Балтача, Сергей Павлович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Балтача Сергей
Юьззина цӀе Балтача Сергей Павлович
Вина терахь 1958 шеран 17 февраль({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Жданов, Сталинан область, Украинийн ССР, ССРС
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
УкраинаFlag of Ukraine.svg Украина
Локхалла 183 см
Йозалла 74 кг
Позици юккъера турсло
Клубан карьера[* 1]
1975—1976 Байракх ССРС Металлист 19 (0)
1976—1988 Байракх ССРС Динамо (Киев) 245 (6)
1988—1990 Ингалсан байракх Ипсвич Таун 28 (1)
1990—1993 Шотландин байракх Сент-Джонстон 90 (1)
1993—1994 Шотландин байракх Инвернесс 9 (0)
Къоман гулйина команда[* 2]
1978—1980 Байракх ССРС ССРС (олимп.) 2 (0)
1980—1988 Байракх ССРС ССРС 45 (2)
Тренеран карьера
1994—1995 Шотландин байракх Инвернесс ловзу тренер
1995—1998 Украинин байракх ЦСКА-Борисфен ассистент
1998—1999 Шотландин байракх Сент-Миррен ассистент
2001—2008 Ингалсан байракх Чарльтон Атлетик академин тренер
2008—2012 Ингалсан байракх Челси академин тренер
2012—хӀ. а. Ингалсан байракх Чарльтон Атлетик академин тренер
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Москох 1980 футбол
Европин чемпионаташ
Дети ФРГ 1988
Пачхьалкхан совгӀаташ
"ГӀуллакхаш дарна" ІІІ тӀегӀанан орден (Украина)
СССР халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.

Балтача́ Сергей Павлович (вина 1958 шеран 17 февралехь, Ждановхь, Сталинан область, УССР, ССРС) — советийн а, украинийн а футболист, турсло а, ахтурсло а. ССРС спортан говзанча (1977), ССРС дуьненаюкъара классан спортан говзанча (1980), ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1986).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1958 шеран 17 февралехь Ждановхь (хӀинца Донецкан область, Украина). Ждановн берийн «Азовсталь» командин а, харьковн спортинтернатан а кхиорхо. Киевн «Динамо» юкъахь ловзуш, доьазза яьккхина ССРС чемпионат а, доьазза ССРС Кад а. Балтача Сергейс кхин а баьккхина УЕФАн Кад баьккхинчеран Кад (1986).

ССРС гулйина командехь левзина 45 матч, чутоьхна 2 гол. ССРС олимпий гулйина командехь левзина 2 матч. Кхин а левзина ССРС гулйина командехь цкъа официалан йоцучу матчехь (ССРС — Дуьненан седарчий — 3:3, 1989 шеран 28 июнехь), оцу матчехь гол туьйхира.

1988 шо чекхдолуш, советийн футболистех уггаре хьалхарчаьрца дӀавахара ловза дозанал арахьа, Йоккхачу Британи. Ткъа эзар стерлингийн фунт делира цунах ингалсан футболан клубо «Ипсвич Тауно».

1989 шеран январехь дебют хилира керлачу клубехь цӀерачу ловзарехь «Суонси Ситин» дуьхьала, гӀо дира шен командин 5:1 чоьтаца толам баккха.

1989—1990 шерашкахь 8-зза левзира «Ипсвич Таун» юкъахь, царех 3 бен коьртачу хӀоттамехь ца левзира. 1990 шеран июлехь мехаза кхечира шотландин футболан «Сент-Джонстон» клубана, цунна юкъахь аьттонца левзира 3 шарахь. 1993—1994 шерашкахь левзира «Инвернесс Каледониан Тисл» командехь. Цунна юкъахь левзира ловзу тренер а волуш.

Цул тӀаьхьа, 1995—1998 шерашкахь, коьрта тренеран ассистент болх бира Украинехь «ЦСКА-Борисфен» юкъахь годах. ТӀаккха Шотланде юхавирзина коьрта тренеран ассистент хилира «Сент-Мирренехь» (1998—1999), тӀаккха тренер хилира Шотландин футболан ассоциацин (1999—2001).

2001 шарахь дуьйна — Ингалсехь «Чарльтон Атлетик» клубан жимахойн академин тренер. Цхьаьна хенахь болх бира «Челсехь», ткъа 2012 шарахь юха а «Чарльтон Атлетике веира».

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]