Чулацаман тӀегӀо

Чивадзе, Александр Габриэлович

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Чивадзе Александр
Чивадзе Александр (1981 шеран 21 апрелехь)
Чивадзе Александр (1981 шеран 21 апрелехь)
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Чивадзе Александр Габриэлович
Вина терахь 1955 шеран 8 апрель({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (69 шо)
Вина меттиг Клухори, Ставрополан мохк, ССРС
Гражданалла  ССРС Гуьржийчоь
Локхалла 182 см
Йозалла 77 кг
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1974—1987 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 324 (44)
Къоман гулйина команда[* 2]
1980 Байракх ССРС ССРС (олимп.) 6 (0)
1980—1987 Байракх ССРС ССРС 46 (3)
Тренеран карьера
1993—1996 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь
2001—2003 Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь
2012—хӀ. а. Гуьржийчоьнан байракх Гуьржийчоь (мол.)
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Москох 1980 футбол
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Чивадзе Александр Габриэлович (Гаврилович) (гуьрж. ალექსანდრე გაბრიელის ძე ჩივაძე, 1955 шеран 8 апрель, Клухори, Ставрополан мохк, ССРС) — советийн футболист, турсло, гуьржийн тренер. Спортан дуьненайукъара классан говзанча (1980). ССРС хьакъ долу спортан говзанча (1981). Шен йерриг ловзархочун карьера дӀайаьхьина «Динамо» (Тиблиси) клубехь.

Шинах цхьаъ гуьржийн ловзархо ССРС гулйина командин капитан хиллачех, хьалхарниг — Муртаз Хурцилава.

Ловзаран карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина жимачу Клухори гӀалахь (Кхарачаевск) Ставрополан махкахь (гӀала дӀаеллера мехкан йукъа Гуьржийн ССР йукъара Чивадзе ванле цхьа бутт хьалха), цигахь цхьа хан кхаччалц цуьнан да болх беш вара бепиг доттуш, цигахь цуо йалийра меттигера йоӀ Нора[1].

1,5 шо долуш да-нана кхелхира Тиблиси, дай баьхначу гӀала. Кхиира тиблисин Нахаловка олучу кӀоштахь, цигахь буьрка лоллий лелара луларчу берашца.

18 шо долуш йукъаийцира тиблисин «Динамон» дублан, коьртачу командин йукъахь гучувелира 1974 шарахь. Карьера йолийра гӀортолан ахтурслочун позицехь. 1978 шарахь Ахалкацис, «Динамон» коьртачу тренеро, сацам бира Чивадзе йуккъера турслочун позицехь муха ву хьаьжа. Хьалхарчу ловзарехь дуьйна гуш дара сацам нийса буй, оцу хенахь дуьйна Чивадзе еккъа дуьхьалонехь левзира.

Дуьхьалонехь ловзуш, Чивадзе сих-сиха тӀелатархошна гӀоьнна воьдура. Наггахь тоьхна ца Ӏара буьрка ловзарехь, цул сов, вара командин штатера пенальтихо. Ша Чивадзес иштта дуьйцура шен пенальти тохаран балхах: «Со водуш аса даиман а кевнахочун леларан тидам бора, буьрка тохале кӀеззиг соцура. Нагахь кхоссалахь цхьаьна соне, тухура вукха соне йа йуккъе»[2].

1980 шарахь хилира командин капитан, капитан лаьттира ша левзина валлалц.

ССРС гулйина командехь левзина 46 матч, чутоьхна 3 гол. Дебют хилира 1980 шеран 6 мартехь Болгарин гулйина командин дуьхьала. 1982 шеран дуьненан чемпионатан декъахо, гулйина командин йукъахь вара 1986 шеран дуьненан чемпионатехь а, цига вахара ерзанза чов а йолуш (варин тӀехьара дакъа лазийна), иза бахьнехь цкъан а ца левзира цигахь[3]. Масийттаза арайаьккхира гулйина команда арене капитанан статусехь волуш.

1987 шарахь, УЕФАн кедан малхбузагерманин «Вердеран» дуьхьалара матч чекхйаьлча, кхайкхийра ша футболера дӀавалар. Бахьнаш хилира тӀаьхьарчу шина шарахь сих-сиха чевнаш яр, ткъа кхин а, Чивадзес командин лидер волуш кхехьна жоьпаллин мохь.

Тренеран карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1990 шарахь дуьйна волавелира болх бан Гуьржийчоьнан футболан федерацин вице-президентан даржехь.

1993 шарахь коьрте хӀоьттира Гуьржийчоьнан гулйина командин, тренеран штабе цуо кхайкхира шен«Динамо» йукъахь хилла накъостий — Шенгелия Рамаз а, Костава Тамаз а, Габелия Отар а. Иза волуш гулйина команда дикка аьттонца левзира 1996 шеран Европин чемпионатан харжаман матчашкахь, шайн тобанехь 3-гӀа меттиг йаьккхина Германин а, Болгарин а гулйина командашна тӀаьхьа. Коьрта тренеран дарж дитира 1998 шеран дуьненан чемпионатан харжаман турнирехь Ингалсан гулйина командин (0:2) а, Италин гулйина командин (0:1) эшначул тӀаьхьа[4].

1998 шеран январера октябрь кхаччалц Гуьржийчоьнан футболан федерацин президентан декхарш кхочуш дира Ахалкаци Нодар веллачул тӀаьхьа.

2001 шеран июнехь, Кипиани Давида а, Дзодзуашвили Реваза а дарж дитича, болх бира гулйина командица ДЧ-2002 квалификацин тӀаьххьарчу матчашкахь. 2001 шеран декабрехь официалан коьрте хӀоьттира Гуьржийчоьнан гулйина командин, цуьнца дакъалецира 2004 шеран Европин чемпионатан харжаман циклехь[5].

2003 шарахь даржера дӀавелира гулйина команда харжаман матчашкахь Ирландица (1:2) а, Швейцарица (0:0) а аьттонза левзинчул тӀаьхьа[6][7], йуха а шен Гуьржийчоьнан футболан федерацин вице-президентан дарже хӀоьттира. Цуьнца цхьана гулйина команда йитира гӀоьнчаша а — Хурцилава Муртаза а, Габелия Отара а.

2005 шарахь цхьаьна хенан коьрте хӀоьттира Гуьржийчоьнан футболан федерацин президент Жордания Мераб дӀаваьллачул тӀаьхьа[8].

2012 шарахь дуьйна коьртехь ву футболех ловзаран Гуьржийчоьнан кегийрхойн гулйина командин.

1990-гӀа а, 2000-гӀа шерийн йуьххьехь ловза араволура ветеранийн матчашкахь[9].

«Динамо» (Тиблиси)
ССРС гулйина команда

Зуда Мзия, 2 кӀант (Георгий а, Александр а, ший а профессионалан футболист), йоӀ а.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]