ИйдалтӀие

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
ИйдалтӀиен гӀаланаш картин тӀехь
Ийдаллакхен пейзаж

ИйдалтӀие — шуьйрачу маьӀнехь — Ийдал хица долу латта ду. Дукха хьолахь термин лелайо готтачу маьӀнехь — экономикан цуьнца уьйр йолу Ийдалан юккъерчу а, лахарчу а декъехь долу латта. ИйдалтӀиехь къаьста дикка айабелла болу аьтту берд а (Ийдалйистан акъари), аьру берд а — Ийдалдехье. Ӏаламца ИйдалтӀие юкъайогӀу Ийдалан лакхара кӀошташ а.

Мацца а хьалха ИйдалйистӀие Ийдалан Булгарин, Половцин Арен, Дешин Ордан, Русин юкъахь лаьттина.

Регионаш[нисъе | нисъе чухулара]

ССРС Европан дакъа экономикан кӀошташкадоькъуш ЙСЭ билгалйоккху[1] ИйдалтӀиен экономикан кӀошт, цунна юкъайогӀу Ульяновскан, Пензан, Куйбышевн, Саратовн, Волгоградан, Аштаркханан областаш, ГӀезалойчоь, Башкири, ГӀалмакхойн АССР; хьалхара 3 область а, ГӀезалойн АССР а Юккъера ИйдалтӀиеан, йисина областаш а, ГӀалмакхийн АССР а — Лахарчу ИйдалтӀиен юкъахйогӀуйту. Таханлера административан-латтан декъадаларан четаца:

ИйдалтӀие этнохороним: ийдалхой[2][3].

Ийдалан бассейн кхаа декъе йоькъу (ИйдалтӀие дакъошка екъар санна): Ийдалан Лакхе, Ийдалан Юкъ, Ийдалан Лахе.

Ӏалам[нисъе | нисъе чухулара]

Рельеф нийса ю, алсама ю шера аренаш а, шунаш долу аренаш а ю. Климат бараме-континентан ю. Аьхке йовха ю, июль беттан хӀаваан температуран юккъера барам +22° — +25°С; Ӏа дикка шийла ду, январан а, февралан а хӀаваан температуран юккъера барам −10° — −15°С. Шеран йочанийн юккъера барам къилбаседехь 500—600 мм, къилбехь 200—300 мм. Ӏаламан зонаш: иэелла хьун (ГӀезалойчоь), хьун-аренаш (ГӀезалойчоь (цхьаццанхьа), Самаран, Пензан, Ульяновскан, Саратовн областаш), аренаш (Саратовн (цхьаццанхьа) а, Волгоградан а областаш), ахгӀум-аренаш (ГӀалмакхийчоь, Аштаркханан область). Къилберчу лаьттан декъа тӀехь йовхачу эхашеран заманахь (апрелера октябре кхаччалц) ченан мох а, бекъа мох а хуьлу.

ИйдалтӀиен федералан гуо[нисъе | нисъе чухулара]

Шена юкъайогӀу Юккъера ИйдалтӀиен регионаш, цхьа могӀа Российн Центран регионаш (Мордови, Пензан область), Уралхьалхе (Пермийн мохк, Башкортостан). Центр — Нижни Новгород. Гуон майда РФ латтанах 6,08 %. Бахархой 2008 ш. 1 январехь — 30 241 583 (21,4 % РФ); алсама гӀалийн бахархой бу. Масала, Самаран областехь >80 %, РФ (73 % гергга).

Ийдалан-Вяткан экономикан кӀошт[нисъе | нисъе чухулара]

Лаьтта юккъерчу Ийдал тӀехь. Ӏоштан майда 1000 км озаелла ю къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, масех Ӏаламан зонашкахь ю: къилбаседа дакъа тайгахь а, къилбан — хьун-аренашкахь а. КӀошт ю Российн Цетрехь, кеманаш лела Ийдалан, Окан, Вяткин бассейнашкахь, доза а ду, чӀагӀъелла экономикан уьйр ю Центран, Уралан, Къилбаседан, ИйдалтӀиера кӀошташца. Бахархойн барам — 7,5 млн ст. (2010). Бахархой луьсталлин юккъера барам — 32 ст./км², цхьабосса охьахевшина бац. Дукхаха болу бахархой оьрсий бу, уьш боцуш кхузахь беха марийш, мокшаш, эрзяш, чувашаш, гӀезалой, удмурташ. Урбанизацин барам дикка лакхара бу — 70 %, цу тӀе 7,5 миллионах 2 млн веха Нижегородскан агломерацехь.

ИйдалтӀиен экономикан кӀошт[нисъе | нисъе чухулара]

Лаьтта Ийдалан лахехь. ИйдалтӀиен майда 537,4 эзар км², бахархой 17 млн стаг, бахархойн луьсталла 25 стаг/км². ГӀалийн бахархойн дакъа — 74 %. ИйдалтӀиен экономикан кӀоштан юкъайогӀу 94 гӀала, 3 гӀала-миллионер (Самара, Казань, Волгоград), 12 федерацин субъект. Къилбаседехь доза ду Ийдал-Вяткин кӀоштаца, къилбехь Каспий-хӀордаца, малхбалехь Уралан кӀоштаца а, Кхазакхстанца а, малхбузехь — Центран-Ӏаьржалаьттан кӀоштаца а, Къилбаседа Кавказца а. Экономикан сема — Ийдал хи. ИйдалтӀиен экономикан кӀоштан центр ю Самарехь.

ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци[нисъе | нисъе чухулара]

1998 шеран 27 октябрехь Самара гӀалахь хилира ИйдалтӀиен яккхийчех ворхӀ гӀалин (Казань, Лахара Новгород, Пенза, Самара, Саратов, Ульяновск, Чебоксара) куьйгалхойн хьалхара Юкъара гулам, цигахь ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци кхолларан барт кӀела куьг яздира. Оцу гӀуллакхо путевка елира дахаре муниципалан кхолламийн уьйран керлачу структуран — ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци (ИГӀА). 2000 шеран февралехь Ассоциацин юкъакхийтира Йошкар-Ола, 2002 шеран 1 ноябрехь цуьнан могӀанаш буьзира Аштаркхнено а, Саранско а, 2005 шарахь — турпал-гӀала Волгоград, 2009 — Киров. Тахана ИГӀА юкъахь 25 гӀала ю, царех яккхийнарш:

  1. Аштаркхне
  2. Волгоград
  3. Йошкар-Ола
  4. Казань
  5. Киров
  6. Нижни Новгород
  7. Пенза
  8. Самара
  9. Саранск
  10. Саратов
  11. Ульяновск
  12. Чебоксара

2015 шарахь Ассоциацин юкъаягӀара: Ижевск, Пермь, Уфа, Оренбург, Тольятти, Арзамас, Балаково, Димитровград, Новокуйбышевск, Новочебоксарск, Сарапул, Стерлитамак, Сызрань. Ассоциацин гӀаланашкахь веха кхойтта миллион сов стаг.[4]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]