Капитан (футбол)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Командин капитан хилар билгалдоккхуш йоьхкхург ФИФАн лозунгца "My Game is Fair Play"

Футболехь командин капитан ву официалан хьалхелелорг цуьнан ловзархошна юкъахь. Дукхах дерг иза хуьлу воккханиг я уггаре зиеделла командин декъахо я матчан жамӀан боккха Ӏаткъам бан таро йолу ловзархо. Командин капитан кхечу ловзархойх къастало аьрру пхьаьрсах йоьхку билгалонца.

Тотти Франческо «Ромин» капитанан билгалонца

Ловзаран бакъонашца, капитанан официалан функцеш ю матч йолалуш кхожехь дакъа лацар (агӀонийн кевнаш а, футболан буьрка ловзаран юкъаяккхаран а команда) а, матчал тӀаьхьа пенальтийн серел хьалха а. Бакъонашца, капитанан яц башха бакъонаш а, кхечарал гӀоли а вац иза, суьдхочун сацам къийса, амма цуьнца цхьаьна жоьпалла ду цунна тӀаьхь шен командин ловзархоша низам лардарехь. Оцу бахьнехь бен таро яц суьдхочун капитанца къамел дан.

Кегийрхойн а, езархойн а футболехь, командин капитана дукха хьолехь профессионалан футболехь командин тренеран тӀедехкина декхарш кхочуш до. Капитана жоп ло командин къийсамийн доьналлаех: нагахь къийсамийн доьналла командехь лахделлехь, цуо ир-кара хӀитто беза ловзархой, иштта ойуш къийсамийн доьналла .

Командин капитан дукха хьолехь хӀоттаво куьйгалло я хоржу командин ловзархоша шо долалуш. Командин капитан хӀоттор, чӀогӀа ладаме харжам бу тренеран, хӀунда аьлча капитан тренеран гӀоьнча ву футболан аренан тӀехь. Цхьайолчу командашкахь капитан автоматаца хуьлукомандехь уггаре дукха матчашкахь левзина ловзархо.

Нагахь капитан цхьаьна бахьанца матчехь ловза йиш яцахь, капитанан декхарш тӀедохку хӀоттийначу вице-капитанан я командин кхечу ловзархочун. Капитано башха роль ловзайо командин МХГӀ юкъаметтигехь, иза ву командо даьккхина совгӀат схьаоьцу а, хьалаойу а хьалхара ловзархо.

Капитано шенан тӀелаца мега цхьацца декхарш, масала къоначу ловзархошна гӀоьнна самукъа доккху, къийсамийн доьналла ойу болх хӀоттор.

Вице-капитан[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вице-капитанстартан хӀоттаман юкъа ца вахана я хийцина командин капитан цхьацца бахьнашца хуьйцу ловзархо. Цул тӀаьхьа вице-капитано шен тӀелоцу юьззина капитанан роль.

Вице-капитан командин оьшу капитан аренан тӀехь ловзуш хилча а. Тардолуьйту, цуо капитано санна шена тӀаьхьа бигар ловзархой, къоначу ловзархошна Ӏемаш гӀодар.

Дукха хьолахь капитан санна вице-капитан а хӀоттаво зиеделла я матчан жамӀан боккха Ӏаткъам бен ловзархой. Тренеро дукхах дерг хӀоттаво вице-капитан а, капитан а шо долалуш; цхьацца командашкахь уьш хоржу ловзархоша.

Капитанийн рекордаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кхаа футболисто бен ца яьккхина дуьненан а, Европин а чемпионаташ, шеш къоман командин капитанаш болуш: Франц Беккенбауэра яьккхина 1974 шеран дуьненан чемпионат, 1972 шеран Европин чемпионат; Дидье Дешама яьккхина 1998 шеран дуьненан чемпионат а, 2000 шеран Европин чемпионат; Икер Касильяса яьккхина 2010 шеран дуьненан чемпионат а, т\аьхьий-хьалхий шозза Европин чемпионат: 2008 шеран Европин чемпионат а, 2012 шеран Европин чемпионат а.

Капитанаш — дуьненан чемпионаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Капитанаш — Европин чемпионаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]