Кхерч
Кхерч — цӀе лато а, яго а меттиг йа гӀирс.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуьххьарлера йукъараллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ширачу заманара адамаша цӀе лелаяран дуьххьарлера тешаллаш ду Малхбален Африкера ширачу ховшийлашкахь. 2009 шарахь Исраилера Якъубан йоӀарийн тӀайн уллехь бинчу талламаша гойту 790—690 эзар шо хьалха дуьйна адамо цӀе лелаяр. ЦӀеран коьрта кхерч гуонаха дехкина тӀулгаш хилла. Иштта цӀе, дукха хьолахь, йукъаралла цхьаьнакхета меттиг хилла.
Шира дуьне[нисйе бӀаьра | нисйе]
Зороастризмем латийна цӀе чохь йолу пхьегӀан ламазаш деш хилла. Казакхийн тайпа ду «ошакхты». Оцу тайпанан хӀост ю цхьа са хьалахьоьжу кхосаберг. Ширачу заманахь хӀостан кхосаболу кеп тайпанан цӀарца йогӀуш хилла ошакхты (ошак — кхерч, аьлчи а — «Кхерчнаш»), ткъа кхо са – тӀехь юуург кечъеш йолу очакхан сурт долчух тера ду.
Юккъера бӀешераш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Юккъерачу бӀешерийн кхерч цӀийнан къасто йишйоцу дакъа хилла. Пешахь юург еш хилла, цуьнца шийлачу деношкахь бохлуш хилла. Пешаца Скандинавехь а, Русехь а банеш а, саунаш а йоххош хилла. Оьрсийн цӀенош пешаш юкъайовлале дохдеш хилла лакхе йиллина тӀулгех боьттина кхерчахь цӀе а латош, ткъа кӀура араболуш хилла йиллинчу неӀархула, ткъа тӀаьхьа — дӀадоьллучу корехула.
XX бӀешерера тахане кхаччалц[нисйе бӀаьра | нисйе]
ХӀинца малхбузан дуьненахь кхерч бу цӀийнан декоративан дакъа (товха), амма, доккхах долчу Дуьненан бахархойн декъан кхерч практикехь лелош бу.