Крячко, Валентин Николаевич
Юьззина цӀе | Крячко Валентин Николаевич | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1958 шеран 27 январь (63 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Комсомольски, Змиёвн кӀошт, Харьковн область, Украинийн ССР, СССР | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Крячко Валентин Николаевич (укр. Валентин Миколайович Крячко; 1958 шеран 27 январехь, Комсомольски, Змиёвн кӀошт, Харьковн область, Украинийн ССР, ССРС) — советийн, украинин футболист а, тренер а, кегийрхойшна юкъара дуьненан чемпион (1977), ССРС дуьненаюкъара классан спортан говзанча (1977).
Футболан биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ловзархочун карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Валентин футболех ловза волавелла ша вехачу юьртахь Слобожански. ТӀаьхьа кхечира харьковн спортинтернатан дуьххьара гулйиначу классе, цигахь цуьнан тренер хилира Кольцов Николай Михайлович.
1974 шарахь, 9 классан дешархо волуш, дебют хилира харьковн «Металлистийн» дублёрашна юкъахь, ткъа 1975 шеран 9 августехь, хьалхарчу лигин командийн «Динамо» (Минск) — «Металлист» дуьххьара аравелира ловза Харьковн коьрта командин юкъахь. Оццу шарахь деша вахара киевн спортинтернате тренер В. Киянченко волчу[1].
Дукха хан ялале Крячкога кхойкху ССРС гулйина жимахойн команде, цигахь левзира шен нийсархошца а, 1958 шарахь динчу берашца, кхин баккхийчеран гулйина командехь а. 1976 шарахь Валентин хуьлу официалан йоцучу жимахошна юкъара Европин чемпионатан толамхо, иза хилира Мажарчохь. Кхин а шо даьлча хилира кегийрхойн дуьненан чемпионат Тунисехь, цигахь Крячко ССРС гулйинчу командица юха а хуьлу толамхо[1].
Къоначу юккъера турслочун ловзаран тидам бахара дукха футболан тренерийн, Валентинега кхайкхира москохан «Локомотиве», шозза кхайкхира киевн «Динамо»[1]. Амма гӀараевллачу командашка дехьавала турсло ца хӀоьттира, Харьковхь висира иза. 1975 шарахь дуьйна левзира «Металлист» юкъахь, 1981 шарахь цуьнца яьккхира лакхарчу лигехь ловза бакъо.
1982 шо даьхьира киевн СКА юкъахь, иза цига хьажийра тӀемлойн гӀуллакхе. 1983 шарахь юхавирзира «Металлисте», цунна юкъахь кхо матч а левзина шо чекхдаллалц дехьаваьккхира кхечу харьковн команде — «Маяке», цул тӀаьхьа юха а гӀалин коьрта команде юхавирзира.
1986 шарахь лоьрашна карийра Валентинан деган болх нийса ца хилар — аритми, цул тӀаьхьа 28 шо долу футболистан дийзира ловзархочун карьера йита, тӀаккха тренеран болх бан волавелира[2]. ТӀаьхо масехаза карлаяьккхира ловзархочун карьера. 1990-гӀа шерийн юьххьехь а, чеккхенгахь а левзира Белгородан профессионалан клубехь.
Тренеран карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
1986 - 1993 шерашкахь ДЮСШ «Металлистехь» бераш Ӏамош вара. Дезткъе итталгӀа шерашкахь спортан ишколехь тренер балхахь а волуш, ловзуш вара Белгородера «Ритм» клубехь[2].
1994 шарахь ассистент вара «Металлистан» тренеран Довбий Александран, ткъа иза дӀаваьллачул тӀаьхьа коьрта тренер хӀоттийра Камарзаев Виктор, киевн «Динамон» а, донецкан «Шахтёран» а дуьхьалара чемпионатан матчашкахь дакъалецира ловзархо волуш. 1994 шо чекхдолуш вахара Ткаченко Леонидан гӀоьнча болхбан лакхарчу лигера «Темп» (Шепетовка) клубе, иза дукха хан ялале финансаш ца хиларна дӀасахийцира[2]. 1995 шеран августера ноябрь кхаччалц коьтехь лаьттира, хьалхалера клубах бисинчу ловзархойх йина, «Темп-АДВИС» клубан, амма дукха хан ялале, оцу клубах хьалхарчих хилларг хилира.
1997—1998 шерашкахь Крячко юха а футболан арене велира футболистан статусехь, российн Белгородера «Салют-ЮКОС» командехь.
1998 шарахь лаьттира харьковн футболан команда «Арсенал» кхолларан хьостехь , цигахь коьрта тренер лаьттира 2001 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа юхавирзира «Металлисте», цигахь 2001 июлехь дуьйна я Фоменко Михаилан ассистент хилира[3]. 2002 шеран ноябрехь хӀоттийра харьковн командин коьрта тренер, оцу даржехь болх бира 2003 шеран май бутт кхаччалц.
2003 шерера 2004 шеран апрель кхаччалц тренер вара кхин цхьаьна харьковн клубан — «Гелиосан».
Болх бира «Калина-Харьков» фирмехь, цигахь кхоьллира гӀалин чемпионатахь ловзу футболан команда[1]. Левзира Харьковн ветеранийн командашкахь.
ТӀаьхьа — Харьковн кӀоштан пачхьалкхан администрацин доьзалан, кегийрхойн, спортан гӀуллакхан декъан хьаькам[4].
Дешар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Кегийрхошна юкъара дуьненан чемпион: (1977)
- Жимахошна юкъахь Европин чемпион: (1976)
- ССРС хьалхара лигин толамхо: (1981)
- ССРС шолгӀа лигин толамхо: (1978)
- Жимахошна юкъахь УССР чемпион: (1974)
- ЕЛККС ЦК «Жималлин Кад» турниран толамхо: (1974)
- ССРС къаьмнийн ишколхошна юкъара XIV Спартакиадин толамхо: (1976)
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 27 январехь
- Бинарш 1958 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Змиёвн кӀоштахь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех яззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Харьковн къоман хьехархойн университетера арахецнарш
- ССРС футболисташ
- Украинин футболисташ
- ФК «Металлист» ловзархой
- ФК «Маяк» Харьков ловзархой
- ФК ЦСКА Киев ловзархой
- ФК «Ритм» Белгород ловзархой
- ФК «Салют» Белгород ловзархой
- Украинин футболан тренераш
- ФК «Темп» Шепетовка тренераш
- ФК «Металлист» тренераш
- ФК «Арсенал» Харьков тренераш
- ФК «Гелиос» тренераш
- Дуьненаюкъара классан ССРС спортан говзанча
- Футболех ловзаран кегийрхошна юкъара дуьненан чемпионаш