Шенгелия, Рамаз Александрович
![]() | |||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||
Юьззина цӀе | Шенгелия Рамаз Александрович | ||||||||||||
Вина терахь | 1957 шеран 1 январь[1] | ||||||||||||
Вина меттиг | |||||||||||||
Кхелхина терахь | 2012 шеран 21 июнь[2] (55 шо) | ||||||||||||
Кхелхина меттиг | |||||||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
||||||||||||
Локхалла | 173 см | ||||||||||||
Позици | тӀелатархо | ||||||||||||
|
|||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||
|
|||||||||||||
|
Шенге́лия Рама́з Алекса́ндрович (гуьрж. რამაზ ალექსანდრეს ძე შენგელია; 1957 шеран 1 январь, Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС — 2012 шеран 21 июнь, Церовани, Гуьржийчоь[3]) — советийн футболист, тӀелатархо. ССРС Спортан дуьненаюкъара классан говзанча (1980). ССРС Хьакъ долу спортан говзанча (1981).
Шенгелия Рамазан 2 лакхар дешар дара — цуо чекхъяьккхина Гуьржийн физкультуран институт а, ТПУ (юридически факультет, 1986).
Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ловза волавелла Кутаисин «Торпедон» кечаман тобанашкахь Хурцидзе Карло волчохь (1968). Ишколе дӀаоьцуш Рамаза ша цхьанне кепара ца гайтира, амма да тӀаьхьара а ца ваьлла кӀант тӀеийцира зуьш хан йиллина[4].
1978 шарахь Шенгелия кхайкхийра ССРС уггаре дика футболист аьлла, ткъа 1979 шарахь дебют хилира ССРС гулйина командин юкъахь. 1980 шарахь цунах хилира Европин чемпион кегийрхойн командашна юкъахь. ТӀаккха аиза ца вигира Москохан Олимпиаде.
1981 — Шенгелин уггаре аьтту хилла шо ду. Цунах, тиблисин «Динамо» юкъахь, — Кедан Кедан толамхо хилира, ССРС гулйина командица дехьаелира ДЧ-82 финалан декъе (левзира ерриг матчашкахь, шотландхошна гол туьйхира), юха а лерира мехкан уггаре дика футболист. Шенгелин голан «хьожа кхетара», лакхара стартан сихалла яра, функционалан кечам бара, аренан тӀехь ловзарна ша вериг дӀалора[5].
1981 шеран августехь левзира шеранл хьалхарчу Испанера «еаннан турнирехь». Динамохой ахфиналехь ийшира мадридан «Реалал» 2:4 (матч йоьдуш 2:1 хьалха хиллашехь), ткъа 3-гӀа меттиг къовсучу матчехь туьйлира «Баварел» — 2:1. Ерриг йиъ буьрка тиблисихошна юкъахь туьйхира Шенгелия Рамаза.
Ерриг ССРС гулйина командехь левзира 26 матчехь, чутуьйхира 10 гол.
1983 шерал тӀаьхьа спортхочун карьера охьанехьа яхара. Гулйина командехь иза кхин ца хуьлура, ткъа «Динамохь» башхаллица къаьсташ вацара. Юкъара даккха мегар ду 1987 шо, оцу хенахь Рамаз къегира УЕФАн Кедехь 87/88 6 матчехь 4 гол тоьхна, союзан хьалхеяккхарехь юкъавахара уггаре дика итт бомбардиран (11 гол 27 матчехь).
1989 шо дӀадаьхьира шведийн ФК «Хольмсунд» клубехь, цул тӀаьхьа чекхъяьккхира карьер. ТӀаьхьа Шенгелия дохковуьйлура, ша дукха хьалха ловзар дитарна[6].
1990 шеран 15 февралехь дуьйна, Гуьржийн футболан федераци кхолларан конференци дӀаяхьаран хенера, цуьнан структурехь болх бира. Цуьнан дарж дара Гуьржийн футболан федерацин гулйина командин декъан хьаькам (1990—1992). 1990-гӀа шерашна юккъехь масех шарахь хилира Чивадзе Александра Ӏамош йолу Гуьржийн гулйина командин техникин директор.
2004 шарахь иза Кутаисера Тиблиси юхавогӀуш новкъан бохаме кхечира. Лоьраша диагноз хӀоттийра коьртан хьен чухулура гематома ю аьлла, цул тӀаьхьа Шенгелия футболан арене наггахь бен ца волура ветеранийн командин юкъахь[7].
2012 шеран майхь хӀоттийра Гуьржийн футболан федерацин сийлахь вице-президент[8].
Велира 56-гӀа шо долуш 2012 шеран 21 июнехь дог гӀуо хилла шен юьртарчу цӀа чохь Тиблисин 15 км генахь йолу Церовани олучу меттигехь[9]. Тезет долуш Тиблисин юккъехь хӀоттийра йоккха экран, Шенгелин голашца футбол езархошка марзо эцийтархьама[7]. ДӀавоьллина Сабурталин кешнашкахь[10], Гуьржийчоьнан гӀарабевллачу гӀуллакххойн пантеонехь.
Статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Сезон | Клуб | Лига | Чемпионат | Кад | Еврокедаш | Кхин | ||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | |||
1973 | ![]() |
Хьалхара Лига | 1 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | ||
1974 | ![]() |
Хьалхара Лига | 14 | 2 | 0 | 0 | 0 | 0 | ||
1975 | ![]() |
Хьалхара Лига | 33 | 15 | 1 | 0 | 0 | 0 | ||
1976 | ![]() |
Хьалхара Лига | 27 | 12 | 0 | 0 | 0 | 0 | ||
1977 | ![]() |
Лакхара Лига | 24 | 5 | 1 | 0 | 5 | 2 | ||
1978 | ![]() |
Лакхара Лига | 28 | 15 | 6 | 1 | 4 | 2 | ||
1979 | ![]() |
Лакхара Лига | 29 | 8 | 8 | 3 | 4 | 1 | ||
1980 | ![]() |
Лакхара Лига | 32 | 17 | 6 | 1 | 4 | 2 | ||
1981 | ![]() |
Лакхара Лига | 32 | 23 | 1 | 1 | 9 | 7 | ||
1982 | ![]() |
Лакхара Лига | 26 | 16 | 2 | 1 | 6 | 1 | ||
1983 | ![]() |
Лакхара Лига | 27 | 11 | 1 | 0 | 0 | 0 | ||
1984 | ![]() |
Лакхара Лига | 29 | 9 | 3 | 2 | 0 | 0 | ||
1985 | ![]() |
Лакхара Лига | 22 | 6 | 1 | 0 | 0 | 0 | ||
1986 | ![]() |
Лакхара Лига | 3 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | ||
1987 | ![]() |
Лакхара Лига | 27 | 9 | 6 | 3 | 6 | 4 | ||
1988 | ![]() |
Лакхара Лига | 5 | 1 | 0 | 0 | 0 | |||
1989 | ![]() |
ШолгӀа Лига | 13 | 2 | ? | ? | 0 | 0 | ||
Ерриг | 371 | 151 | 35 | 12 | 33 | 18 |
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
2013 шарахь Шенгелин кӀентан Георгийн а, Рамазан накъостийн а ницкъашца кхоллира «Шенгелия Рамазан цӀарахь Диканаш даран фонд». Фондо гӀо дийр ду берийн футбол кхиош, говза бераш лохуш, ветеранашна гӀо деш, Рамазан цӀарах турнираш еш.
2013 шеран январехь Гуьржийчохь дӀаяьхьира Шенгелия Рамазан цӀарах хьалхара берийн турнир, финал дӀаяьхьира Кутаисехь, толамхой хилира Тиблисехь йолу Сулаквелидзе Тенгизан цӀарах академи. План ю, турнир ламастехь ян, масштабан а, дуьненаюкъара а ян, тайп-тайпана мехкашкара декъахой а болуш[6].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Ramaz Shengelia // https://fbref.com/en/players/c572fa85/(бил-боцу.)
- ↑ Former Georgian striker Shengelia dies at 55
- ↑ Прославленный футболист ССРС Рамаз Шенгелия умер на 55-м году жизни
- ↑ Щурко Сергей. Рамаз Шенгелия: Вот если бы чемпионат мира был в 1981 // Футбол от «СЭ». — 1996. — № 31. — с. 4.
- ↑ Савелий Мышалов: «Каша для Папена»
- ↑ 1 2 Год без Рамаза Шенгелия: хроника, факты, воспоминания(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 22 февралехь. Теллина 2014 шеран 11 февралехь.
- ↑ 1 2 Важа Жвания: «Его внука зовут Рамазом»
- ↑ В Тиблиси вспоминают выдающегося футболиста Рамаза Шенгелия
- ↑ Ушел из жизни легендарный советский футболист, мастер спорта международного класса Рамаз Шенгелия // Первый канал, 21 июня 2012
- ↑ В Тиблиси простились с Рамазом Шенгелия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 8 ноябрехь. Теллина 2018 шеран 8 ноябрехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 1 январехь
- Бинарш 1957 шарахь
- Бинарш Кутаисехь
- Белларш 21 июнехь
- Белларш 2012 шарахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- ССРС халкъашна юккъера даржан спортан говзанчаш
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- ССРС футболисташ
- Футболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- ФК «Торпедо» Кутаиси ловзархой
- ФК «Динамо» Тиблиси ловзархой
- ФК «Хольмсунд» ловзархой
- Федотов Григорийн клубан декъахой
- Футболех ловзаран кегийрхошна юкъахь Европин чемпионаш
- Дуьненаюкъара классан ССРС спортан говзанча
- Тиблисин пачхьалкхан университетера арахецнарш
- ДӀабоьхкинарш Сабурталин кешашкахь