Медицина

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Грекийн медицинан дела ву бохачу Асклепийн (Эскулапан) хӀоллам, лаьцна ву хьевзина лаьхьа болу символан Асклепийн Iаса

Медици́на (лат. medicina схьадаьлла ars medicina — «дарбанан говзалла», «туоваран говзалла»[1], бу изза орам, глаголан medeor санна, «дарбадо»[2]) — Ӏилма довзаран а, практикехь леладаран а система ю, шен Ӏалашо диагностика, дарба, цамгарийн профилактика, адамийн могашалла а, болхбанбалар а Ӏалашдар, чӀагӀдар, дахар дахдар[3][4], ткъа иштта физикан а, психикан а цамгарийн бала байбар йолуш.

«Халкъан», «ламастехь йоцу» медицинашна а, кхечу «практикашна» а царех къасто оьшучу хенахь билгалйоккху — массара а тӀеэцна медицина (я конвенционалан, схьадаьлла инг. conventional — ламасте, массара тӀеэцна).

Символаш[нисъе | нисъе чухулара]

Тахана дуьненахь уггар медицина билгалйоккхуш яьржина символан йиъ вариант ю.

XX бIешеран чеккхенгахь арахьарчех медицинин цхьа символ хилла — ялх са болу «Дахаран седа»[5]. Цулла а шира медицинин символ ю Асклепийн Iаса, иза дийцарехь, воккхачу дарбанчин хилла. КхоалгӀа яьржина билгало — цӀен жӀар а, цӀен бутт а; цуьнан сий айина ЦIен ЖIаран а, ЦIен Беттан а дуьненаюкъара боламо. ЕалгӀа медицинин символ —гонахьа лаьхьа а хьаьрчина кад бу — схьаялар дарбанехь лаьхьан дӀовш лелош хиллачу Авиценнегара а, ширагрекийн могашаллин дела ву бохаш хиллачу кедаца а, лаьхьица а гойтуш хиллачу Гигиеягара а ду[6].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Медицинан истори
Хеси-Ран, философан, архитекторан, паччахьан библиотекаран, хила тарло, дуьххьара исторехь хьахийначу лоьран дечиган аннаш тӀиера сурт[7]
ГӀараваьлла грекийн лор — Гиппократ
Шира Руман катетер

Шира дуьне[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Шира медицина

Хьалха цамгар кхоллаялар гуора цхьа арахьара адамца мостагӀалла долу дийна хӀума мухха а дегӀах юлий цуьнан таро хуьлу схьадало цамгаран хьал. Иштта, оцу муьран адамна Ӏаламан ницкъашна дуьхьала гӀо кхача меттиг боцуш, хӀунда аьлча гонахьарчу Ӏаламах цакхетам хилар бахьнехь, адаман чудала йишйолуш зуламе синош хиларан ойланаш кхоллаелира, ткъа цуьнца кечдира цхьа могӀа бозбунчаллин гӀирсаш а, дарбанан кепаш (луьйца йохкарш, дуӀанаш, кхин дӀа а) а, уьш хилира, ма-дарра аьлчи, психотерапин зирхӀаш. Адаман хьалхарчу муьрехь дарбанаш лелор а, шама́налла а кхолладаларо, кхиаро юкъабаьккхира «дарбадар» боху кхетам. Шира Малхбален пачхьалкхашкахь яьржира цӀуйн я кашкевн медицина. Дика кхиамаш баьхна медицино кхианчу антикан пачхьалкхашкахь: историн тептарш ду, вайга тешалла схьакхачийна белхаш бу ширагрекийн лоьран Гиппократан, руман Ӏаламталлархочун Гален Клавдин, александрин лоьрийн Герофилан а, Эрасистратан а. Цул сов, Шира Малхбален (ширамисаран медицинан тептарш; Хаммурапи законаш; Ману законаш, ХӀиндера Аюрведа, кхин а) йозанан эсаш тешалла до, ширачу пачхьалкхашкахь законаца регламенташ хиттира лоьрийн белхашна, дарбадаран луш йолу гонораран барам а, цомгашчуш зулам дахь долу жоьпаллин тегӀа а.

Иштта, ширачу дуьненахь лоьраш а, цIуй а, бозбунчаллин дарбанан кепашца цхьаьна, лелайора рационалан а, халкъан медицинан дарбанан кепаш а, гӀирсаш а. КӀезиг ладаме маьӀна дина ца Ӏара диететикан, гигиена яздаран, массажан, хин процедурашна, гимнастикан. Девза тахане кхаьчна долу дарбанехь аьттонца (куьйга даьхна трепанацин Ӏуьргаш долчура даьӀахкан хьаса меттахӀоттаран лараш, даьӀахк хӀоттаелла меттигаш кагйинчу даьӀахкан тӀехь, кхин а) хирурги лелаяран тешаллаш: туьтан трепанаци, цул сов, язйина ю кесаревн ходана дар бердарехь патологи я нана яларан кхерам болуш меттиг хилча, ткъа кирахь бер делчи — эмбриотоми яр, кхин а. Ширацийн медицино лелабора 2 000 сов дарбанан гӀирс, царна юкъахь башхачу меттигехь яра женьшень, гинсу, ревенан орам, камфор, кхин а. Масех эзар шо ду ша кепара йолчу мехийнтерапин. Дикка лакхарчу тегӀане кхаьчнера Шира ХӀиндехь анатоми а, хирурги а.

Шира Мисар[нисъе | нисъе чухулара]

Пациентан дарбадеш волу лор

Ширамисаран медицина хилла терго йина тидаме лаьцна билгалонех тешарца ийна. Лор вахавезара цӀуйш кхоьллина яздинчу низамца. Массо а медицинера кхиамаш шайн жӀарашна тӀеяздора: Осирисан, Исидин, Горан, Бастан, Тотан. Лоьрийн гӀуллакх карахь дара цӀуйн — пастофорийн. Цара тӀеоьцура цомгашнаш килсашкахь. Медицина хьоьхура башха ишколашкахь.

Мисрахь гигиено йоккха роль ловзайора: билгала динера гражданийн дахаран кеп, церан дуург, наб, цӀано. Дукхаха йолу бакъонаш схьаийцира жугташа, церан деза жайнаш юкъа яхара уьш. ХӀора 3 дийнахь (кхечу хаамашца — 3 баттахь) дегӀ цӀандархьама чоьна молха а, Ӏаьттавар а дара яздина, билгалчу ханна хӀоттийна марха дара. Могашалла Ӏалашйора ловзаршца. Башха дагардийриш бара дӀаяздеш берадарш а, баларш а, цамгарийн бахьнаш а билгалдохуш. ДӀабохкара кешнашкахь, лаьмнашкахь; пирIунан дакъана йора башха пирамидаш. Маьршачу гражданийн декъийшна кхаа кепара бальзам хьокхура, шен юкъараллехь хиллачу хьоле терра.

Тахана адам доьлла кхетамаш анатоми а, физиологи а йоцу хьесап дара ширамисаран медицинехь, ткъа уьш гар идеалистийн дара. Оцу гаре хьаьжжина, дегӀ леладо 4 сино (деканаш). 50 шо кхаччалц дегӀ дазло хӀора шарахь 1/2 лот (6,5 грамм гергга), ткъа тӀехьа жимадала долало, цунах валар хуьлу.

Мисархошан девзаш хилла 700 кепара Ӏаламан молха. Евзаш яра опиум а, кIуомал а. хӀинцалера медициница дуьстича, чоьхьара гӀирсаш дукха а бацара. Уьш лелабора даиман керла а, бохбина а, ткъа иштта бедца иэбора, бепиг кепара лора. Беран молха кийра дахийта, бера дакхочо даар иза, ненан шурийца беран кхочура. Цул сов чоьхьара (багахула) дарбанан кепаш тайп-тайпана яра: клизмаш, тампонаш, кӀуртохар, хьакхар, белхьамаш. Цергашна пломба тухура, тӀеоьшушъерг куьйга йора, тӀетосура дешийн серашца уллорчу цергашна. Эберс Георга дийцарехь, луьйца йоллар адаман лахарчу тегӀанца бен ца леладора.

Ширамисаран лоьраш гӀеххьа кхиамаш баьхна бӀаьргийн цамгаршна дарбадеш: молханаш а яздора, операцеш а йора. «Мисаран цӀий кӀезиг хилар» я анкилостомоз (шакепара цамгар, уьнан этиологи, дукха хан йоццуш бен кхетам бела а бац) хиларан бахьана дукха нийса гайтина ширамисаран папирусашкахь. Яздарехь, чкъоьрийн цамгарш а, проказа (лепра) дукха хилара, оцу тӀе проказа лорура уьнан цамгар, цундела цомгушберш дӀакъастабора могушчех. Мисархойн хирурги дикка тӀехьайиснера хӀиндихойнчул, амма чевнаш дӀа дика йоьхкура, меже кагйина меттиг хилча йоьхкургаш хуьйцура. ДаьӀнашна xIyp тосура я хьакхарца дарбадора. Цул сов, кечйинера шортта кепаш нийса бер схьаиэцарехь (акушералла), ткъа иштта зударийн цамгаршна (гинекологи) дарбадарехь а, бер цахиларехь а, уьш тӀеэцнера мисархошкара грекаш, тӀехьа ширагрекийн лоьраш дӀа а яздина.

Юккъера бӀешераш[нисъе | нисъе чухулара]

Абу Ӏали Ибн Сина — юккъерчу бӀешерийн гӀараваьллачух цхьа лор

Гулбелла медицинан практикан тидамаш бара юккъерчу а бӀешерашкахь. Юкъабевлира цомгашчарна а, чевнаш йинчарна а дарбадаран леррина кхолламаш, монастыран дарбан цӀенош гражданийн бахархошна (VII бӀешо). ЖIаран леларша, бахархойн миграци йира, аьтту бира меттигаш есаюьтуш долу ун даржо, меттиг баьккхира Европехь карантинаш ян.

VII бӀешарахь исламан пачхьалкхашкахь Ӏилманаш жигара кхиа долало: исламан дуьненан Ӏилманчаш кхечаьрца цхьаьна кхиадо ширачу цивилизацийн медицинан Ӏилманаш. Халифаш доладо Ӏилманан а, Ӏилманчийн а. Харун ар-Рашида хӀиттайо БагIдадехь ишколаш, дарбанан цӀенош, аптекаш. Цуьнан кӀанта Аль-Мамуна кхуллу БагӀдадехь Академи, кхойкху шена массо а пачхьалкхашкара Ӏилманчашка. Ишколаш хӀиттайо дукхачу меттигашкахь: Куфехь, Басрехь, Бухарехь, кхечу гӀаланашкахь а.

873 шарахь Ахьмад ибн Тулун паччахь волуш кхоьллира дуьххьарлера бахархойн мискачу чкъоьран лерина долу доккха пачхьалкхан дарбанан цӀа. Дарбанан цӀа чу вуьллуш ахча а, духар а лардан дӀалора куьйгалхочун, ткъа аравоккхуш цу чуьра пациентан тӀеххьара рационан лерина цхьа котам а, цхьа бепиг а лора. Дарбанан цӀа чохь кӀезиг хьекъалдолчийн дакъа а дара[8].

Ӏарбойн таро яра, хетарехь, медицина кхион, хӀунда аьлчи исламо кхайкхара цамгаршна дарба лахар а, нахана дарба лелошберш сийдар а. Ӏарбойн Ӏилманчаш-лоьраш гоч а бора, Ӏама а бора ширачу лоьрийн кхолламаш. Ибн Зухр (Авензоар) ву дуьххьарлера, анатомировани а, велча дакъа иэтӀош а хилла волу гӀараваьлла лорКеп:Бац АИ. ГӀарабевлла Ӏарбойн лоьраш: ХӀарон, Бактишва (масех лор-несториан), ГӀонан, Кеп:Гоч ца дина 3, Ар-Рази, Iали ибн Сахьль Раббан аль-Табари (ГӀали-Ӏаббас), Ибн Сина (Авиценна), Альбукъасис, Ибн Рушд (Аверроэс), Ӏабдул-ЛатӀиф аль-БагӀдади.

Византийн а, Ӏарбойн а медицино дахахаийра дуьненан медицинан Ӏилма керлачу лазарийн симптомаш а, дарбанан гӀирсаш а дӀаяздеш. Медицина кхиорехь алсама роль ловзийна юккъерачу азин Ӏилманчо Ибн-Синас (Авиценна).

Малхбуза Европера юккъерчу бӀешерийн медицина[нисъе | нисъе чухулара]

XI—XII бӀешерийн Салернан лоьрийн ишколан лоьраш а, пациенташ а гойту гравюра

Юккъерчу бӀешерийн Малхбуза Европехь, антикаца дуьстича, эмпирийн Ӏилма гӀелделла дара, хьалхе яра теологин а, схоластикан а. Ӏилма чудирзира университеташна. IX бӀешо долалуш, Германин, Ингалсин, Францин хӀинцалерчу дозанашкара университеташкара, кхечу Ӏилманашца цхьаьна Ӏамош яра медицина а. дарба леладора монахаш а, дуьненан адамаша а. Юккъерчу бӀешерашкахь Европера уггар гӀараяьлла лоьрийн ишкол яра Салернераниг. Оцу ишколан кхолламаш масала дина тӀеэцна бара кхечу дешаран меттигашкахь. Уггар гӀараяьлла яра гигиенан поэма «лат. Regimen Sanitatis». Салернан ишколехь бара динан а, дуьненан а даржашкара лоьраш, ткъа иштта зударий а. Цара куьйгалла дора дарбанан цӀийнашкахь, уьш тӀаме дахана эскаршца бара, паччахьашна а, церан доьзалашна а уллохь бара. XIII бӀешерашкахь бен ца буьйлабелира, оцу хенан цхьа кӀеззиг болу медицинан векалш тергонца а, зеделларгца а цамгарийн Ӏалам довза гӀерта. Иштта бу Виллановр Арнольд а, Р. Бэкон а. XIV бӀешарахь йолало анатомих Ӏилма хила, бух декъий иэтӀадар а болуш, тӀаккха Мондино де Луццис (1275—1326) арахоьцу кхоллам, шен чохь меженаш нийсса гойтуш. ТӀаккха а, XV бӀешо кхаччалц Ӏарбой хьалха бара европан медицинехь, ГIаланан кхоллам а Европехь баржийна бара Ӏарбойн маттара гочдина.

Юккъерачу бӀешерашкара Русь[нисъе | нисъе чухулара]

Русехь монастыран медициница цхьаьна кхуьура халкъан медицина. XI—XII бӀешерашкахь Переяславлехь а, Киевехь, XIII бӀешерашкахь Львовехь кхоьллира дарбанан цӀенош. Дарбанан гӀуллакх Россехь дукха хенахь дуьйна леладора лоьраш-эмпирикаш («ликовци»), аптекарша («зелийникы»), даь1ахкашнисйийриш, цирюльникаш.

Юхакхиаран мур[нисъе | нисъе чухулара]

Медицина кхиорехь йоккха гӀулч яьккхира Юхакхиаран муьрехь (XV—XVIII бӀешераш). Швейцарийн лор Парацельс вистхилира зеделлачун а, хаарш а тӀехь кхоьллина йолу медицинан пропаганда еш, лоьрийн практикин юкъдаялийра тайп-тайпана химин гӀирсаш а, минералан хиш а. А. Везалийс яздира адаман дегӀан а хӀоттамах а, функцех а лаьцна. Ингалсан лоьро У. Гарвейс кхоьллина цӀийлеларан Ӏилма.

XVI бӀешеран практикан медицинан областехь коьрта хилам хилла италихойн лоьро Дж. Фракасторос контагиозан (уьнан) цамгарийн Ӏилма кхоллар а, французийн лоьро А. Парес дуьххьарлера хирургин Ӏилман бух кхоллар.

Керла мур[нисъе | нисъе чухулара]

1682 шарахь шен пациенташка хьожуш волу лор
Вайн эран вуьрхӀитталгӀачу бӀешерера операци

Промышленностан арахецарш кхиаро тидам багӀийтира профессионалан цамгаршан. 17-18 бӀешерийн дозанехь италихойн лоьро Б. Рамаццинис юьхиг йолийра промышленностан патологи а, белхан гигиена а Ӏаморехь.

Медицина кхиарца кхоллало тайп-тайпана пачхьалкхашкахь медицинан дешаран кхолламаш. 18 бӀешерашкахь Российн имперехь кхоьллира Iилман академи (1724 ш) а, медицинан коллеги (1763 ш) а — медицинан областера административан центраш а, иштта масех медицинан ишкол.

1773 шарахь Львовехь дӀайиллина Медицинан коллегиум, иза 1784 дӀаиэелира Львован университетан медицинан факультетаца, 1787 — дӀайиллина Елизаветградан лоьрийн-хирургин ишкол. Киевн академин дешархойх бух коьллира медицинан ишколан, XVIII бӀешераш чекхдовлуш хьеха йолийра медицина (1802 шарахь дӀайиллира медицинан класс — дуьххьарлера хьехархо хилира А. Ф. Масловский).

XVIII бӀешеран шолгӀачу декъехь — XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь тӀеман а, хӀордан а гигиенин бух боьттина. Немцойн Ӏилманча Р. Кох хилира микробиологи кхоллинчехь цхьаъ. Эксперименталан фармакологин а, токсикологин а бух боьттира французийн физиолого а, патолого а К. Бернара. Немцойн физиологан Г. Гельмгольцан, чехийн биологан Я. Пуркинен белхаш офтальмологин кхиарехь аьтту бира. Оцу хенахь алсамбовлу медицинан дешаран кхолламаш.

Медицинан некъаш а, областаш а[нисъе | нисъе чухулара]

Профилактикан медицина[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалха оцу областах Санитари а, гигиена а олура. Ӏалашо ю цамгарш цахилийтар, цхьана индивидуман а, иштта адамийн популяцийн тобанашна а.

  • Гигиено Ӏамабо адаман организман арахьарчу Ӏаламан факторийн Ӏаткъам, шен Ӏалашо оптимизаци дикачун а, профилактика вон а Ӏаткъаман йолуш.
  • Рекреационанчуо Ӏамайо организмо цамгаршна дуьхьалояр айаран методика, масала, санаторин-курортан дарбанан методика, марбеллачеран спорт, кхин а.
  • Дезинфектологино Ӏамадо специфика йоцу профилактикан уьнан а, паразитаран цамгарийн а законаш, патогенан биологин объекташна а, уьш дӀасаяржошйолчарна а Ӏаткъам баран некъаца.
  • Санитари
  • Эпидемиологино Ӏамабо цамгарийн процессийн демографи, царна локализацин а, цамгарш лахъяхаран а белхаш, эпидемеш Ӏамийна цаӀа.

Клиникан медицина[нисъе | нисъе чухулара]

Гучубахар а, дарбадар а цомгашчу нахана, юхатохар изза пациент шолгӀа цомгаш хиларх.

Фармакологи (фармацевтика)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Фармакологи

Медикан-биологин дакъош[нисъе | нисъе чухулара]

Медицинан къаьстина областаш[нисъе | нисъе чухулара]

Теоретикан медицина[нисъе | нисъе чухулара]

Медицинехь билгалйоккху теоретикан медицина я биомедицина — иза адаман организм а, цуьнан лартӀахь а, патологин а хӀоттам а, функцеш а, цамгарш а, патологин хьал а, церан диагностикан кепаш а, теоретикан позицешкара нисъяр а, дарбадар а Ӏамош йолу биологин область ю.

Теоретикан медицино толлу дарбанан теоретикан бух, практикан медицина кхиоран некъаш кховдабо. Теоретикан медицина лаьтташ ю Ӏилманан теоретикан хааршца чӀагӀдина долу логикан медицинан хьесапаш тӀехь. Тайп-тайпана некъийн хьесап даро теоретикан медицинан аьтту ло, практикан хьесапан къасто йишйоцу дакъа хирдолу, медицинан гипотезаш кхолла (Д. В. Райтеран тезисашкара). Теоретикан медицина — практикан хьалхара гӀулч ю (проф. Соловьев В. З.).

Теоретикан медицина шен медицинан теорица а, талламашца а Ӏотта ца ло медицинан практикаца. Теоретикан медицинин жамӀаш таро ло керла молханийн гӀирсаш, цамгарах а, товаларан процессах а лаьтташ болу кӀоргера механизман молекуляран кхетамаш юкъабаха, цуьнца цхьаьна бух кхуллуш массо а медицинан тӀедаларшна, диагностикана, дарбадарна[9].

Практикан медицина[нисъе | нисъе чухулара]

Медицинехь билгалйоккху иштта практикан, я клиникан, медицина (медицинан практика) — медицинан Ӏилмано гулдина хаарш практикехь леладар, адаман организман цамгаршна а, патологин хьолашна а дарбадархьама.

Тешоран медицина[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Тешоран медицина

Таханлера медицинан Ӏилманехь шуьйра лелайо тешоран медицина критереш, цунна оьшу эффект йолу оцу я кхечу кепара дарбадаран луьра тешаллаш, нийсса бинчу РТТ (рандомизаци йина тергоялун талламаш) методологин некъаца профилактика я диагностика яр — шалха бӀаьрза плацебо-тергояран клиникан талламаш. РТТ эффект хиларан тешалла ца кхаьчна йолу муьлхха а кхин кепаш дӀатотту дӀабиллина талламашкахь эффект йолуш хеташехь релевантан я эффект йолуш цахиларна, цхьаболу талламан декъашхошна хууш ду хӀун Ӏаткъам кхочу пациентан.

Дукхах долу лазарш хилар хенаца тӀекхетадера, жигара кхуьу тешоран медицинан позицера иштта дакъош: геронтологи а, гериатри а (Ӏамадо къанвалар лагӀдаран бала, хенан дуьхьала терапи, профилактикан медицина воккхачу а, къеначу хенахь).

Хааран классификацин системин кодаш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Категори «Медицина» ца карийна.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Советский энциклопедический словарь / Гл. ред. А.М. Прохоров. — 4-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1988. — 1600 с.
  2. Черных П. Я. Историко-этимологический словарь русского языка. — М.: Русский язык, 1999. — Т. 1. — С. 519—520. — 623 с. — ISBN 5-200-02685-7
  3. Экология человека. Словарь-справочник. / Н.А. Агаджанян. — М: КРУК, 1997. — С. 96. — 208 с. — 10 000 экз. — ISBN 5-900816-17-6
  4. Большой толковый словарь русского языка / С. А. Кузнецов. — 1-е изд. — СПб: Норинт, 1998. — 1534 с. — ISBN 5-7711-0015-3
  5. Звезда жизни — хьост ю Электронной еврейской энциклопедии
  6. Гигиея, Популярный словарь русского языка. Толково-энциклопедический. — М.: Русский язык-Медиа. А. П. Гуськова, Б. В. Сотин. 2003.
  7. Adolphe Gutbub, Mélanges Adolphe Gutbub, Université de Montpellier 1984, p.190
  8. Мец А. Мусульманский Ренессанс / Отв. ред. В. И. Беляев. — Наука, Восточная литература, 1973. — С. 303. — 473 с.
  9. Rose, Nikolas (2007) The Politics of Life Itself: Biomedicine.Power, and Subjectivity in the Twenty-First Centuty. Princeton, New Jersey: Princeton University Press. p.372. ISBN 0-691-12191-5

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Ковнер С. История древней медицины. — Кеп:К., 1878—1888. — Вып. 1—3.
  • Лахтин М. Ю. Этюды по истории медицины. — М., 1903.
  • Мороховец Л. З. История и соотношение медицинских знаний. — М., 1903.
  • Мейер-Штейнег Т., Зудгоф К. История медицины. — М., 1925.
  • Менье Л. История медицины. — М.—Л., 1926.
  • История медицины / Под ред. Б. Д. Петрова. — М., 1954. — Т. 1.
  • Заблудовский П. Е. История отечественной медицины. — М., 1960—1971.
  • Бородулин Ф. Р. История медицины. — М., 1961.
  • Мультановский М. П. История медицины. — 2-е изд.. — М., 1967.
  • Глязер Г. О мышлении в медицине. — М., 1969.
  • Выдающиеся имена в мировой медицине. — Кеп:К., 2002.
  • 60 лет Российской Академии медицинских наук / Под ред. В. И. Покровского. — М., 2004.
  • Мирский М. Б. Медицина России Х-ХХ вв. — М., 2005.
  • Очерки истории медицины XX в. — Казань, 2006.
  • Литвинов А. В., Литвинова И. А. Нобелевская плеяда медицинской науки: Энциклопедия лауреатов. — Смоленск, 2008.
  • Сорокина Т. С. История медицины. — 9-е изд.. — М., 2009.
  • Скороходов Л. Я. Краткий очерк истории русской медицины / Л. Я. Скороходов; науч. ред. и коммент. М. В. Супотницкого. — М.: Вузовская книга, 2010. — 430 с. — ISBN 978-5-9502-0428-9

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]