Морозов, Ринат Викторович
| Йуьззина цӀе | Морозов, Ринат Викторович | ||||||||||||||||||||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| Вина терахь | 1968 шеран 24 октябрь (57 шо) | ||||||||||||||||||||||||
| Вина меттиг | Харьков, УССР | ||||||||||||||||||||||||
| Гражданалла |
|
||||||||||||||||||||||||
| Позици | тӀелатархо | ||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||
Морозов, Ринат Викторович (укр. Рінат Вікторович Морозов; 1968 24 октябрь, Харьков, Украинийн ССР, ССРС) — советийн, украинин футболист.
Карьера игрока
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина Харьковхь, кхиийна харьковн «Металлистан» кегийрхойн академис. 1986 шарахь гӀоьртира профессионалан футболан карьера йоло. Левзира ССРС ШолгӀа лигехь харьковн «Маяк» йукъахь 1 матч.
Тренеран карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Карьера чекхйаьккхина тренеран болх болийна. 1991 шарахь чекхйаьккхира физикин оьздангаллин а, спортан а пачхьалкхан институт. Йуьхьанца тренер болх бира Харьков гӀалин Спортан № 1 йолу ишкол. 2002 шеран декабрера 2005 шо кхаччалц харьковн «Гелиосан» тренеран штабехь вара. 2003 шеран 2 августехь ШолгӀачу лигин дебютан къовсамехь куьйгалла дира «маьлхачарна» «Авангарда» (Ровеньки) командин дуьхьала, ткъа цул тӀаьхьа Крячко Валентинан гӀоьнча хилира[1]. Крячко дӀаваьлча, 2004 шеран апрелера июнь кхаччалц ша тренировкаш йира «Гелиосан», цул тӀаьхьа белхан тӀехь гӀодира Надеин Игоран. 2005-2006 шерашкахь тренер вара «Харьков-2». 2006-2010 шерашкахь Россин «Горняк-Строитель» (Белгород) клубан спортан директор болх бира, ткъа 2010 шеран июнехь дуьйна – ФК «Харьков» коьрта тренер[2]. Оццу шарахь коьрте хӀоьттира марзахойн «Арсенал-Политехник» (Харьков) клубан. 2011 шарахь гӀодира тренировкаш йан харьковн «Арсеналан». ШолгӀачу шарахь коьрте хӀоьттира хьалха клубан шолгӀа командин, цул тӀаьхьа «Арсеналан» хьалхара командин.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ В отпуск с разным "багажом" - MediaPost on-line. Слышим, видим, рассказываем Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine (оьр.)
- ↑ ФК «Харьков». У «Харькова» новый тренерский штаб Архивйина 2019-05-27 — Wayback Machine (оьр.)
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Профіль гравця(ТӀе цакхочу хьажорг) на сайті «Український футбол»
- Профіль на сайті footbook.ru
- Профіль Архивйина 2021-01-14 — Wayback Machine на офіційному сайті ФК «Арсенал» (Харків)