Мациев, Ислам Хамзатович
Мациев, Ислам Хамзатович | |
Шех лаьцна | |
---|---|
Стен-боьршалла | божарийн[d] |
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
Говзалла | Дзюдоист |
Вина терахь | 1973 шеран 10 декабрь (47 шо) |
Вина меттиг | Йоккха АтагIа, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
Спортан карьера | 1983-2004 |
Тренераш |
|
Локхалла | 170 см |
Йозалла | 69 кг |
Исла́м Хамза́тович Маци́ев (1973 шеран 10 декабрь, Йоккха АтагIа, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн дзюдоист, 4-за Российн чемпион (1995—1997, 1999), масийттуза Российн а, Европан а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхо, халкъашна юккъера турнирийн совгӀатхо, Российн халкъашна юккъера классан спортан мастер (1996). Иза вара 66 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь леташ. Иза ву 170 см лекха.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Иза вина 1973 шеран 10 декабрехь в селе Йоккха АтагIахь. Дзюдо аьха волавелира шен 10 шо кхаьчча. Цуьнан хьалхара тренер вара Феликс Куцель. ТӀаьхьа цуьнан тренераш бара Шевалье Нусуев а, В. Хабиров а. Школа чекхъяккхича иза деша вахара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте физкультуран факультете. Армехь иза вара Москвахь, Юккъера эскаран спортан клубехь.
СССР хӀаллак хилча иза Туркойчоь дӀавахар. Цигахь а цо спорт ца ютара. Цхьа хан ялча иза юха а цӀа вирзира. ЦСКА клубехь юха а лата волавелира иза. Масийттуза кхиамца яхьаллонашкахь дакъа лаьцначул тӀехь иза Российн дзюдон гулйина тобана юкъавахара 1994 шарахь.
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Российн чемпионаташ:
- Европан командан чемпионаташ:
- Дуьненан Суперкубок:
- Дуьненан Кубок:
- 2-за дуьненан чемпион эскархойн юкъахь: Катания (2003); Остия (2001).
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Ислам Мациев
- Личное дело. Ислам Хамзатович Мациев Архивацийина 23 октябрехь 2013 шеран.
- Ислам Мациев и другие — школа чеченского дзюдо
- Ислам Мациев. Наше досье