Хадор
Хадор | |
---|---|
MedlinePlus | 002998 |
MeSH | D002944 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Хадор я сунтдар- стеган йистера дилха дӀадаккхаран суннат (ламастан практика) я хирургин операци («циркумцизи» латинан маттер «circumcisio» дош ду) ю.
Масийтта бахьан ду суннат леладарна:
- динехь къобалдина, тӀечӀагӀдина Ӏадат ду, кхузаманахь леладо бусалба наха (Ӏаьрбойн маттахь ختان /Хитан/), яхӀудийн тешарш а (ивритехь מילה) /«Брит мила/ „Весетан Дош“).
- медицинан маьӀна (анатомин айп дӀадаккхар; цамгар ца йолуьйту агӀо лелор)
- халкъан Ӏадат (масала, дин лелош вацахь а стага ша хадавойту)
- социалан маьӀна (сийсаза долу зудчух кхетарш ца леладайта)
Динашкахь сунтдарах лаьцна
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ислам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хадор, дукхах болчу исламан Ӏилманчаш дийцарехь, тӀедоьжна Ӏадат (ваджиб) санна тӀечӀагӀдина ду, ткъа вукхара иза билгалла тӀедожийна дац (мустахаб) ду олу.
Мухха делахь а, хадор Мухьаммад пайхамаран суннатан дакъа ду. Цо а, цулла хьалха хила волчу пхеа пайхамаро а лелийна Ӏадат ду иза. Ткъа Къуръанехь сунтдар хьахийна дац.
Керсталла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏийса дуьненчу ваьлла борхӀолгӀачу дийнахь, Ширачу весетан низамца, цунна сунтдира. Муьлхха а жуьгтийн беранна деш дара иза:
БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра. (Лака 2:21)
ХӀунда аьлча, и Ӏадат леладар ИбрахӀим-Пайхамаро Делаца бинчу бертан билгало санна лоруш дара. Цу хьокъехь Библехь ду иштта дешнаш:
10Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тІаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе — иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12КІентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. 14Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна». (Доладалар 17:10-14)