Ӏовх

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Аух тӀера хьажжина кхуза)
Ӏовх
Кхин цӀерш Ӏовха, Ӏавх, Ӏовхойн мохк
Экзотопонимаш
  • «Аух»,
  • «Окох»,
  • «Окоцкая земля»,
  • «Окочанская земля»[1]
Географин регион Къилбаседа Кавказ
Бахархой

Ӏовх[2], Ӏовха[3], Ӏавх, Ӏовхойн мохк — нохчийн мохк а, нохчийн экзотопоним а[~ 1]. Таханлерчу дийнахь и мохк ДегӀастанан республикин йукъахь бу.

1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:

« Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀой хина а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а йуккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн йукъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[4]
»

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пхьарчхошка а, Ширча-Эвла а Ӏовхара шира нохчийн йарташ

Географ а, этнограф а, артиллерист а, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо а хиллачу, 1728 шарахь Каспий-хӀорд йистан карта диначу Густав Герберс йаздина нохчий хьалха Каспий-хӀорд йисте кхаччалц Ӏаш хилла аьлла. И верси бакъйина 1785 шарахь историк а хиллачу Михаил Чулковс а, 1800 шарахь инарла а хиллачу Богдан Кноррингс а[5][6][7].

Густав Герберс йаздина хӀара:

Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Каспий-хӀорда тӀе кхаччалц йаьржина йара, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалоьхкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира[6][7].


Иштта хӀордйисте чӀерий лийца оьхуш болу нохчийх лаьцна йаздина оьрсийн гӀуллакхехь хиллачу некъахо а, натуралист а хиллачу Готлиб Гмелинс 1774 шо кхачале Каспий-хӀорд йистехь а, Нохчийн гӀайре а тӀехь хийла волу, иштта оцу билгал до «Чечень» цӀе чеченцы этнонимах схьайелла хилар[8]. Географин Ӏилманан доктор а хиллачу Евгений Михайлович Поспеловс а бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн кӀоман цӀарах схьайелла хилар[9], ткъа историк Дмитрий Ровинскис гӀайрех лаьцна боху хӀара «Чечень», йу «нохчийн хӀусамийн дуьхьала»[10]. Гмелинс йаздина хӀара:

« УьтталгӀачу динахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажен гена делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина лаьмнашкахь Ӏаш болу нохчийн цӀарах, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу...[8]
»

1818 шерахь оьрсийн инарла хиллачу Ермоловс йина масийтта экспедици Нохчийчоьнан Ӏовхойн-махка. Оцу экспедицехь хиллачух В. Поттос хаам-бо, иштта «...Массийта дийнахь ГӀумкийн аре нохчийх дӀацӀанйина»[11].

Нах беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏовхойн мехкан цхьайолу йаккхий нах беха меттигаш (цхьайолчу эвлашкахь нохчий а, гӀумкий а, немцой а бахархой хилла):

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Дерриг къаьмнаша санна, шайн кхиаран цхьаьна билгалчу муьрехь, нахийн къаьмнаша лелайора шайна йукъарчу гергарлонан, мехкан, социалан тӀеман йукъараллин цӀерийн чолхе система. Иштта цхьаьнакхетараллин нахийн структура лаьттара тайп-тайпана барам а, статус а йолчу тобанех, масала тукхамаш/шахьарш, тайпанаш, гаранаш, некъий, цӀа, доьзал. ХӀокху заманахь тайп-тайпана цхьаьнакхетараллин шира нахийн системан чолхе кхетам бахьнехь, церан йаккхийра кепашна кавказйовзарехь дукха хьолехь лелайо термин маьрша йукъараллаш йа деккъа йукъараллаш.
Хьосташ
  1. Журтова А.А., Максимчик А.Н. Историография российско-кавказских отношений в XVI–XIX в.: два подхода к осмыслению проблемы / доктор исторических наук, профессор П.А. Кузьминов. — Владикавказ: СОИГСИ ВНЦ РАН, 2017. — 440 с. — (Первая монография). — ISBN 978-5-91480-280-3. (Архивйина 2023 шеран 15 апрелехь).
  2. Чеченский тайп аккой. Зелимхан Мусаев (2017 шеран 17 ноябрь). Архивйина 2022 шеран 8 майхь
  3. * З.А. Тесаев. Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
  4. К управлению начальника левого фланга Кавказской линии отнесено пространство, ограниченное главным хребтом гор, реками Андийским Койсу, Сулаком, Каспийским морем и рр. Тереком и Ассою и Даут-Мартаном. Главное народонаселение этого пространства составляет чеченское племя, самое сильное, буйное и воинственное из всех кавказских народов; их считается до 100 тыс. душ. ...
  5. Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
  6. 1 2 Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
  7. 1 2 ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
  8. 1 2 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1,
  9. Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
  10. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7. * Антология. «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2.
  11. Общественный строй Чечни: вторая половина XVIII в.--40-е годы XIX века Ф. В Тотоев с 287
  12. Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г.