ХӀаджар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
ХӀаджар
هاجَرْ
Сурт
Йина меттиг

Мисар

Кхелхина меттиг

Макка

ДӀайоьллина меттиг:

Хьиджр ИсмаIил

Къам

Ӏаьрбий, Жуьгтий

Да

Pharoah[d][1]

Майра

ИбраьхӀим

Бераш

ИсмаьӀил

«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر‎‎) — ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= зуда а, ИсмаьӀиланوصلة= нана а ю. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар елла хиллера. Саратас цунах шен ялхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш яра. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.

Цхьажимма хан яьлча, ХӀаджарера яа хӀума дӀаяьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — ю. Цигахь цхьа хан яьккхира цушимма.

Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а яьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а елла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар وصلة= а вира.

ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина ю.

Кхин хьажа[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 5 // (unspecified title)