Марьям бинт Ӏимран

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Марьям дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Марьям бинт Ӏимран
Ӏаьр. مريم بنت عمران‎‎
Ибнат Ӏимран, аль-Ӏазраъ, Уммуль Масихь
Къам Жуьгтий
Да Ӏимран
Нана Хьаннат
Бераш Ӏийса

Марьям бинт Ӏимран (Ӏаьр. مريم بنت عمران‎‎) — иза ЙоӀстаг Марьям ю, Масихь-Ӏийса пайхамаран нана ю, къуръантӀехь ма-баххара. Марьям уггаре еза а, алсамо бакъ йолу зуда ю исламехь, цуьнан сийлаллин яздина къуръантӀехь сурат ду №19 (Сурат-Марьям), цутӀехь дуьйцу Ӏийса варх.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Мареман да — Ӏимран ву, а нана — Хьаннат ю.

КъуръантӀехь ма-аллара, Ӏийса да а воцуш дуьненчу ваьлла. Марьям а, Ӏийса чӀогӀа лоруш ду, амма исламехь Делан нур санна хьалдолуш бац, керсталлехь санна.