Сарат
Арахьара хатӀ
| Сарат | |
|---|---|
| Ӏаьр. سارة | |
| | |
| Йина терахь | хууш дац |
| Кхелхина терахь | хууш дац |
| Кхелхина меттиг | |
| ДӀайоьллина меттиг: | |
| Къам, некъе | Ӏебархой |
| Майра | ИбраьхӀим |
| Бераш | Исхьакъ |
| Лоруш йолу динаш | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
| Дозуш хилла адамаш | ХӀажар, ЛутӀ, ИсмаӀил, Азар |
Сарат (Ӏаьр. سارة) — иза ИбрахӀим пайхамаран зуда а, Исхьакъан нана а, ЯӀкъубан денана а йу. Сарат Ӏебархойн цӀе йу, Ӏаьрбийн матте гочйича цуьнан маьӀна «хазахетар» бохург ду. Ӏебархойн цӀе Сарат (שָׂרָה) цуьнан маьӀна «принцесса» хуьлу.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сарат а, ИбраьхӀим а жималлехь дуьйна гергарло долуш хилла, Саратан, ИбраьхӀиман, ЛутӀан наной йижарий хилла боху. Вавилон Намрузан махкахь Ӏаш хилла уьш. ИбраьхӀимас Сарат маре йигира. Шайн махкахь йокъала хӀоьттинчу хенахь и шиъ Мисар дахар. Саратан цхьа бера дацара, шен йалхо ХӀаджар ИбраьхӀиме маре йига аьллера цо. ХӀаджаран кӀант хилира ИсмаьӀил, массарна и шиъ дукха дезар, и бахьана долуш Сарат царех хьоьгура.
90 шо кхаьчча АллахӀ-дала цунна кӀант Исхьакъ велира.
