Куцель, Феликс Петрович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Феликс Петрович Куцель
Куцель Феликс Петрович.jpg
Вина терахь 1945 шеран 10 октябрь({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2000 шеран 18 апрель({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (54 шо)
Кхелхина меттиг Георгиевск, Ставрополан мохк, Къилбаседа Кавказан федеральни округ, Росси
Да Пётр
СовгӀаташ

Ку́цель, Фе́ликс Петро́вич (1945 шеран 10 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2000 шеран 18 апрель, Георгиевск) — дзюдон СССР Сийлахь тренер (1991 шо).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1945 шеран 10 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цо дзюдо Ӏамайора, СССР спортан говзанча хилира иза. Амма чӀогӀа лазаваран бахьнехь цуьнан спорт йита дизира. ТӀаккха «Локомотив» цӀе йолу спортан юкъаралленахь иза тренеран болх бан волавелира.

Цо кечбира 150 сов спортан говзанчаш а, шортта СССР халкъашна юккъера классан спортан говзанчаш а, пачхьалкхан а, Европан а, дуьненан а, халкъашна юккъера яхьаллонийн а чемпионаш а, совгӀатхош а.

СССР хӀаллак хилча цьунан Соьлжа-Галара дӀаваха дийзира. 1998 шарахь иза Георгиевске дӀавахара. Цигахь цо берийн спортан школехь тренер болх бира. Иза велира 2000 шеран 18 апрелехь.

Боьвзуш болу дешархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Бисултанов, Хасан — хӀинца Туркойчохь Ӏаш волу нохчийн дзюдоист, Сиднейхь хилла йолу Олимпиадан чемпион, дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо, Европан чемпион, 2-за СССР чемпион, масийттуза Турцин чемпион;
  • Вараев, Башир Магомедович — 4-за СССР чемпион, 3-за дуьненан чемпионатийн совгӀатхо, Олимпиадан борзан совгӀатхо;
  • Мациев, Ислам Хамзатович — 4-за Российн чемпион, масийттуза Российн а, Европан а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхо, дукха халкъашна юкъара турнирийн толамхо а, совгӀатхо а, халкъашна юккъера спортан говзанча;
  • Чапаев, Ваха Хасанович — Нохчийн Республикан спортан министран когаметтаниг, Российн Сийлахь тренер.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Виццавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Соьлжа-ГӀалахь а[1], Георгиевскехь а[2] хуьлу Феликс Куцелин лерина турнираш.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]