Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип
أبي طالب بن عبد المطلب
Муъмину Къурайш (шиӀизм)
Вина де

578 шо({{padleft:578|4|0}})

Вина меттиг

Макка

Кхелхина де

620 шо({{padleft:620|4|0}})

Кхелхина меттиг

Макка

ДӀавоьллина меттиг

Макка

Къам

Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим

Да

Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим

Нана

ПетӀимат бинт Ӏамр

Зуда

ПетӀимат бинт Асад

Бераш

Ӏели бин Абу ТӀелип, ДжаӀпар бин Абу ТӀелип

Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип (Ӏаьр. أبي طالب بن عبد المطلب‎‎) — къурайшин эла ву, Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант а ву, Мухьаммад-пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg деваша ву иза, Имам турпал Ӏелин да а ву. Шен берелла чӀогӀа дукха везара цунна Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Шен да велча, Абу ТӀелипа Мухьаммад шена схьаийцира, шен кӀант санна кхиавеш. Мухьаммадан 13 шо кхаьчначу хенахь, Абу ТӀелип шен къепалан ковра эцна, Шема махка ваха араваьллера. Мухьаммад вара цуьнца ваха лууш. Цунах къа а хетна, Абу ТӀелипас шеца вигира иза. Мухьаммадна тӀехула лаьтташ марха яра, цунна ӀиндагӀ латтош. Шема махкахь Ӏаш вара керста мозгӀар «Бахьира» цӀе а йолуш. Цо уьш шайга хьошала бигира, амма Мухьаммад арахь витира. Бахьирас хаьттира шуьца кхин цхьа вуй, кхин а цхьа жим кӀант ву, иза оха арахь витира. «Ша волчу схьавалаве иза» — элира цо.

Бахьира Мухьаммадан пӀендарш юккъе хьаьжира, цунна гира цигахь пайхамаран мухӀар. Абу ТӀелипе и кӀант ларвар дийхира цо, Къурайшин нахах а. Абу ТӀелип вала герга ваханчу хенахь, чувелира Мухьаммад. Цунна гира Абу ДжаьхӀль а, ӀабдуллахI а. Мухьаммад элира шен девешига: «Цхьа дела вац АллахIвоцург» — алахь, Къурайшаш элира: «Хьайн ден дин Ӏад дуьтур дар ахь, хӀай Абу ТӀелип» — элира, амма иза дӀакхелхира.

Кхидерш[нисъе | нисъе чухулара]

Фильмаш[нисъе | нисъе чухулара]