Дзодзуашвили, Реваз Михайлович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Дзодзуашвили Реваз
Revaz Dzodzuashvili c1970.jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Дзодзуашвили Реваз Михайлович
Вина терахь 1945 шеран 10 апрель({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (76 шо)
Вина меттиг Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСГуьржийчоьнан байракх Гуьржийчоь
Локхалла 175 см
Йозалла 73 кг
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1965 Байракх ССРС Динамо (Сухуми)
1966—1967 Байракх ССРС Торпедо (Кутаиси) 67 (1)
1968—1976 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 215 (4)
Къоман гулйина команда[* 2]
1969—1974 Байракх ССРС ССРС 49 (0)
Тренеран карьера
1976 Байракх ССРС СКА (Тиблиси) клуб.к-да
1977 Байракх ССРС Локомотив (Самтредиа)
1978 Байракх ССРС Торпедо (Кутаиси)
1979 Байракх ССРС Колхети (Поти)
1987—1989 Байракх ССРС Торпедо (Кутаиси)
1990—1991 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Динамо (Тиблиси) тренер
1992 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Динамо (Тиблиси)
1993—1995 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Металлург (Рустави)
1995 Украинин байракх Темп (Шепетовка)
1995—1996 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Металлург (Рустави)
1997 Латвин байракх Сконто (Рига) тренер
1997 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь тренер
1997—1999 Латвин байракх Латви
1999 СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх Аль-Иттихьад (Джиддат)
1999—2001 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь
2000 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Локомотив (Тиблиси)
2001 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Торпедо (Кутаиси)
2002 Российн байракх Уралан (Элиста)
2003 Российн байракх Спартак-Алания
2004 Литван байракх (1989—2004) Каунас тренер
2004 Российн байракх Динамо (ХӀинжа-ГӀала)
2006 Гуьржийчоьнан байракх Торпедо (Кутаиси)
2007 Гуьржийчоьнан байракх Олимпи (Рустави)
2007—2008 Кхазакхстанан байракх Шахтёр (Караганда)
2010—2011 Азербайджанан байракх (1991—2013) Туран
2014 Гуьржийчоьнан байракх Торпедо (Кутаиси)
2017 Гуьржийчоьнан байракх Сухуми
2017— Гуьржийчоьнан байракх Мешахте
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Мюнхен 1972 футбол
Европин чемпионаташ
Дети Бельги 1972
Пачхьалкхан совгӀаташ
ССРС халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Дзодзуашви́ли Рева́з Миха́йлович (гуьрж. რევაზ მიხეილის ძე ძოძუაშვილი, Рева́з Михеи́лис дзе Дзодзуашви́ли; вина 10 апрель 1945, Кутаиси, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн футболист а, Торпедо (Кутаиси) коьрта тренер а. Спортан дуьненаюкъара классан говзанча (1972). 1972 шеран Европин вице-чемпион а, 1972 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзархочун карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхиийна «Торпедо» (Кутаиси) футболан ишколо. ИссалгӀачу классехь волуш (1962) левзира «Имерети» командехь.

Дуьххьара «Динамо» (Тиблиси) юкъа Дзодзуашвилига кхайкхира 1963 шарахь. Дублехь левзира тӀелатархочун позицехь, амма коьртачу хӀоттам юкъа ца вахавелира. Юхавирзира кутаисин «Торпедо», 1965 шарахь цигара гӀоьртира одессин «Черноморец» юкъа ваха, иза оцу хенахь лакхара дивизионе хьалаяьллера. Одессин клубан футболист ца мегира, тӀаккха Дзодзуашвилис карьера дӀаяьхьира «Динамо» (Сухуми) юкъахь. Левзира юккъерачу асанехь.

Оцу хенахь «Торпедо» (Кутаиси) коьрте хӀоьттира Блинков Всеволод, иза керла команда ян волавелира. Турсло лохуш хаьттира кутаисхойн тренере Грамматикопуло Георгега, цуо хьехар дира къона футболист дӀаэца аьлла.

Блинковн командехь Дзодзуашвили левзира еккъа дуьхьалонехь — юккъерачу турслочун позицехь, цул тӀаьхьа аьтту агӀора, ловзархочун сихаллах а, тӀелатарх а пайда иэцархьама. Амма ша Блинков кестта дӀавахара Кутаисера.

1968 шарахь футболистега юха а кхайкхира Тиблисе, хӀинца Соловьёв Вячеславан куьйга кӀелара коьртачу хӀоттаман меттиге. «Динамохь» а, цул тӀаьхьа гулйина командехь а, гӀаравелира муьлххачун а дуьхьала ловзу говза ловзархо санна, муьлхха а форвард дӀакъовла а хууш волу.

Футболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархо, 49 ловзар (1969—1974 шерашкахь).

ССРС чемпионаташкахь (лакхара лига) левзина 301 матч, чутоьхна 5 гол.

Карьеру чекхъяьккхина 1976 шарахь, хӀунда аьлча лерира, ша хьалхалерачу тӀегӀанехь санна ца ловзало аьлла.

Тренеран карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

1976 шарахь йолийра тренеран карьера, схьаийцира СКА (Тиблиси), цуьнца туьйлира Чоьхьара Кавказан тӀеман гуон чемпионатехь.

1990—1992 шерашкахь тренер болх бира Тиблисин «Динамохь»: хьалхара шина шарахь Кипианин гӀоьнча волуш, ткъа 1992 шарахь коьрта тренер волуш. 1993—1995 шерашкахь куьйгалла дира Руставера «Металлурган».

1994/95 шо чекхдолуш «цӀе яьлча санна сихвелла» коьрте хӀоьттира украинин «Темп» (Шепетовка) командин, цигахь президент вара гуьржий Нишнианидзе Джумбер. Шеца команде вигира 8 футболист, амма команда лакхара дивизионера охьаяларх кӀелхьара ца яккхаелира. Дзодзуашвили цӀавирзира Гуьржийчу, кхин а цхьаьна шарахь болх бира Руставехь.

1997 шарахь консультантан дарже кхайкхира «Сконто», хӀунда аьлча Ригин командехь ловза буьйлабелира гуьржийн футболисташ. Цуьнца цхьаьна тренеран-селекционеран декхарш кхочуш а дора.

Кхин а 1997 шеран февралера октябрь бутт кхаччалц — Гуьржийчоьнан гулйина командин тренер. 1997 шеран октябрехь Латвин футбола федерацица контракт дира «2+2» хьесапца, иза хилира Латвин гулйина командин коьрта тренер[1].

1999 шеран августехь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан клубан «Аль-Иттихьад» Джиддат президента Ахьмада Махьсуда кхайкхира команде[2]. 4 бутт баьлча ша дӀавахара командера, оцу махках вола а ца велла.

1999 шеран декабрехь Кипианица цхьаьна хӀоттийна коьрта тренер Гуьржийчоьнан гулйина команда[3]. Цуьнца цхьаьна 2000 шарахь дуьйна — Локомотив (Тиблиси) коьрта тренер. Керлачу тренерца команда дика ловза йолаелира чоьхьарчу чемпионатехь — хьалхарчу меттигехь йогӀура 2000/01 шарахь. 2001 шеран январехь Дзодзуашвилис схьаийцира Торпедо (Кутаиси), «Локомотив» а йитина[4]. В мае 2002, перед финалом Кубка Грузии против «Локомотива», Дзодзуашвили, покинул «Торпедо»[5].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзархочун кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тренеран кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гуьржийчоьнан чемпион: 1992 – Динамо Тб, 2002 – Торпедо Кт, 2007 – Олимпи.
  • Гуьржийчоьнан уггаре дика тренер: 1994 (А.Жорданиян совгӀатан лауреат).

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дзодзуашвилин зуда Гуцаев Владимиран зудчун вешин йоӀ ю.[6].

КӀант Михаил — ФИФА агент, аьтту бира гуьржийн футболисташ тоьллачу Российн клубашка дехьабохуш.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]