Ӏусман-Хьаьжи
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Ӏусман Хьаьжа | |
---|---|
Вина терахь | 1830 |
Вина меттиг | Девкар-Эвла |
Кхелхина терахь | 1894 |
Кхелхина меттиг | Лаха-Невре |
Корматалла | эвлаяъ, устаз, молла |
Да | Ханти |
Нана | Захира |
Зуда | Дулай, Дода, Хазбат, Жада |
Бераш | Заидат |
Динлелор | Ислам |
«Уьпа-Хьаьжи» йа «Ӏусман Хьаьжа» — иза веза-эвлаяъ а, устаз а ву.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏусман Хьаьжа вина 1830-чу шарахь, Девкар-Эвлахь. Цуьнан да Ахьмадханан кӀант Ханти ву. Цуьнан дайш Нохчи-Аула халкъах схьабевлла бара. Цуьнан деда Ахьмадхан, дийцарехь вуьйцуш ву, Шамилан наибех цхьаъ ву аьлла, Ӏаларойн тайпанах а волуш. Девкар-Эвлахь, Хантис зуда йалира Захира, цуьнгара кӀант хилира Упа (Ӏусман-Хьаьжи). Ӏусманан нана хьалхе дӀакхелхира. Иза Девкар-Эвлахь дӀа а йоьллина, Ханти а цуьнан вежарий, шайн даьхнийн дажа меттиг а лохуш, Лаха-Невре схьабаьхкира. Кхузахь Упан дас, ЖовхӀар цӀейолу зуда йалира, Курчалойн тайпанах а йолуш. Цо пхи бера дира: кӀентий Вазархан, Бокаш, Дака, Кана, а йоӀ Залих.
Ӏусман деша дӀавеллера Мелчхера хьуьжарехь, масех шарахь цигахь дийшира цо. Хьуьжарехь дешна ваьлча, Ӏусман молла хилира. 12-чу октябрехь 1874 шарахь, шен цӀачуьра араваьлла Зиярт дан, Макка (ХьаьжицӀа) вахара иза, 17-чу апрелехь 1875-чу шарахь цигара схьавеара иза.
ТӀаккха цо суфийн хьалхара школа схьайоьллу, кхузткъе муталимаш доьшу цигахь, царех цхьаболчарех бакъболу шейхаш хуьлу.
1894(96) шерашкахь декабрехь, Ӏусман дӀакхелхина, иза дӀавоьллина ву Лаха-Неврехь долчу кешнашкахь.