ИсмаӀил — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 3: МогӀа 3:
|ЦӀеран оригинал = {{lang-ar2|إِسْماعِيل}}
|ЦӀеран оригинал = {{lang-ar2|إِسْماعِيل}}
|Титраш = Забихь, Садикъуль ВаӀад, ГӀуламуль Хьалим
|Титраш = Забихь, Садикъуль ВаӀад, ГӀуламуль Хьалим
|Вина де = 1910 в.э.
|Вина меттиг = [[КанӀан]]
|Вина меттиг = [[КанӀан]]
|Кхелхина де = 1773 в.э.
|Кхелхина меттиг = [[Макка]]
|Кхелхина меттиг = [[Макка]]
|ДӀавоьллина меттиг =
|ДӀавоьллина меттиг =

Верси 2015, 21 октябрь, 21:23

ИсмаӀил
إِسْماعِيل
Файл:ИсмаьӀил.gif
Забихь, Садикъуль ВаӀад, ГӀуламуль Хьалим
Вина меттиг КанӀан
Кхелхина терахь 1590 в. э. хьалха[1]
Кхелхина меттиг Макка
Къам Ӏаьрбий
Да ИбраьхӀим
Нана ХӀаджар
Зуда Bint Al Madad[d]

ИсмаьӀил (Ӏаьр. إِسْماعِيل‎‎‎‎) — исламан пайхамар ву, ИбраьхӀим пайхамаран а, ХӀаджаран وصلة= а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар ю, библиналла а.

ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .

Дахарех лаьцна

ИсмаьӀил АллахӀ-дала ваийтина Уммат Пайхамар вара, шен ден «ИбраьхӀиман дин» даржо, Ӏаьрбийн махкахь. Наггахь Къуръан тӀехь хехош ву иза. АллахӀ дина омарца ИсмаьӀила шен деца ИбраьхӀимца КаӀбат (ХьаьжицӀа) дира. ИбраьхӀим пайхӀамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаьӀил.

АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаьӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а яьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаьӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз елла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаьӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттар арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».

Оцу метте Ӏаьрбойн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаьӀилас маре ялира. Оцу метте ИбраьхӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаьӀил а.

ИбраьхӀиме дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаьӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.

Шен нана дӀакхелхича ИсмаьӀилас зуда ялийра ДжурхӀум — олучу къомаца ерг. Цхьана и шиъ дӀасакъаьстира, уха а цо царех йолу кхин зуда ялийра. Ӏаьрбийн генеалоган тӀехь мабаххара, ИсмаьӀилера схьабевлла «къилбаседера Ӏаьрбий» уьш Ӏаднаниташ бу. ИсмаьӀилан каш КаӀбатан (ХьажицӀа) уллохь ду, цунах «Хьиджр ИсмаӀила» — олу. ИсмаьӀил вина 5-шо даьлча Саратас — Исхьакъ-пайхамар а вира.

ИбраьхӀима а, ИсмаьӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.

  1. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 18. — ISBN 978-0-87668-229-6