Дахкильгов, Ибрагим Абдурахманович
Ибрагим Абдурахманович Дахкильгов | |
---|---|
Вина терахь | 1937 шеран 14 август |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2014 шеран 15 март (76 шо) |
Пачхьалкх | |
ГӀуллакхан тайпа | Ӏилманча |
Ӏилманан кхоче | фольклористика, Фольклор, филологи |
Альма-матер | Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан пединститут (1962) |
Ӏилманан цӀе | профессор |
Ӏилманан куьйгалхо | Далгат, Уздиат Башировна |
СовгӀаташ а, премеш а |
Ибрагим Абдурахманович Дахкильгов (1937 шеран 14 август, БуритӀе — 2014 шеран 15 март) — вевзашволу гӀалгӀайн йаздархо, профессор, фольклорист, Чах Ахриеван цӀе йолу НИИн директор, гӀалгӀайн пачхьалкхан байракхан автор[1].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дахкильгов вина 1937 шеран 14 августехь БуритӀехь[1]. Дахкильгован ден дайш дакъалецира Руссийн-Туркойн а, Дуьненан хьалхара а тӀемашкахь. Цуьнан да вараСийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь[2].
Дахкильгован бералла чекхъделира Балта юртахь Теркан уллехь. 1944 шарахь цӀерадехкинчултӀаьхь иза Казахстане кхечира. Цигахь Дахкильговс штамповщикан болхбира Алма-атан заводехь «Эмальпосуда». 1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча цуьнан доьзалла цӀабирзира. 1962 шарахь цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тӀаьхьа цо ша валлалц болхбира цкъа хьалха Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетехь а, 1994 шо дуьйна — ГӀалгӀан пачхьалкхан университетехь. Иза Чах Ахриев цӀарах йолу Гуманитаран НИИ коьрте хӀоттийра. Университетехь цо лекциш а йошара, конференциш а, семинараш а, кхийолу мероприятиш а йора.
Ша студент волчу дуьйна Дахкильгов волавелира Ӏилманий болх бан. 1958 шо дуьйна цо хӀора шарахь ГӀалгӀайчоьнан лаьмнашка экспедициш йора[3]. 1969 шарахь Дахкильговс кандидатски диссертаци кечйира Москвара Дуьненан литературин институтехь. Цу диссертацийца цо кхоно йазйира монографи «Ингушская литература (период развития до 1940-х гг.)». Иза йара исторехь хьалхара диссертаци а, монографи а, дина гӀалгӀайн литературин кхиаран лерина йазйинарг.
Дахкильгов йелира масийтта лакхара звани: «Нохч-ГӀалгӀайн Сийлахь Ӏилманан гӀуллакхо» (1987), «ГӀалгӀайн республикин Сийлахь дешаран гӀуллакхо» (1997), «Российн Федерацин лакхара говзаллин дешаран Сийлахь белхало» (2001). 1991 шо дуьйна иза вара Российн йаздархойн союзан декъашхо, 1999 шо дуьйна — Социальни Ӏилманийн академин академик[4].
2013 шарахь Дахкильгов пенсе вахара, амма Чах Ахриеван цӀарах йолу НИИ керла гӀишло йаран болх дӀа муха боьду хьажа денна схьаоьхура. И керла гӀишло йина яллале иза велира 2014 шеран 15 мартехь[2][5].
Дахкильговс йазйинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дахкильговс теллина гӀалгӀайн литературоведени а, фольклор а, цо хӀоттайора дешаран литература, йазйора исбаьхьа говзарш оьрсийн а, гӀалгӀан а меттанашкахь. Цо гӀалгӀай йаздархойн кхоллалех лерина йазйина масийтта книга. Иза вара дуках Ӏилманчийн книгийн Ӏилманийн редактор[4]. Цуьнан куьгаллалица кхоьллина 10 том йолу проект «Антология ингушского фольклора» гӀалгӀайн а, оьрсийн а меттанашкахь. Оцу проекте йукъайахара шина бӀе шарахь гулйина материал. Цо йазйина «История Ингушетии» книгаца кхоьллина школашна лерина кхоьллина ГӀалгӀайчонан историн учебникаш[6].
- «Гӏалгӏай багахбувцамахи литературахи йола программа» (1971),
- «Ингушская литература (период развития до 40—х годов)» (1975 год),
- «Устное народное творчество вайнахов» (1977 год),
- «Исторический фольклор чеченцев и ингушей» (1978 год),
- «Сказки, сказания и предания чеченцев и ингушей» (1986),
- «Мифы и легенды вайнахов» (1991),
- «Начало Назрани»,
- «Ингушские сказания, предания, сказки, пословицы»,
- «Ангушт»,
- «Шли в подданство не из принуждения»,
- «История повторяется»
- «Мудрые наставления наших предков. Из ингушского фольклора» (2001),
- Боль и гордость моя — родная Ингушетия / Ингушский науч.-исслед. ин-т гуманитарных наук им. Ч. Ахриева. — Нальчик: ГП КБР «Респ. полиграфкомбинат им. Революции 1905 г.» : Эль-Фа, 2007. — 575, [1] с. : ил., портр.; ISBN 978-5-88195-874-9
- «Ингушский нартский эпос» (2013)
Исбаьхьа говзарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дахкильгов волавелира берашна лерина говзарш йазйан 1970-гӀа шерашкахь Азамат Зязикован дехар бахьнехь. Цо хаитира Дахкильгове гӀалгӀайн маттахь берийн литература къезга хилара. Цуьнан хаьлхара берийн книгаш араялча иза хилира вевзаш гӀалгӀайн йаздархо[3]:
- «Кукий денал» (1976),
- «Шутар. Повести дувцараши» (1986),
- «Берд» (1990),
- «Наьначе»
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Нохч-ГӀалгӀайн Сийлахь Ӏилманан гӀуллакхо (1987);
- ГӀалгӀайн Республикин Сийлахь дешаран белхало (1997)
- Российн Федерацин Лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхало (2001).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 "Памяти Ибрагима Дахкильгова К 80-летию ученого и патриота". «Ингушетия» — интернет-газета(оьр.). 2017-08-15. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 07 июлехь.
- ↑ 1 2 Зейнеп Дзарахова. Личность. «Любовь к Отечеству – это не просто слова, это - дела» . Интернет-газета "Ингушетия" (2014 шеран 3 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 июль.
- ↑ 1 2
{{cite news}}
: Пустой шаблон цитирования (справка) - ↑ 1 2 Дахкильгов Ибрагим Абдурахманович . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 июль.
- ↑ "Глава Ингушетии выразил соболезнование родным и близким Ибрагима Абдурахмановича Дахкильгова". Новости Ингушетии Бакъдар. 2014-03-15. Архивйина 2018-07-08 — Wayback Machine
- ↑ "Памяти ученого Ибрагим Дахкильгов — ученый, гражданин, патриот". ТӀекхачаран де: 2018 ш. 07 июлехь.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Мальсагов Ахмет. Что рассказывали вайнахи о своих богах и героях. (О книге «Мифы и легенды вайнахов»). — «Грозненский рабочий», 1992, 5 мая.
- Рамазанова М. Золотая ветвь. (О книге «Мифы и легенды вайнахов»). — «Республика», 1992, 28 марта.
- Газгириева А. О времени и о себе. — «Ингушетия», 1995, 19 сентября.
- Чахкиев С. Один из первых. — «Сердало», 1997, 30 августа.
- Википеди:Ошибки CS1 (пустой)
- Бинарш 14 августехь
- Бинарш 1937 шарахь
- Бинарш ССРС
- Белларш 15 мартехь
- Белларш 2014 шарахь
- Российн Федерацин лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхалой
- Адамаш абатца
- Ӏилманчаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Белларш 14 августехь
- Белларш 1937 шарахь
- Филологин Ӏилманийн кандидаташ
- Нохчийн университетан хьехархой
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР хьакъ долу Ӏилманийн гӀуллакххой
- Нохчийн хьехархойн университетехь дешнарш
- Российн йаздархойн Бертан декъашхой
- Российн XXI бӀешеран йаздархой
- Российн XX бӀешеран йаздархой
- ССРС йаздархой