Чулацаман тӀегӀо

Филиппинхой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Филиппинхой
ДIасакхалхар

 Филиппинаш: 100 млн
 АЦШ: 3 898 739
 СаӀудийн Ӏаьрбийчоь: 1 020 000
 ӀЦЭ: 679 819
 Канада: 837 130
 Малайзи: 325 089
 Япон: 260 553
 Австрали: 232 386
 КъатӀар: 195 558
 Сингапур: 175 000
 Итали: 167 859
 Гонконг: 130 810
 Испани: 115 362
 Йоккха Британи: 112 000
 Тайвань: 108 520
 Къилба Корей: 63 464
 Керла Зеланди: 40 347
 Исраил: 31 000
 Папуа — Керла Гвиней: 25 000
 Нидерландаш: 20937
 Германи: 20 589
 Таиланд: 17 574
 Макао: 14 544
 Швеци: 13 000
 Ирланди: 12 791
 Австри: 12 474
 Норвеги: 12 262
 Цийчоь: 12 254
 Швейцари: 10 000
 Кхазакхстан: 7 000
 Палау: 7 000
 Желтойчоь: 6 500

 Туркойчоь: 5 500
Мотт филиппинхойн меттанаш, ингалсхой
Дин католикалла, Ламастин динаш
Гергара къаьмнаш Австронезийн къаьмнаш
Этносин тобанаш висайя, тагалаш, илокаш, моро
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Филиппинхо́йФилиппинийн архипелаг тӀехь я политикин агӀора республика Филиппинашкахь (ткъа церан дозанаш цхьатерра аьлча санна ду) еха къаьмнийн тоба. Берриш — 103 млн гергга стаг ву, царна юкъахь Филиппинийн республикин бахархой— 99,9 млн ст. (2010).

Висайя — 40 %, тагалаш — 21 %, илокаш — 12 %, моро — 7 %. Бахархой тайп-тайпанчу антропологин тайпана бу, коьртаниг къилбамонголоидан тайпанара кавказоидийн компоненташца, я ийна монголоидан-австралоидан тайпанара. Аэта къам австралоидан тайпанара ду.

Дин агӀора 86 % гергга — католикаш, 10 % — бусалбанаш (къилба-малхбузан гӀайренийн бахархой цхьаьнатоьхна бу башха бусалбачеран регион санна). Керсталла ийна ю меттигерачу динашца, иза бахьнехь яьржина синкретин культаш, масала, меттигера филиппинийн аглипаянан килс.


Филиппинийн меттанаш ду филиппинийн зонера малхбуза-австронезийн тобанан австронезийн меттанаш. Уьш гергара ду хӀиндонезийн а, малайн а меттанийн. Филиппинийн республикин пачхьалкхан мотт — филиппинийн мотт, стандарт йина бу тагалийн бух тӀехь.

Филиппинхойн къоман символом сампагита зезаг (хӀиндин ясминан меттигера цӀе) ду.