Бисултанов, Хасан Делимбекович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Бисултанов, Хасан дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Хусейн Озкан
Шех лаьцна
Гражданалла

ССРС СССР
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Турци Турци

Вина терахь

1972 шеран 20 январь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (45 шо)

Вина меттиг

Орга, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Говзалла

Дзюдо

Тренераш

Куцель, Феликс Петрович

Локхалла

168 см

Йозалла

66 кг

Хасан Делимбекович Бисултанов (Хусейн Озкан) (1972 шеран 20 январь, Орга, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — хӀинца Турцехь Ӏаш волу нохчийн дзюдоист, 2-за СССР чемпион, 1997 шарахь Европан чемпион, 1999 шарахь дуьненан чемпионатехь дато совгӀатхо, 2000 шарахь Олимпиадан чемпион. Иза ву 168 см лекха а, 68 кг веза а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1972 шарахь Оргехь. Школехь волавелира дзюдо аьха. Ши шо даьлча цо спортан мастеран норматив кхочуш йира. Армехь а иза вара дзюда Ӏамош а, яхьаллонашкахь дакъа лоцуш а. 1990 а, 1991 а шерашкахь иза кегирхойн юкъара СССР чемпион хилира, 1991 шарахь иза хилира юниорашна юккъера Европан чемпион.

Ши шо даьлча цо Европан чемпионатехь дато медаль яккхира. 1994 шарахь Нохчийн Республикехь баьлла тӀом бахьнехь цуьна цӀера вала дийзира. Цо Турцин гражданалла тӀелецира. Цуьна керла цӀе эца дийзира — Хусейн Озкан.

1997 шарахь иза 65 кг йозаллин категорехь Европан чемпион хилира. 1999 шарахь дуьненан чемпионатехь дато медаль а яккхира, Европан чемпионатехь борзан медаль а яккхира. 2000 шарахь Озканс Сиднейхь хилла йолу Олимпиадехь дакъа лецира. Яхьаллонан финалехь цо Францера волу Ларби Бенбудауд цӀена эша а вина чемпион хилира - нохчишна юкъара хьалхара Олимпиадан чемпион.

Олимпида чекхъялча иза масийттуза лазийра. Амма иза юха а Турцин чемпион а хилира, Европан чемпионатехь борзан медаль а яккхира. 2004 шарахь хилла йолу Олимпиадехь цуьнга дакъа ца лацаделира иза лазваран бахьнехь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]