Биологи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Биологех лаьцна агӀонаш

П:Ков Биологи

Биоло́ги (грек. βιολογία; шира-грек. βίος — дахар + λόγος — Ӏилма) — Ӏилмийн система, Ӏаморан объекташ ю дийна хӀуманаш а, церан гонаха долу Ӏаламаца йолу юкъаметтиг а. Биологис массо а дахаран аспекташ Ӏамадо, ма дарра аьлча, структура а, функцеш а, кхиар а, кхолладалар а, эволюци а, садолу хӀуманаш Дуьнен тӀехь яржар а. Классашна йоькъа садолу хӀуманаш, церан билгалонаш гойту, церан бес-бесара схьайовлар гойту, церан гонахьара Ӏаламца йолу юкъаметтиг гойту.

XIX бӀешарахь, садолчу хӀуманийн цхьайолу аматаш йукъара хилар Ӏилманчашна гучадаьлча, биологи ша кепара Ӏилма санна билгалдаьлла. «Биологи» боху дош юкъадаьккхина масийтта вовшех бозуш боцачу авторша: Фридрих Бурдаха 1800 шарахь, Готфрид Рейнхольд Тревирануса 1802 шарахь[1], Жан Батист Ламарка.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]