Новиков, Валерий Иванович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Новиков Валерий
Valeriy Novikov 2018.png
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Новиков Валерий Иванович
Вина терахь 1957 шеран 1 ноябрь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Москох, ССРС
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Российн байракх Росси
Локхалла 192 см
Йозалла 87 кг
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1975—1977 Байракх ССРС Локомотив (Москох) 14 (-16)
1978—1987 Байракх ССРС ЦСКА (Москох) 257 (-276)
Къоман гулйина команда[* 2]
? Байракх ССРС ССРС (кег.) ? (?)
1978—1984 Байракх ССРС ССРС 2 (-2)
1984 Байракх ССРС ССРС (олимп.) 1 (-1)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.

Но́виков Вале́рий Ива́нович (вина 1957 шеран 1 ноябрехь, Москох) — советийн футболист, кевнахо. 1980 шеран Европин кегийрхойн чемпионатан толамхо. ССРС дуьненаюкъара классан спортан говзанча. Вевза москохан клубашна «Локомотиван» а, ЦСКАн а юкъахь ловзарца. ССРС гулйина командехь левзина кхаа матчехь, царех цхьаъ олимпийн гулйина командехь. ХӀинца бизнес лелош ву.[1]

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Футболан Смена (Москох) ишколан кхиорхо.

Новиков Валерийс шен профессионалан карьера йолийра москохан «Локомотивехь». Цуьнан дебют хилира «аьчкановкъахошца» 1976 шеран бӀаьстенан чемпионатехь, оцу хьалхеяккхарехь иза левзира шина матчехь, чутохийтира цхьа гол. «Локомотивехь» Новиковс кхо шо даьккхира. 1978 шеран чемпионат йолаялале Валерий дӀакхийтира москохан ЦСКАх. Ши шо даьлча Новиковх эскархойн коьрта кевнахо хилира. Итт шарахь ЦСКАхь Валерий левзира 270 матч, чутохийтира 291 гол. 1987 шерал тӀаьхьа Новиковн, коьртачу хӀоттамера меттиг байра, сацам бира шен карьера ТӀеман Ницкъашна юкъахь ловзуш Чехословакехь дӀаяхьа, циггахь чекхъяьккхира футболистан карьера.[1]

Гулйина командера карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

ССРС кегийрхойн гулйина командехь 1980 шарахь Европин кегийрхойн чемпионатан толамхо хилира. ССРС гулйина коьрта командехь левзира шина матчехь, царна чохь цхьа гол тохийтира. Мехкан гулйина коьрта командехь дебют хилира 1979 шкран 5 апрелехь а Финляндин гулйина командин дуьхьаларчу матчехь. ТӀаьххьара матч гулйина командехь левзина 1984 шеран 19 августехь Мексикин гулйина командин дуьхьала. Кхин а цхьа матч левзина ССРС олимпийн командехь.

Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Долара[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 1976 шарахь дуьйна спортан говзанча.
  • 1980 шарахь дуьйна Дуьненаюкъара классан спортан говзанча.

Командин[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • УЕФА жимахойн турниран толамхо: 1976
  • Европин кегийрхойн чемпионатан толамхой: 1980
  • ССРС Хьалхара лигин толамхо: 1986

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]