Константинополь (1930 шо кхачале)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Константинополь византийн муьрехь

Константино́поль (грек. Κωνσταντινούπολις, Константину́полис, я ἡ Πόλις — «ГӀала», Ӏусман. قسطنطينيه‎ [kostantîniyye], турк. Konstantinopolis, лат. Constantinopolis) — 1930 шеран 28 март кхачале хилла Истмалан официалан йоцу[1] цӀе (офиц. Керла Рум[1][2]) Руман империн (330—395), Византийн, я Малхбален-Руман империн (395—1204 а, 1261—1453 а), Латинан империн (1204—1261), Ӏусманан империн (1453—1922) коьрта шахьар.

Европан а, Азин а дозанехь, Дешийн МаӀан а, Мармаран хӀордан а юккъехь, стратегин меран тӀехь лаьттина йолу Византийн Константинополь, коьрта шахьар яра керстачеран империн — Шира Руман а, Шира Грецин когаметтайолчу. Юккъера бӀешерашкахь Константинополь уггаре ехаш гӀала яра Европехь. Тахана а ю иза бахархойн барамца Европехь уггаре йоккха гӀала.

ГӀалин хилла цӀераш — Византи (грек. Βυζάντιον, лат. Byzantium), Керла Рум (грек. Νέα Ῥώμη, лат. Nova Roma) (патриархатан титулан юкъайогӀу), Константинополь, Царьград (славянийн; гочйина грекийн цӀе «Царственный град» — Βασιλεύουσα Πόλις — Василевуса Полис, город василевса), Истмала. «Константинополь» цӀе хӀинца а лелош ю таханлерачу грекийн маттахь, «Царьград» — къилба славянийн меттанашкахь. IX—XII бӀешерашкахь лелийра хаза цӀе «Византида» (грек. Βυζαντις)[3]. ГӀалан цӀе официалан Истмала аьлла хийцира 1930 шарахь Ататюркан реформаш йоьдуш.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Сийлахь-воккха Константин (306—337)[нисъе бӀаьра | нисъе]

Безчу Асхьабийн килса

324 шарахь, шайна юкъахь хиллачу тӀемашкахь толам баьккхича, Руман империн императоро Сийлахь-воккха Константина вайн эрал VII бӀешо хьалха дуьйна хиллачу грекийн колонехь Византи гӀалахь йолайо яккхий гӀишлошъяр — юхайина ипподром, йоьттина керла гӀаланаш, йоккха Асхьабийн килса, дутту гӀопан пенаш, империн массо а маьӀӀера гӀалин чукхоьхьу исбаьхьаллин кхолламаш. Масштабан гӀишлошъяр бахьнехь гӀала масийттаза йоккхало, чӀогӀа тӀекхета бахархой европан а, азин а провинцера миграцин чоьтах.

330 шеран 11 майхь Константина Руман империн коьрта шахьар официалан дехьа йоккху Босфор тӀиерачу гӀала, цӀе туьллу цунна Керла Рум, Константинополь.

ТӀаьхьа а гӀала сиха йоккха хуьлуш кхуьура, ахбӀешо даьлчи, урхаллехь император Феодосий волуш, дутту керла галийн пенаш. ГӀалин керла пенаш, хӀинца а долуш долчу, шайна чулецира ворхӀ гу — Румехь санна.

Екъна импери (395—527)[нисъе бӀаьра | нисъе]

Феодосий веллачул тӀаьхьа 395 шарахь Руман импери тӀаьххьара екъало Малхбузан Руман империн а, Малхбален Руман импери. Малхбузан Руман импери йоьхначул тӀаьхьа (476) Малхбален имперех ламаст хилла олу малхбузан терминца Византийн импери я деккъа Византи, шайн цӀе цара иштта цкъан йоккхуш ца хиллашехь, ша йоххалц Византийн имперех Ромейн (аьлчи а Руман) олу, ткъа цуьнан бахархойх — ромейш.

Юстинианан гӀала (527—565)[нисъе бӀаьра | нисъе]

527565 шерашкахь император Юстиниан урхаллехь волуш кхочу «дешийн бӀешо». Цуьнан урхаллин пхи шо даьлчи 532 шарахь гӀалахь иккхира боккха «Никан» гӀаттам — гӀала хаъал йохийра, Сийлахь-йоккха Софиян килса егира.

Къизаллийца бунт охьатаӀийна Юстиниана шен заманан угаре дика архитектораш балабой юха ютту коьрта шахьар. Йеш ю керла гӀишлош, килсанаш, гӀаланаш, керлачу гӀалин юккъера урамаш кечдо колоннадашца. Ша-кепара меттиг дӀалоцу Сийлахь-йоккха Софиян килса яро, цунах хилира уггар йоккха килса керстачеран дуьненахь, иштта латта а лаьттира эзар шарахь — Румехь Сийлахь Петран Килс яллалц.

«Дешийн бӀешо» гӀуо доцуш а дацара: 544 шарахь Юстинианан Ӏаьржачу уьно гӀалин бахархойн 40 % синош дӀадаьхьира.

ГӀала сиха кхуьуш ю, цунах хьалха хуьлу оцу хенан гӀуллакхийн юкъ, ткъа дукха хан ялале уггаре йоккха гӀала дуьненахь. Цунах ала долийра деккъа ГӀала. Къегинчу муьрехь гӀалин майда яра 30 эз. гектар, ткъа бахархой — бӀеннаш эзар стаг, иза иттаза сов яра яккхийрачу Европан гӀаланел[4].

Дуьххьара туркойн топоним İstanbul ([isˈtanbul] хьахаяр — иста́нбул, шеш ма-яккхара йолу цӀе ɯsˈtambul — ыста́мбул) гучуйовлу Ӏаьрбийн, ткъа цул тӀаьхьа X бӀешарахь тюркийн хьосташкахь а, схьадаьлла (грек. εἰς τὴν Πόλιν), «ис тин пόлин» — «гӀала» я «гӀалин тӀе» — грекийн маттахь Константинополан цӀе хуьлу иза. Нохчаша Истмала олу.

Гуонаш лецар а, йожар а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Константинополан пенаш

666 шерера 950 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀалан мосийттаза гуо лецира Ӏьарбаша, болгараша, оьрсаша.

717741 шерашкахь урхаллехь император Лев Исавр волуш Иконашца тӀом баран мур болало, иза лаьттира IX бӀешо юккъе даххалц, хӀаллакйо динан теманашкара дукха фрескаш а, мозаикаш а.

Македонхой а, Комнинаш а болуш айаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Византин шолгӀа дукха чӀогӀа къагар, ткъа цуьнца цхьаьна Константинополь а, йолало IX бӀешарахь Ӏедале Македонийн некъий (8561071 шераш) еачи. Оцу хенахь, шен коьртачу мостагӀашна болгарашна (Василий II-гӀачун харц цӀе яра Болгарех кхоьрург) а, Ӏаьрбашна а тӀехь баккхийчу тӀеман толамашца цхьаьна, къега грекийн меттан оьздангалла: Ӏилма (хийцамаш бо Константинополан лакхарчу ишколехь — ша-кепара дуьххьара европан университет, 425 шарахь Феодосий II-гӀачо кхоьллина йолу), суьрташ дахкар (коьртаниг фрескаш а, иконаш а), литература (коьртаниг агиографи а, хиламаш язбар а). ЧӀагӀло дин даржоран гӀуллакх, дукхах дерг славянашна юкъахь, масала ду Кирилл а, Мефодий а.

Руман папин а, Константинополан патриархан а юкъахь барт ца хилар бахьнехь 1054 шарахь керстанийн килса екъаелира, ткъа Константинополах православин центр хилира.

Влахернера керла гӀала

Импери хьалха Юстиниан я Ираклий волуш санна йоккха ца хиларна, Константинопольца юста кхин гӀала яцара цигахь. Оцу хенахь Константинополо ловзайора ладаме роль Византин ерриг областан дахаран. 1071 шарахь, туркой-сельджукаш тӀелата буьйлабелчи, импери а, цуьнца цхьаьна гӀала а бодане южу.

Комнинийн некъийн урхалла долуш (10811185 шерашкахь) Константинополан хуьлу тӀаьххьара — бакъ ду, Юстинианан а, Македонийн а некъий болуш санна-м ца хуьлу. ГӀалин центр дӀатаьӀа малхбузера гӀалин пенашка, хӀинцалерачу Фатихь а, Зейрек а кӀошташка. Ян йолайо керла килсанаш а, керла императоран гӀала а (Влахернан гӀала<!—ТӀаьхьа йина хила тарло ? -->).

XI а, XII бӀешерашкахь генуахойш а, венецихойш а шайн каралоцу йохк-эцаран хьалхе, охьаховшу Галата тӀе.

Йожар[нисъе бӀаьра | нисъе]

1204 шеран 13 апрелехь Константинополь схьайоккху ДеаззалгIа жIарийн лелабахаран рыцарш, цара ягайо иза, талораш дой хIаллакйо. ГIала жIарашлелочеран Латинан империн коьрта шахьар хуьлу крестоносцев, экономикан олалла карадоьду венецихойн. 1261 шеран июлехь византихойша, генуяхойн гIоьнца, схьайоккху гIала, Iедал юха а карадоьду византийн Палеологийн некъашна.

XIV бӀешо юккъе даххалц Константинополь лаьттира йоккха йохк-эцаран центр, цул тIаьхьа яслуш-яссаелира, коьрта позицеш гIалахь дIалецира венецихоша а, генуяхоша а. XIV бIешеран чеккхенгара Константинополь яккха масийттаза гIоьртира Iусманан туркой. 1452 шарахь султана Мохьмада Мехкашдохучо Румелин гIап яр бахьнехь гIалин болх бина баьллера, 1453 шарахь 29 майхь бехха гуо латтийна гIала юьйжира.

Константинополах коьрта шахьар хилира керла онда пачхьалкхан — Ӏусманан империн.

Царьград[нисъе бӀаьра | нисъе]

Айя Софиян ротонда

Царьград (нохч. Паччахь гӀала) — Туркойчура хӀинцалера Истмала а, Малхбален-Руман (Византийн) Империн коьрта шахьар а, Константинополь гӀалан а, мехкан а славянийн цӀе. Иза йоккхуш хилла масийтта кепара, меттане хьаьжжина, масала, шираславянийн: Цѣсарьградъ; килсаславянийн; Царьгра̀дъ, оьрсийн: оьрс. Царьгра́д; къилбаславянийн меттанаш: Кариград я Цариград, церан абате хьаьжжина; словак. Carihrad; чех. Cařihrad; пол. Carogród; укр. Царгород; иштта Czargrad а, Tzargrad а; хьажа Царь.

Царьградширславянийн гочдар грекийн маттара Βασιλὶς Πόλις. Цхьаьнатоьхна славянийн дешнаш царь (паччахь) а, град (гӀала) нисделира Царьград (Паччахь гӀала). Пер Томсена дийцарехь, шираоьрсийн кепо Ӏаткъам бина Константинополан шираскандинавийн цӀеран Miklagard (Мikligarðr).

Болгараш иштта далийна и дош Велико-Тырново (Паччахь гӀалин Тырнов, «Императоран гӀала Тырнов»), болгарийн паччахьийн цхьа коьрта шахьар, амма Балканаш Ӏусманийн империн Ӏедал кӀела кхаьччи, болгарийн дош леладора деккъа Константинополан цӀе йоккхуш.[5][6][7]

Константинополь йоьжначул тӀаьхьа 1453 шарахь къегаш йолу Оьрсийн пачхьалкх лара йолаелла ша Руман империн когаметта а, шайн ницкъаш иза денйийр хилар а (КхоалгӀа Рум). И тешам Оьрсийн православин килсано латтош бара, Ивана III-гӀачун тӀаьххьарчу Византийн императоран гергарчу Софья Палеологца бина мах нийса хилийта кеп лелош а. ЧӀагӀдора, паччахьийн Ӏалашо ю гӀала юхаерзор, амма, дуккха а къилба агӀора тӀелетарга хьаьжна ца Ӏаш, иза дан ца делира Малхбузе юкъагӀертарна ГӀирман тӀаман.

ХIинца «Царьград» дош юкъара дIадаьлла, шира дош хилла оьрсийн маттахь. Амма из ахIинца а лелош ду болгарийн маттахь, муххале а историн контекстехь. Болгарин коьртачу шахьрара Софияр коьрта транспортан артерин цIе ю Цариградско шосе («Паччахь гIалин некъ»); некъ болало Паччахь Маьршадаьхнарг бульвар тIиера, дIабоьду къилба-малхбале Истмала боьдучу коьртачу шоссе тIе. Царьград цIе иштта йисина дешнийн тобанашкахь, масала, цариградское грозде («Паччахь гIалин кемсаш», болгараш олу «кIудалгех»), даар цариградский кюфтенца («жима паччахь гIалин кюфта») я алар «Цариграде (Паччахь гIала) а кхочур ву хаьттича». Словенийн маттахь из ахIинца а лелайо, официалан цIарал алсама а лелайо.[8] Нах кхета а кхета, наггахь лела а йо цIе Carigrad Боснехь, Хорватехь, Черногорехь, Сербехь.

Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Georgacas, Demetrius John (1947). «The Names of Constantinople». Transactions and Proceedings of the American Philological Association (The Johns Hopkins University Press) 78: 347–67. DOI:10.2307/283503.
  2. Константинополь // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Древнейшие государства Восточной Европы. — М.: Наука, 2003. — С. 136.
  4. Франкопан, 2018, с. 53.
  5. Софроний Врачански. Житие и страдания на грешния Софроний. София 1987. Стр. 55 (Пояснительная сноска к автобиографии Софрония Врачанского)
  6. Найден Геров. 1895—1904. Речник на блъгарский язик. (запись на царь в Словаре болгарского языка Найдена Герова)
  7. Симеонова, Маргарита. Речник на езика на Васил Левски. София, ИК «БАН», 2004 (запись на царь в Словарь языка Маргариты Симеоновой Васила Левского)
  8. Seznam tujih imen v slovenskem jeziku. Geodetska uprava Republike Slovenije. Ljubljana 2001. p. 18.
  9. Liber insularum Archipelagi, Национальная библиотека Франции, Париж.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Питер Франкопан Первый крестовый поход. Зов с Востока = Peter Frankopan . The First Crusade: The Call from the East. — М.: Альпина Нон-фикшн, 2018. — ISBN 978-5-91671-774-7

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]