Феодосийн пенаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Пенан хӀинцалера хьал

Феодосийн пенаш дохаллин 5630 метр, доьттина император Феодосий II-гӀа волуш, Константинополь мостагӀех ларъярхьама, оцу хенахь иза кхоьллинчу Сийлахь Константина чот тоьхна ворхӀ гу тӀехь йолу гӀала шен пенел араелира. Пен боттаран болх дӀабаьхьира куьйгаллехь префект Анфимий а волуш 408 - 413 шерашкахь. Ирландин историка-византинисто Бьюри Джон Багнелла и болх барна «Константинополь шолгӀа кхоьллинарг» аьлла цӀе тиллира Анфимийн.

Феодосийн пенаш чӀагӀдира, 740 шарахь мохкбегийча доьхначул тӀаьхьа. Оцу хенахь пенашна хьалха йоккха саьнгар яьккхира. Чоьхьара пен локхаллехь 12 метр а, шораллехь 5 метр а болу, хӀора 55 метр юкъанна чӀагӀбина бара ялх са я бархӀ са болчу 20 метр лекхачу бӀаьвнаша, ерриге а бӀе гергга яра уьш. БӀаьвнийн лахара гӀат кечйинаяра дааран сурсаташ Ӏалашдан.

Арахьара гӀалин пен чоьхьарчу жима бара локхаллехь а, шораллехь а. Арахьарчу пенан 96 бӀаьвнах итт чухула дехьа волуш яра, царех коьртаниш лорура Дешийн кевнаш — тардина иштта цӀе йолчу Киевера а, Владимирера а кевнех. И кевнаш дара Феодосий I-ра волуш кхаа шагатӀулгах йина триумфан тӀе тӀоман аллегорин Толаман таж тиллина нартол йолуш.

Иштта новкъарло йора пенашна тӀелетачарна Византин флото, иза бахьнехь Константинополан дуккха а бина гуо аьтту боцуш дӀахийцира, амма 1204 шарахь ДоьаззалгӀа жӀарийн лелабахарехь гӀала дӀалецира, жӀарашлелочеран кеманаш Дешийн маӀан чулелхар бахьнехь, ткъа салташа мостагӀчун Ӏаткъам бахьнехь пенаш дӀаделира.

Феодосийн пенийн тодина дакъа

Пенан уггар гӀийла дакъа дара хин тогӀен чуьра 1250 метр деха Юккъера пенаш. Нийсса оцу меттиган тӀелетта Мехьмед II-гӀа 1453 шарахь Константинополан гуо лаьцначу хенахь. Доккхаха долу дакъа цуьнан къапалгаш хилира, амма иза сиххха юхабоьттира ВорхӀ бӀевнан гӀап цӀе тиллина, XIX бӀешо кхаччалц латтийра тешамечу хьолехь. Ткъа янычараш чубевлла меттигехь хӀоттийна иэсан хьаьрк.

Истмала йоккха мел хуьлу Феодосийн пенаш дохо долийра, дукхах дерг XIX бӀешо чекхдолуш, XX бӀешо долалуш. 1980-гӀа шерашкахь ЮНЕСКОс ахча делира пенаш юхадайта хьалха хиллачу кепара, амма меттахӀоттор дикка ледара дара, хӀунда аьлчи, керла доьттина пенаш алсама дохийна ширачел дукха хан йоццуш мохкбегабаро.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]