Элимбаев, Топа Хамитович
![]() Топа Хамитович Элимбаев | |
---|---|
Вина терахь | 1945 шеран 4 май (80 шо) |
Вина меттиг | Карагандан область, Казахийн ССР, СССР |
Гражданалла |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа | балетмейстер, танцор |
Зуда | Элимбаева Лидия Алаудиновна |
Бераш |
|
СовгӀаташ |
Элимбаев, Топа Хамитович (1945 шеран 4 май, Карагандан область, Казахийн ССР, СССР) — хелхархо, балетмейстер, «Зия» ансамблин кхоллархо а, куьйгалхо а, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь белхало, Российн Федерацин Халкъан артист, дукха халкъашна йуккъера фестивалийн лауреат, Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат, Иорданин а, Испанин а, Португалин а, Мозамбикан а лакхара совгӀаташ делла стаг.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1945 шеран 4 маехь Казахийн ССР Карагандан областехь. Школехь доьшуш хенахь оьхуш вара исбаьхьаллин кхолламалле. Дешна ваьлча иза вахара культпросветучилище деша. Иза вара профтехобразованин эшеран а, хелхаран а ансамблин солист. ТӀаьхьа иза хилира оцу тобанан куьйгалхо (1960—1964 шераш). Цу хенахь волавелира иза шен хелхаран хӀоттораш йан.
Цо чекхйаьккхира ГИТИСан режиссёрски а, балетмейстерски а факультет. Тоьлла студент хиларна иза вахийтира ГДР балетмейстеран а, хьехархон а болх бан. Берлинан хореографически училищехь а, йевзаш йолу Берлинан театрашкахь (Комише опер, Штаатс опер, Фридрихштадтпаласт) цо хӀоттира шиъ цхьа акт йолу балет.
1970-гӀа шерашкахь Элимбаев вара «Вайнах» ансамблин куьйгалхо. Цо кхоьллина программа гойтуш ансамбль йахара дукха пачхьалкхашка: Мозамбик, Кени, Къилба Америка, Туркойчоь, Сири, Ирак, Иордани.
1995 шарахь тӀом болабелча иза Соьлжа-ГӀалара дӀавахара Москва. 1999 шарахь цо кхоьллира ансамбль «Зия». ХӀинца а оцу ансамблин куьйгалхо ву иза.
СовгӀаташ а, цӀераш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо[1];
- Российн Федерацин Халкъан артист[2];
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР Пачхьалкхан совгӀатан лауреат;
- Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат.
- Иорданин а, Испанин а, Мозамбикан а, Португалин а лакхара совг1атийн лауреат.
- «Силаллийн Билгало» орден
Семья
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цуьнан зуда Элимбаева Лидия Алаудиновна, «Зия» ансамблин генеральни директор а, экономист а йу. Цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан экономически факультет 1993 шарахь. Бераш: кӀант Туган — юрист, йоӀ Петимат — юрист, кӀента кӀант Сайд-Хьамзат (1990) — Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан университетан студент, кӀентан йоӀ Лейла (2007)[3].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 12 ноября 1987
- ↑ Почётное звание присвоено указом президента России № 390 от 17 апреля 2006 года
- ↑ Элимбаева Лидия Алаудиновна(ТӀе цакхочу хьажорг)
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Топа Элимбаев
- Балетмейстер Топа Элимбаев Архивйина 2014-08-12 — Wayback Machine
- Танец длиною в полвека
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. ГӀодехьа Википедина, хӀара йаззам тӀебуьзна. |
- Бинарш 4 майхь
- Бинарш 1945 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Карагандан областехь
- РСФСР Хьакъдолу артисташ
- Российн Федерацин Халкъан артисташ
- РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххой
- «Силаллийн Билгало» Орден йелларш
- «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал йелларш
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Нохчийчоьнан артисташ