Клетка

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Клетка
Wilson1900Fig2.jpg
Адаман цӀийн клеткаш (БЭМ)
Бежанан мон чуьра Ophryoscolex тайпана инфузори (БЭМ)

Кле́тка (лат. cellula) — йерриг организмийн структурин-функцин хӀоттаран а, дахаран гӀуллакхан а йуьхьанцара дакъа. Ша хӀуманаш хийца а, ша йухаметтахӀотта а хьуьнар ду. Цхьаьна клеткех лаьтта организмах, олу цхьа клетка йолу организм (дукхаха йолу цхьалханаш а, бактереш а). Клеткийн хӀоттам а, дахаран гӀуллакх а Ӏамо биологин декъах цитологи олу. Кхин а дуьйцу клеткин биологех лаьцна.

ДӀайелларан истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гук Робертан «Микрографи» жайнера тӀуьсан диттан хадор, 1635—1703 Клеткашна тӀаьхьара шира микроскоп лелош дуьххьарлера тидам[1]. Иштта йолайелира клеткаш кхиаран теори.

Клеткаш дуьххьара гина стаг хилла ингалсан Ӏилманча Гук Роберт (гӀараваьлла Гукан закон дӀаделларца). 1665 шарахь тӀуьсан дитт хин тӀехула дика хӀунда лаьтта хьажа гӀерташ, Гук хьежа волавелира тӀуьсан дуткъа хадорашка ша чӀагӀйинчу микроскоп чухула. Цунна гира, тӀус шортта кегийра хесашка бекъна хилар, цунна уьш тарйелира моз доккху мозийн накхийн улхех, цуо царех иштта ала а элира — инг. cellулх»).

1675 шарахь итальянхойн лоьро Мальпиги Марчеллос тӀечӀагӀдира ораматийн клеткийн хӀоттам, ткъа 1681 шарахь — ингалсан ботанико Грю Неемияс. Клеткех дийца долийра «дааран мут долу лоппаргах» санна. 1674 шарахь голландин говзанчо ван Левенгук Антонийн микроскопан гӀоьнца дуьххьара гира хин тӀадамна йукъахь «акхарой» — лелаш йолу дийна организмаш (инфузореш, амёбаш, бактереш). Кхин а Левенгука дуьххьара тидам бира дийнатийн клеткийн — эритроциташ а, эрасалхаш. Иштта, XVIII бӀешо долалуш Ӏилманчашна хаара, алсама даккхий дича ораматийн хуьлу улхийн хӀоттам, гира, тӀаьхьа цхьа клетка йерш аьлла цӀе тиллина, цхьайолу организмаш. 1802—1808 шерашкахь французийн талламхочо Мирбель Шарль-Франсуас хӀоттийра, ораматаш лаьтта клеткаша динчу хьесех. Ж. Б. Ламарка 1809 шарахь йаржийра дийнатийн организмаш а клеткех латтаран Мирбелан ойла. 1825 шарахь чехин Ӏилманчо Я. Пуркинес дӀабиллира олхазарийн стен зирхан хӀоъ, ткъа 1839 шарахь йукъайаьккхира термин «протоплазма». 1831 шарахь ингалсан ботанико Р. Броуна дуьххьара йаздира ораматан клеткин хӀоьънах лаьцна, ткъа 1833 шарахь хӀоттийра, хӀоъ ораматан клеткин ца хилча ца йолу органоид хилар. Оцу хенахь дуьйна хиира клетка кхолларехь коьртаниг чкъуьйриг ца хилар, ткъа чохь йерг хилар.

Стоьман дрозофилин (Drosophila melanogaster) эмбрионан хӀоьънийн митоз

Клеткийн теори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Организман хӀоттаман клеткийн теори кхоьллира 1839 шарахь немцойн Ӏилманчаша, зоолого Шванн Теодора а, ботанико М. Шлейдена а, цунна чудагӀара кхо хьал. 1858 шарахь Вирхов Рудольфа йуьзира иза кхи цхьаьна хьолаца, амма цуьнан ойланашкахь дара цхьа могӀа гӀалаташ: иштта, цунна хетара, клеткийн вовшашца гӀийла уьйр йу, хӀора а «ша-ша» йехаш йу. ТӀаьхьа бен гучу ца даккхаделла клеткийн система дийна хилар.

1878 шарахь оьрсийн Ӏилманчо И. Д. Чистяковс дӀайиллира ораматийн клеткашкара митоз; 1878 шарахь В. Флемминган а, П. И. Перемежконс а карайо дийнаташкахь митоз. 1882 шарахь В. Флемминга терго йо дийнатийн клеткийн мейоз, ткъа 1888 шарахь Э. Страсбургера — ораматийн.

Клеткийн теори хӀокху заманан биологехь коьртачех цхьа ойла йу, иза хилира йухатохалур доцу цхьаалла дерриг дийначун, эмбриологи, гистологи, физиологи дисциплинаш кхиаран бух хилира. Тахана теорис шена чохь латтадо иштта чӀагӀдарш:

  1. Клетка — йерриг дийна организмаш йаржаран а, кхиаран а, йахаран а хӀоттаман йуьхьанцара дакъа ду. Клеткин чохь бен дахар дац.
  2. Клетка — дийна система, цунна чохь йу дуккха а вовшашца уьйр йолу дакъалгаш — органеллаш.
  3. Тайп-тайпана организмийн клеткаш хӀоттамца а, коьртачу амалшца а тера йу, йукъара схьайалар ду.
  4. Клеткаш тӀекхета уьш йекъайаларца, церан ДНК репликаци йинчул тӀаьхьа: клетка — клеткех.
  5. Дукхаклеткийн организм — хьесийн а, меженийн а системех цхьаьнатоьхна дуккха а клеткех хилла система, шайна йукъахь йихкина йу гуморалан а, нервийн а регуляцешца.
  6. Дукхаклеткийн организмийн клеткашкахь оцу организман генетикин материалан цхьатерра йуьзина фонд йу, и материал гучуйаккха йерриг хила тарло потенцешца, — амма къаьста шеш йолу генийн экспрессин (белхан) тӀегӀанца, цуо йалайо уьш морфологин а, функцин а тайп-тайпаналле — дифференцировке[2].

Шеш долчу хьелийн барам а, формулировка а таханлера клеткийн теорехь тайп-тайпана хьосташкахь къаьсташ хила тарло.

Клеткийн талламан хьесапаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара клеткаш ган аьтту ца белира оптикин (серлонан) микроскоп йичий бен. Оцу хенахь дуьйна микроскопи йу клеткаш талларан ладаме хьесапех цхьаъ. Серлонан микроскопис, гӀийла йолушехь, таро йора дийна клеткашна тӀехьа терго йан. XX бӀешарахь йира электронийн микроскопи, цуо таро йелира клеткийн ультраструктура Ӏамо.

Клеткийн а, церан дакъойн а функцеш Ӏаморхьама леладо тайп-тайпана биохимин хьесапаш, масала, препаративан (дифференцин центрифугированин хьесапца фракцеш йар) а, аналитикин а. Экспериментийн а, практикин а Ӏалашонна леладо клеткийн инженерин хьесапаш. Дерриг хьехийна хьесапаш лело таро йу клеткийн оьздангаллин хьесапашца цхьаьна.

Клеткин химин хӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оптикин микроскопи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оптикин микроскопо объект йоккха гойту чухула серло йолу куьзганийн бӀаьргийн сери бахьнехь. Максимум йоккхайар хуьлу 1000-за сов. Кхин а ладаме амал йу къастар — къаьстина бевза шина тӀадаман йукъара меттиг. Къастаро цӀена гайтаран амал гойту. Оцу барамо доза туху серлонан тулгӀенан йохаллина, уггаре йоцатулгӀенан серло лелийча а — ультрацӀexo-сийна — кхача ца ло 200 нм къастаре бен; и къастар кхечира XIX бӀешо чекхдолуш. Оптикин микроскоп бухахь терго ян йиш йолу уггаре кегийра структураш йу, митохондреш а, бактереш а. Церан асанан барам бу 500 нм гергга. Амма 200 нм жима барам болу объекташ серлонан микроскоп чохь го, нагахь цара серло тохахь. И башхалла лелайо флуоресцентан микроскопехь, нагахь клеткийн структураш йа шеш схьаэцна белокаш уьйр тосу башха флуоресцентан белокашца йа флуоресцентан билгалонаш йолу антидогӀмашца уьйр йелахь. Оптикин микроскопан гӀоьнца даьккхина суьртан дикаллин, Ӏаткъам бо контрасталло — иза тӀетохало, тайп-тайпана хьесапашца клеткаш басарйеш. Дийна клеткаш Ӏамош лелайо фазин-контрастан, дифференцин интерференцин-контрастан, ӀаьржацӀенкъан микроскопи. Конфокалан микроскопаш таро ло флуоресцентан суьртийн дикалла тойан[3][4].

Оптикин микроскопин гӀоьнца даьхна суьрташ

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Hooke, Robert (1635—1703). Micrographia, Observation XVIII.
  2. Ченцов Ю. С. Введение в клеточною биологию: Учебник для вузов. — 4-е изд. перераб. и доп./ Ю. С. Ченцов. — М.: ИКЦ «Академкнига», 2004. — 495 с.: ил. ISBN 5-94628-105-4
  3. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса йац; тIетовжаран alberts йоза йаздина дац
  4. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса йац; тIетовжаран campbell йоза йаздина дац

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Муьран зорбанан арахецарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]