Йалсаманица кхаъбаьккхина итт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Йалсаманица кхаъбаьккхина итт» дешан сиз-кеп

Йалсаманица кхаъбаьккхина итт (Ӏаьр. العَشَرَة المُبَشَّرُون بِالجَنَّة, Аль-Ӏашарату ль-мубашшарун би-ль-джанна‎‎) — уьш Мухьаммад пайхамаро ﷺ йалсаманица кхаъбаьккхина итт сахьаби ву, суннатхой тешна хиларо ма-бохху. Уьш хьехийна бу Ӏабдуррахьман ибн Ӏавфа а, СаӀид ибн Зайда а пайхамарера ﷺ дийцинчу хьадисехь: «Абу Бакр а йалсаманехь ву, Ӏумар а йалсаманехь ву, Ӏусман а йалсаманехь ву, Ӏали а йалсаманехь ву, ТӀалхьат а йалсаманехь ву, Аз-Зубайр а йалсаманехь ву, Ӏабдуррахьман ибн Ӏавф а йалсаманехь ву, СаӀд ибн Абу Ваккъас а йалсаманехь ву, СаӀид ибн Зайд а йалсаманехь ву, Абу Ӏубайдат ибн аль-Джаррахь а йалсаманехь ву»[1].

Иштта уьш боцурш кхиболу асхьабаш а бу йалсаманица кхаъ баьккхина: Хадижат бинт Хувайлид а, ӀабдуллахӀ ибн Салам а, Ӏукашат ибн Михьсан а. Амма «Йалсаманица кхаъбаьккхина итт» олу термин гӀарайаьлла, хӀунда аьлча цаьрга кхаъбаккхар цхьана хьадисехь деана дера[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. رواه الترمذي في سننه عن عبد الرحمن بن عوف، رقم: 3680.، ورواه ابن حجر العسقلاني في كتابه تخريج مشكاة المصابيح، عن عبد الرحمن بن عوف، ج5، ص436، ورواه السيوطي في كتابه الجامع الصغير، رقم: 73، عن عبد الرحمن بن عوف وسعيد بن زيد، وقال عنه: صحيح، رواه أحمد بن حنبل في مسنده عن عبد الرحمن بن عوف، ج3، ص136، وصححه أحمد شاكر، ورواه النسائي في كتابه السنن الكبرى عن عبد الرحمن بن عوف وسعيد بن زيد، رقم:8193، و8194.
  2. من هم العشرة المبشرون بالجنة؟