Зия (ансамбль)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Зия Бажаев цӀарах йолу берийн хореографин ансамбль
Жанр нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш
Шераш 1999 — таханалац
Пачхьалкхаш Росси Росси
ГӀала Москва
Куьйгалхо Элимбаев, Топа Хамитович
ziya.org

Зия Бажаев цӀарах йолу берийн хореографин ансамбль (ансамбль «Зия») — берийн хелхаран ансамбль.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

1999 шаран октябрехь Зия Бажаевс къобла йира Топа Элимбаеван ойла берийн хелхарана ансамбль кхолла. Хьалха цо кхайкхира шен гергарчерий а, доттагӀий а бераш. Царехь хилира ансамблин бух. Амма тӀаьхьа дехкира кхоьчу къаьмнийн бераш. Тахана ансамблин балхехь дакъа лоцуш бу нохчий, гӀалгӀай, оьрси, абхазцаш, суьлеш, аьрмалой, болгараш.

Зия Бажаев веллачултӀехь 2000 шарахь ансамблин тиллира цуьнан цӀе. Зия вежарий Муса а, Мавлит а БажаевгӀара ансамблин гӀо дара саца ца дира. 2002 шарахь кхоьллинера «Зия Бажаеван цӀарах йолу беринй хореографин ансамбль». Оцу ансамблин куьйгалхо хилира Топа Элимбаев.

Ансамбльс кхиамашца гойту шен корматалла уггара гӀарйовлла Москван а, Российн а, дуьненан а сценашкахь. Ансамбль ю дукха Россиехь а, кхоьчу паччхьалкхашахь а хилла йолу фестивалийн лауреат (фестивалиш «Седарчийн гулам», «Дуьненан бераш», «Оьрсийн тӀамараш», Кавказан къаьмнийн фестиваль, Халкъашна юккъера фестиваль «Баркалле некъе», VI Халкъашна юккъера исбаьхьаллин фестиваль «Ярославлин сакъерар», II Ерригроссийн кегирхойн дӀадоладаран фестиваль Москвахь, берийн фестиваль Иракехь, III Затиссан классикан балетан фестиваль Венгрехь (Гран-при), III фестиваль «ТӀемарздеш долу дуьненаш. Этнически Росси», кхиераш а). Кеги хелхархой хаза тӀеийцира хьовсархош Украинехь (Херсон), Венгрехь (Будапешт, Ниредьхаза), Францехь (Сан-Тропе), Германехь (Берлин, Дрезден, Лейпциг, Зеелов, Виттенберг), Италии (Верона), Вовшахкхетта Ӏарбийн Эмираташкахь, Иракехь (Багдад).

Российн президентан лаамца ансамбльс дакъа лецира «Йоккха бархӀан» саммитан концертехь Санкт-Петербургехь.

2009 шарахь ансамбль «Зия» кхайкхира ЦӀен майданехь хуьлуш йолу «Спасски бӀов» халкъашна юккъера тӀеман а, эшаран фестивалехь дакъа лаца.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]