Яхья
| Яхья бин Закария | |
|---|---|
| Ӏаьр. يحيى بن زكريا | |
| | |
| Ассабикъ, АссабигӀ, Башир, ШахӀид, МаӀмадан | |
| Говзалла | динан баьчча, пайхамар |
| Вина терахь | 1 в.э. |
| Вина меттиг | Бану Исраил |
| Кхелхина терахь | 30 в.э. |
| Кхелхина меттиг | Бану Исраил |
| Пачхьалкх |
|
| Къам, некъе | Жуьгтий, Римахой, Бану Исраил |
| Да | Закария |
| Нана | Элизабет |
| Лоруш волу динаш | ислам, керсталла, иудаизм |
Яхья́ бин Закарийя́ (Ӏаьр. يحيى بن زكريا) — пайхамар ву, жуьгтийн къоман ваийтина вара Ӏисан
пайхамараллин декхар бакъ хилар чӀагӀдан, Закария пайхамаран
кӀант а ву. Библехь лоруш ву «Иоанн Креститель», аьлла. Къуръанчохь 5-зза хьехош ву. Исламан дийцаршкахь ма-бохху Яхья – иза пайхамар хилла, Ӏийсан пайхамаралла хилар дӀакхайкхинарг а, цунах теша а тешна, цо гӀо дина цунна жуьгташна йукъахь хьехам барца.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Закария пайхамаран
а, цуьнан зудчун Элизабетан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀе доьхуш вара шена кӀант валарца. Аллахӏа тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхира цуьнга. Закарийя 100 шо долуш хиллачу хенахь шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъхиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закарийя вистцахуьлуш ӏан веза аьлла.