ПетӀимат бинт Асад

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ПетӀимат бинт Асад
فاطمة بنت أسد
Уммуль Имам Ӏали
Йина терахь 568({{padleft:568|4|0}})
Йина меттиг Макка
Кхелхина терахь 626({{padleft:626|4|0}})
Кхелхина меттиг Мадинат
ДӀайоьллина меттиг: Аль-БакъиӀ
Къам Къурайш, Бану ХӀашим
Да Асад бин ХӀашим
Майра Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип
Бераш Ӏели, ДжаӀпар
Динлелор ислам

ПетӀимат бинт Асад бин ХӀашим бин Ӏабд Манап (Ӏаьр. فاطمة بنت أسد بن هاشم بن عبد مناف‎‎) — Абу ТӀелипан зуда, Ӏелин нана а йу, Мухьаммад пайхамаран ненан метта хилларг йу, иза жима волуш дуьйна.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ПетӀимат бинт Асад Мухьаммад пайхамаран тешаме накъостех цхьаъ хилла. Иза ислам тӀеэцначех цхьайтталгӀаниг хилла, Хадижатал тӀаьхьа ислам тӀеэцна шолгӀа зуда а хилла. Маккара Мадинате хӀиджрат дина хьалхара зуда хилла, шен кӀентаца Ӏели бин Абу ТӀелипца цхьаьна хилла.

Тафсирехь дуьйцу, «Аль-Мумтахьанат» суратал тӀаьхьа шахӀадат далийна ПетӀимат бинт Асада. Хьадисашкахь а, исламан исторехь гойту, ислам тӀеэцале хьалха, ПетӀимат бинт Асад «Дела цхьаъ веш» йолу хьаниф хилла.

Абу ТӀелипан зуда йоллушехь, цо кхиийна Мухьаммад пайхамар шен бераллехь, иза бобер хиллачул тӀаьхьа. Цо шен кӀант санна лелош хилла иза, а цо шен нана санна лоруш хилла иза.

Хьадисашкахь тешаллаш до, ПетӀиматас КаӀбат килсан чохь вина Ӏела. КаӀбат чохь а йолуш, ван гӀерташ хилла иза.

Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]