Ӏазраил

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏазраил мулкалмотан цӏеран сурт

Ӏазра́ил (Ӏаьр. عَزْرَائِيلُ‎‎; ӏебар. עזראל‎), йа Му́лкалмот — иза исламан а, жуьгтийн а динехь адамийн саэца тӏехӏоттийна малик ду. Къуръан чохь хьахийна йац и цӏе, цуьнан метта хьахийна «Малакул-мавт» аьлла. Цуьнан цӏе Ӏазраил йу аьлла дийцарш даьхкина муфассирийн исламан хьосташкахь. Ӏазраил жуьгтийн маттара схьайаьлла цӏе йу, цуьнан маьӏна «Дала гӏодийриг» бохург ду [1].

Цуьнан ӏалашо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адам кхоллале хьалха, Дала омрадина хилла мулкалмоте хӏор тайпанах долу латта дан аьлла, цуьнах Адам кхоллархьама. Цул тӏаьхьа адамийн синош иэца тӏехӏоттийра Цо иза. Са чохь долчу хӏуманех а, маликех а тӏаьххьара лийр дерг ду иза къемат-дийнахь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Davidson, Gustav (1967), A Dictionary of Angels, Including The Fallen Angels, Entry: Third Heaven, p. 288, Library of Congress Catalog Card Number: 66-19757, ISBN 978-0-02-907050-5 Архивйина 2016-05-18 — Wayback Machine