Чулацаман тӀегӀо

Хантиев (Ахметханов), Кана-Шейх

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хантиев Кана-Шайх
нох. ХІентин Кана
Кана-Шайхан сурт
Кана-Шайхан сурт
Дуьненан цӀе Кана
Вина терахь 1848({{padleft:1848|4|0}})
Вина меттиг Девкар-Эвла
Кхелхина терахь 1933 шеран 10 май({{padleft:1933|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Динан цӀе Кана-Шайх
Нохчийчоьнан Ӏазап даллийна Ӏелам нехан мемориал

Кана-Шайх (нох. Хантиев Кана-Шайх) — накъшбандин тӀарикъатан шайх, XX бӀешеран Нохчийчоьнан политикин гӀуллакххо, Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша. Схьавалар Ӏалларойн тайпанах ду.

Кана-Шайх Лаха-Неврера Хантиев Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша вара. Иза вина 1848 шарахь. Канин нана йара курчалой тайпанера Жовхар — Ахметханов ХӀентин шолгӀа зуда.

Бер долуш Ӏусман-Хьаьжас дӀавелира иза Таьшкичура Абун хьуьжаре. Абу-Шайха кхелхинчул тӀаьхьа Канин устаз хилира Таьшкичура гӀумкий Хож-Ахьмад. Канин шайхан дарже кхача гӀодира Таьшкичура Хож-Ахьмада а, Ӏусман-Хьаьжас а.

Кана-Шайх (нох. Хантиев Кана-Шайх) — накъшбандин тӀарикъатан шайх, XX бӀешеран Нохчийчоьнан политикин гӀуллакххо, Ӏусман-Хьаьжин жимаха волу ваша. Схьавалар Ӏалларойн тайпанах ду.

Махках ваккхар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1911 шеран октябрехь «Обарг Зеламхин гӀодарна» Кана-Шайх кхечу шайхашца – Митаев Бамат-Гири-Хьаьжица (Іовдица), Гайсумов Суоип-моллица, Хамирзаев Чиммирзица (Дуккица), Белхароев БатӀал-Хьаьжица, Шаптукаев Ӏабдул-Ӏазизца (Доккица), Назиров Мохьмадца (Маница), Ӏаьндара Ӏумар-Хьаьжица цхьаьна – араваьккхира Калуга гӀала. 1912 шеран апрелехь иза мукъаваьккхира бехке цахиларна, цӀа ван бакъо йелира[1][2].

Шайхан тӀаьхьара шераш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

19181920 шерашкахь Кана-Шайх шен мурдех лаьтта тобанан коьртехь, дакъалоцу кӀайнгвардихошна дуьхьала къовсамехь. 1918 шеран 2 январехь цара дакъалоцу Девкар-Эвлара тӀамехь. Деникинан Шайн Лааман эскарна дуьхьала тӀом бинашехь, советийн Ӏедал хӀоттарца Канин репрессеш йо, хьийза а во. ТӀаьххьара иза лецира 1933 шеран 17 мартехь, 85 шо долуш, оцу шеран 9 апрелехь уггаре лакхара кхел кхайкхийна. Кхел кхочуш йира 1933 шеран 10 майхь. 1990-гӀа шарахь Кана-шайханна реабилитаци[1][2] йина.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Кана-Шейх Хантиев. «Зори ислама» — республиканская газета (2021 шеран 15 июнь). Архивйина 2022 шеран 3 октябрехь
  2. 1 2 Багаутдин Аджаматов. Башир–шейх аль-Яхсави. История Кавказа и селения Эндирей. — Издательские решения. — ISBN 9785449885562.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
  • Багаутдин Аджаматов. Башир–шейх аль-Яхсави. История Кавказа и селения Эндирей. — Издательские решения. — ISBN 9785449885562.
  • Духаев А. Плеяда шейхов из Надтеречья. — Лаха-Невре, 1997.
  • Духаев А. Эпоха шейхов. — 3-е. — Нальчик, 2016.