Шекаран диабет
Шекаран диабет | ||
---|---|---|
Шекаран диабет (лат. diabetes mellītus) — эндокринин цамгарийн тоба ю. И цамгар йоьзна ю дегӀо марзалла (глюкоза) тӀеэцар талхарца а, инсулин гормон юьззина йа гӀехьа кепехь цатоарца а. Цу хьокъехь кхуьу гипергликеми — иза цӀийнехь глюкоза совъялар ду. Цайоьрзу кепехь токху шекаран диабет. Оцу цамгарца ерриг а хӀумаллийн хийцамийн тайпанаш (углеводан а, хьоналлин а, белокийн а, минералан а, хинан- туьхан а) юху[1][2]. Иштта цхьайолчу дийнатийн а хуьлу шекаран диабет, масала цицкийн а, жӀалийн а[3].
Шекаран диабет классашка екъар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Шекаран диабетан тайп-тайпанчу билгалонашца классификацеш ю. Ерриг а цхьаьна уьш диагнозан хӀоттаме юкъайоху. Цаьрца лазархочунна цамгаран ма-дарра сурт хӀоттадо.
Этиологин классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ӏ. Хьалхарчу тайпанан йа «жимчу стеган» шекаран диабет. Жимачунна а, воккхачунна а хила тарло (валлалц инсулин цатоар кхиош йолу β-клеткийн йохар)
- Аутоиммуннан, цунна юкъахь LADA
- Идиопатикан
II. Шекаран диабетан 2-гӀа тайпа (инсулинорезистентност кхиаран хьокъехь инсулинан секрецин дефект)
- MODY - β-клеткийн белхан генетикан сакхташ
IӀI. Диабетан кхийолу кепаш:
- инсулинан а/я цуьнан рецепторийн генетикан сакхташ,
- набан (Pancreas) экзокринан цамгарш,
- эндокринин цамгарш (Иценкон-Кушинган синдром), акромегали а, къаьсташ йоцу дӀаьвше екхахӀоъ яр (оьрс. диффузный токсический зоб), феохромоцитом и дӀ.кх.,
- молханаш меттахяьккхина диабет,
- уьно карзахяьккхина диабет,
- шекаран диабетаца йолу генетикан синдромаш.
IV. Бераха болчу зударийн шекаран диабет — гипергликемица доьзна патологин хьал ду. Цхьацца бераха болчу зударийн хуьлу гипергликеми. Бера дуьненчу даьллачул тӀаьхьа цӀаьххьана дӀайолу иза.
Дуьненаюкъарчу могушалла Ӏалашъяран кхолламо (ВОЗ-о) магорца къастайо рогӀера берах болчу зударийн шекаран диабет:
- Берах хилле шекаран диабетан 1-ра тайпа
- Берах хилале шекаран диабетан 2-гӀа тайпа
- Берахчера шекаран диабет — оцу терминаца билгалйоккху берах йолчу муьрехь муьлха а глюкозаца толеранталла йохар[4].
Цамгар чӀагӀъялар классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Диабетикан микро- а макроангиопати
- Диабетикан нейропати
- Диабетикан ретинопати
- Диабетикан нефропати
- Диабетикан ког
Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Сахарный диабет (краткий обзор) (оьр.). Библиотека доктора Соколова. Теллина 2009 шеран 14 сентябрехь.
- ↑ Клиническая эндокринология, 2002.
- ↑ Сахарный диабет у кошек (оьр.). Ветеринарка.ру. Теллина 2009 шеран 16 сентябрехь.
- ↑ Эндокринология. Под ред. Н. Лавина. Пер. с англ.— М., Практика, 1999. — 1128 с. ISBN 5-89816-018-3