Бажаев, Зия Юсупович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бажаев Зия Юсупович
Бажаев, Зия Юсупович.jpg
Вина терахь 1960 шеран 11 июль({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})
Вина меттиг ТӀехьа-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2000 шеран 9 март({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (39 шо)
Кхелхина меттиг Химки, Москван область, Росси
Корматалла Предприниматель
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

Зия́ (Зияуди́) Юсу́пович Бажа́ев (1960 шеран 11 июль, ТӀехьа-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР — 2000 шеран 9 март, Химки, Москван область, Росси) — нохчийн бизнесмен, «Альянс» компани кхоьллинарг.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Иза винера 1960 шарахь Хьалха-МартантӀехь. 1976 шарахь цо чекхъяккхира Хьалха-МартантӀера юккъера школа № 1. 1981 шарахь чекхъяккхира Краснодаран Политехнически институт инженер-технологан говзаллица. Техникан Ӏилманийн кандидат.

19881991 шерашкахь иза вара Краснодаран а, Соьлжа-ГӀалин а биохимин заводашкахь болх беш. 19921995 шерашкахь иза вара Швейцарехь дӀаязйина йолу LIA OIL маьхкадетта духку компанин президент. 1995 шарахь иза хилира Нохчийчоьхь мехкдаьтта доккху ФГУП «Южная нефтяная компания» (ЮНКО) куьйгалхо. Амма 1996 шарахь иза балхара дӀавеккхира. Кеста Нохчийчохь сепаратисташ Ӏедал деккхинчул тӀаьхьа оцу компанин болх сецира. 1996 шо дуьйна Зия Бажаев вара «Сиданко» компанехь болх беш. 1997 шо дуйьна 1998 шо кхаччалц иза вара оцу компанин куьйгалхо. И фирма йитинчултӀехьа цо кхоьллира шен фирма «Альянс». Оцу фирман юкъаяхара хьалха «Сиданко» долахь хилла йолу Хабаровскан НПЗ. Кхиъ цхьа шо даьлча «Альянсас» шен дола яккхира Украинехь йолу Херсонан НПЗ.

19981999 шерашкахь Бажаев вара «Роснефтин» кризисан дуьхьала программа а, Евгений Примаков Российн премьер-министр волчу хенахь неха ойла тӀейирзина йолу Российн мехкдаьттан компанин проект а.

Иза велира 2000 шеран 9 мартехь Артём Боровикца цхьана кемантӀехь. Иза веллачултӀаьхьа «Альянс» компанин куьйглахо хилира цуьнан жима ваша[1].

2007 шарахь компанин долара елира Херсонан НПЗ. 2008 шарахь оцу компанин активаш Россиехь мехкдаьтта доккхуш йолу Швецин компанин West Siberian Resources активашца вовшахтуьхуьра.

Цуьнан гӀонца Топа Элимбаевс кхоьллира берийн хелхаран ансамбль «Зия».

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Цуьна кхо бера дисна.

Виццавар[нисъе | нисъе чухулара]

  • Цо ша валлац гӀо деш хилла берийн хелхаран ансамблин иза веллачул тӀаьхьа цуьнан цӀе тиллира[2].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]