Чулацаман тӀегӀо

Мохьмад II

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мохьмад Даккхархочун урхалла чекхдолуш хенан Ӏусманойн шуре

Мохьмад II (хункар. محمد ثانىMehmed-i sânî, турк. II. Mehmed), гӀaрваьлла вевзаш ву Мохьмад Даккхархо санна (хункар. ابو الفتح — «даккхарийн да», турк. Fâtih Sultan Mehmed) — 1444—1446 а , 1451—1481 шерашкахь а Ӏусманойн шуренан хилла волу хункар.

Ша урхалла дечу хенахь Мохьмада II шена мажароша дина тӀeлатаро Сегедан машаран чӀaгӀaм бохийча Янош Хуньядин тхьамдаллехь болу жӀapaхой бохийнера. Мохьмад II 1451-чу шарахь шен дарже йухавеъча иза Ӏусманойн флот чӀaгӀ а йина Константинополана тӀeлата кечамаш беш вара ; йуха кхо шо даьлча (шен 21 шо долуш) цо Константинополь дӀaлаьцнера, иза Болехьара Румойн шуре (вуьшта Византин олуш йолу) йохоран билгало хиллера. Даккхар хиллачул тӀаьхьа Мохьмад Руман цезар боху дарже вала лууш вара (хункар. قیصر‎ روم, турк. Kayser-i Rum) Константинопол йукъ а , нана-гӀaла а йара Византин шуренан Константин паччахьо и дехьа ма йаьккхина 330-чу шарахь бохучунна тӀe а дугӀyш. И дарж Константинополан Патриархо тӀeлаьцнера , амма кхиболу дукхахболу Европера монархаша и дарж къобал ца динера

ТӀaьхьо Мохьмада кхидӀa бира шайн тӀeманаш Анатолехь а , негӀa-болехьара Европехь а Босни[1] кхаччалц а. Политикан а , социалан а leдалан хийцамаш а бина , цо Ӏилманан кхиамашна дог айъадора , цуьнан урхаллин тӀaьххьарчу хенахь Константинопол йара кхуьуш шуренан нана-гӀaла. Мохьмадин цӀapх лелаш йу шортта гӀишлош , царна йукъалоцуш ду Даккхархочун (Фатихан) маьждиг, Мохьмад Даккхархочун Хункаран тӀaй а , «Фатих» кӀoшт а Истамлехь.

  1. Franz Babinger. Mehmed the Conqueror and His Time. — Princeton University Press, 1978. — 618 с. ISBN 978-0-691-01078-6.