меттигашкахь[1]. КараӀамийначу кепара Ширачу Дуьненан ший а тайпа эмкалаш яьржина Азин а, Африкан а областашкахь. Дромадераш хуьлу къилбаседа Африкехь 1° къилба шоралле кхаччалц, Ӏаьрбийн ахгӀайрен тӀехь а, Юккъера Азехь а. XIX бӀешарахь уьш чуялийна хилла Австрале, цигахь дика йоьлла меттигерчу климатан хьолех, тахана церан барам кхаьчна 50 эзаре. Бактрианаш яьржина Жимачу Азера Маньчжуре кхаччалц. Дуьненах ерриг 19 миллион гергга эмкал ю, царех 14,5 миллион еха Африкехь. Цхьаьна Сомалихь уьш 7 миллион ю, ткъа луларчу Суданехь — 3,3 миллион.

Дромадеран акха кепан хӀу дайна, хетарехь, вайн эра долалу. Цуьнан уггаре хила тарло даймохк Ӏаьрбийн ахгӀайре ю, амма къевллина къастийна дац иза, хиллий теша церан дай дромадеран акха кеп я юкъара да бактрианца.

Н. М. Пржевальскийс шен азин экспедицехь дуьххьара гучуяьккхина акха ши дум болу хаптагайгӀеран эмкалаш хилар, хилар тардолуьйтуш дара, амма къовсаме а дара. Бактрианан акха популяцеш хӀинци а ю Синьцзян-Уйгурийн автономин кӀоштахь а, Монголехь а, цигахь кхаа вовшех къаьстинчу популяцешкахь еха эзар гергга эмкал. Вайн заманахь хьовсу, акха ши дум болу эмкалаш Якутера плейстоценан паркан климатах йоларан, хаттаре.

Эмкалийн кепаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бактрианаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бактриан

Юккъера Азехь еха ши дум болу эмкал бактриан (Camelus bactrianus) караӀамийна адамаша чӀогӀа генарчу заманахь, амма акха бактрианийн нилха реманаш тахана а хаало гӀум-аренашкахь Монголехь а, Малхбуза Цийчохь а, цигахь уьш балахьогуш ю мала хи ца тоарна, хӀунда аьлчи, адамо гӀум-аре караерзош дӀалоцу дӀадиллина хин хьосташ. Бахаман ши дум болу эмкалаш лелайо коьртаниг Кхазакхстанехь а, Монголехь а, лелайо уьш дромедараш лелочу Ӏалашонна. Шен цӀе бактриан схьаяьлла Юккъерачу Азера ширачу областах Бактрия, иза цигахь тарло, дуьххьара караерзийна.

Акха бактрианаш хаъал кегийра ю цӀахь кхобучарал, ткъа церан кегийра ира бохь болу даммарчий бекъна дикка шуьйрачу нуьйро; хӀусаман бактрианийн даккхий даммарчий дукха хьолахь тӀекелакхаьтна хуьлу, царна юкъахь кӀезиг меттиг ю. Йозаллийца хӀусаман бактрианаш ледара ца хуьлу дромедарел.

Дромедараш[нисъе | нисъе чухулара]

Дромедар

Акха цхьа дум болу эмкалаш дромедараш (Camelus dromedarius) хӀокху заманахь ца йисина. Австралин юккъерчу кӀошташкахь ган тарло акхаевлла, хьалха цига чуяьхьна цхьа дум болу эмкалаш, уьш тӀехь терго а йоцуш дебаш ю ладаме доза тохаран факторш йоцуш. Ширачу дуьненан шуьйрачу йокъалла а, йовхо а йолчу мехкашкахь дромедараш ю ладаме бахаман дийнаташ, цара лелайо дукха функцеш, дуьненан къаьмнийн оьздангаллехь ладаме роль.

Гибридаш[нисъе | нисъе чухулара]

Хила тарло яха таро йолу хьалхарчу чкъоьрера цхьаъ а, шиъ а дум болу эмкалийн гибридаш, царех олу «нараш»[6].

Эмкал оьздангаллехь[нисъе | нисъе чухулара]

Эмкал тӀе а хиина вота етта адаман сурт
Сийлахь Моголийн имперехь вота етташ эмкалан бере.

Аштаркхнен областера Ахтубинск гӀалахь, В. И. Ленинан цӀарах йолчу майданахь хӀоттийна шина эмкалан Машкин а, Мишкин а иэс, уьш гӀуллакхехь хилла йоккха тоьпан командиран сержант Нестеров Григорийн тӀеман чоьтехь яккхий тоьпаш ийзош, уьш евлла дуьххьарлерачарех Рейхсканцелярин агӀора.[12]

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Верблюды // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  2. 1 2 3 4 Верблюд // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Oxford English Dictionary, 2nd edition, entry camel (noun)
  4. Schmidt-Nielsen B., Schmidt-Nielsen K. (1955). «The camel, facts and fables». UNESCO Courier (8-9): 29.
  5. 1 2 Гржимек Б. Среди животных Африки. — М.: Мысль, 1973. С.241—244.
  6. 1 2 3 4 5 6 Верблюды, Верблюдоводство Архивацийина 19 августехь 2011 шеран. Справочный агросайт
  7. 1 2 В.В.Титов Особенности морфологии и экологии верблюдов рода Paracamelus (PDF). Южный научный центр РАН, Ростов-на-Дону. — Современная палеонтология: классические и новейшие методы. М.: ПИН РАН, 2005. с. 161–166. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 30 марта 2011.
  8. Верхнетретичные млекопитающие Приишимья. — Ю.А.Орлов. В мире древних животных. АН СССР, 1961. Текст книги, глава 2. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 19 августехь. Теллина 31 марта 2011.
  9. В.В.Титов Находка черепа древнего верблюда возле станицы Раздорской. Раздорский этнографический музей-заповедник (2 октября 2010). — Историко-культурные и природные исследования на территории РЭМЗ. Сборник статей, выпуск 1, 2003 г.. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 31 марта 2011.
  10. Верхнетретичные млекопитающие Приишимья. — Ю.А.Орлов. В мире древних животных. АН СССР, 1961. Текст книги, глава 2. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 19 августехь. Теллина 31 марта 2011.
  11. А.А.Бондарев, Б.Ю.Кассал История и перспективы развития териофауны среднего прииртышья (PDF). ФГОУ ВПО «Омский государственный педагогический университет». — Вестник ОГУ, №6/июнь 2009. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 31 марта 2011.
  12. ОПИСАНИЕ И РАЗМЕРЫ ПАМЯТНИКА «Мы победили!» — 13 Февраля 2010 — в Ахтубинске — Первый Ахтубинский сайт города Кеп:Архивировано

Хьажорагаш[нисъе | нисъе чухулара]