Грозненски рабочий

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Грозненский рабочий
Grozrab.jpgГазетан мужалт (2013 шеран 6 август)
Тайпа юкъараллин а, политикан а
Формат А2

Коьрта редактор Лёма Турпалов
Кхоьллина 1917 шо
Мотт оьрсийн
Чухоам 4 агӀо
Коьрта офис Москва
Тираж 110 000 (1971 шо)
Веб-сайт grozrab.org
Газетан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

Грозненский рабочий — Нохчийн Республикан оьрсийн маттахь арахоьцу газета. Советан Ӏедал долчу хенахь иза дара Нохч-ГӀалгӀайн КПСС обкоман а, Министрийн Советан а орган. 1971 шарахь цуьнан тираж яра 110 эзар экземпляр[1].

Арахеца долина 1917 шарахь. Цуьнан хьалхара цӀе яра «Товарищ». Цул тӀехьа цуьнан цӀе масийттуза хицаелира — «Известия Грозненского Совета рабочих, крестьянских и казачьих депутатов», «Красный труд». 1924 шарахь цунна тиллира «Грозненский рабочий» цӀе. 1980-гӀа шераш чекхдолуш хенахь цуьнан цӀе тиллира «Голос Чечено-Ингушетии». 1991 шарахь цуьнан арахецар сецира. 1995 шарахь иза юха а арахеца долийра шен хьалхара цӀерца. Цу хенахь иза арахоьцура Минеральные Воды гӀалахь. Коьрта офис ю Москвахь. Газета хӀинца арахоьцуш ду Соьлжа-ГӀалахь.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 1971 шарахь цунна елла Къинхьегаман ЦӀе Байракхан Орден.
  • 2003 шарахь газетин коьрта редакторан Муса Мурадован делира Прессин маршон халкъашна юкъара совгӀат[2].
  • 2007 шарахь Халкъашна юкъара журналистийн фондас (ICFJ) йина конкурсехь Награды за освещение биологического многообразия на Кавказе (Biodiversity Reporting Award) Лема Турпаловн совгӀат делира[3].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. БСЭ
  2. Осужденному азербайджанскому журналисту присудили международную премию. Интернет и СМИ. Lenta.ru (2009, 25 ноябрь). Теллина 2013 шеран 20 августехь.
  3. ArmeniaNow.Com Claims Top Prizes In Caucasus Contest (ингалс.). Press Releases. Critical Ecosystem Partnership Fund (23 November 2007). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 июнехь. Теллина 2013 шеран 14 июнехь.