Аль-ЯсаӀ
Аль-ЯсаӀ | |
---|---|
اليسع | |
Говзалла | пайхамар (элча) |
Вина терахь | гергга 885 в. э. хьалха[1] |
Кхелхина терахь | гергга 790 в. э. хьалха |
ДӀавоьллина меттиг | Эль-Авджамехь |
Къам | Израэлиты[d] |
Да | Сафат[d][2] |
Динлелор | Ислам |
Хьехархой | Ильяс[3] |
Динашкахь ларар |
Ислам — Аль-ЯсаӀ, керсталла — Елисей яхӀудий — Элиша́ |
Аль-ЯсаӀ, АльясаӀ (Ӏаьр. اليسع) — исламан пайхамар , Ильяс пайхамаран
дешархо, хьажийна бану Исраилашна Ильяс пайхамарал
тӀаьхьа. Керсталлехь Елисей олу. Хьахийна Къуръан чохь шозза[4].
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Аль-ЯсаӀ пайхамар ваьхна Ильяс пайхамаран
а, веа исраилан паччахьийн (Иораман, Иегун, Иоахазан, Иоасан) а заманахь. Ильяс шен халкъо эккхийначул тӀаьхьа, иза волавелира дин хьеха кхечу исраилан тайпанашна, цхьамма царех и тӀеийцира. Ильяс сецира оцу хенахь чӀогӀа цомгуш волчу Аль-ЯсаӀан ненан хӀусамехь. Аль-ЯсаӀан нанас дехар дина Ильяс пайхамара
дуӀа дина, АллахӀа иза товира. Товеллачул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ цуьнан дахар дӀадаллалц Ильяс пайхамарах
ца велира, цуьнан куьйгаллийца Ӏамийра Товрат[4]. Исламан Ӏелам стага Ибн Касира силсила толлу Аль-ЯсаӀан, ден агӀора иза йоьду Харуне[5].
Ильяс кхелхинчул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ пайхамар кхин дӀа кхайкха волавелира бану исраилашка Муса пайхамаран
дине, амма цара иза дӀатеттира. Бану исраилан тайпанашна йукъахь лилхинчу девнаш бахьнехь ницкъаш гӀелделира, цуо таро йира ассирийхойн схьадаха и латтанаш, дӀабига исраилхойн доккхаха долу дакъа лолле[4].
Аль-ЯсаӀан караматалла йара[4].
Ша валале Аль-ЯсаӀа шен гӀуллакх дӀакхехьа тӀедиллира Зу-ль-Кифлан[4]. Каш ду Эль-Авджамехь, Эль-КъатӀифан йисттехь (СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбуза провинци)[6].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ http://timeline.biblehistory.com/event/elisha
- ↑ ΒΑΣΙΛΕΙΩΝ Γ(бил-боцу.)
- ↑ 6 // (unspecified title)
- ↑ 1 2 3 4 5 Али-заде, А. А., 2007.
- ↑ Ибн Касир История аль-Яса //Истории пророков.
- ↑ اليسع (Аль-Яса) (Ӏаьр.)
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Али-заде А. А. Аль-ЯсаӀ : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Аль-ЯсаӀ Викиларма чохь |
---|
- Prophet Al-Yasa al-huda.com
- The Story of Al-Yasa (Elisha) Архивйина 2012-07-10 — Wayback Machine islam101.com
- Могила пророка Аль-Яса (Елисея) (видео) youtube.com
![]() |
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |