Чулацаман тӀегӀо

Сом

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

СомРоссийн, Белоруссин, ГӀиргӀазойчоьнан, Узбекистанан валютан нохчийн цӀе (российн сом, белоруссин сом, гӀиргӀазойн сом, узбекистанан сом), ткъа иштта къобалъянза йолчу пачхьалкхан Днестрйисттера Молдавин Республикин (днестрйисттера моладавин сом). Российн Федерацин сом Росси йоцучохь кхин а лела цхьа могӀа къобалъянза я цхьаццама къобал йина пачхьалкхашкахь: Къилба ХӀирийчоьхь а, Абхазехь а. Донбассера тӀом бахьнехь из алело таро ю Украинин Донецкан а, Луганскан а областашкахь (шеш кхайкхийначу Луганскан а, Донецкан халкъан республикашкахь)[1][2].

Хьалхарчу заманахь сом ахча дара: бекъабеллачу муьран оьрсийн республикийн а, олаллийн а, Литван Сийлахь-Доккха олаллин[3], Оьрсийн паччахьаллин, Российн империн, Россера гражданийн тӀом болучу муьрехь хилла дуккха а кхолламийн, РСФСР (19171923), Советийн Союзан (19231991), Латвин (19921993), Украинин (19911992), Таджикистанан (19952000), кхин а дуккха а пачхьалкхийн.

Декъало 100 кепекан. Российн соьман ISO 4217 стандартан код — RUB (RUR 1998 шарахь деноминаци хилале), терахьан код — 643 (банкин системехь хьалха санна лелайо шира 810); белоруссин — BYN, терахьан код — 933 (2016 ш. 1 июлехь дуьйна); днестрйисттера молдавин — PRB (официалан йоцу, терахьан код йац).

ТӀехулара куц

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кехатан банкноташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Паччахьан Российн ахчан тӀехь, хӀост йоцуш, 10 соьман тӀиера дуьйна российн императорш бохкура: 25 тӀехь — Александр III, 50 тӀехь — Николай I, бӀен тӀехь — Екатерина Сийлахь-Йоккха, пхеа бӀен тӀехь — Пётр I-гӀа.

Советийн ахчан тӀехь кӀезиг мах болчун (Пачхьалкхан казначейн билеташна) бехкина белхалой, ахархой, цӀен эскархой, Москохан кремль; ССРС Пачхьалкхан банкан билет тӀехь (10 сом а, сов а) — В. И. Ленин.

Хьалхарчу агӀора массо а 1937 - 1992 шерашкара арахецаран, номинал иттана тӀиера бӀе соьме кхаччалц йолу ССРС Пачхьалкхан Банкан билетийн (цхьаъ, кхоъ, пхиъ, итт туьманаш 1937 шарахь зорба тоьхна; 10, 25, 50, 100 сом 1947, 1961, 1991, 1992 шерашкахь зорба тоьхна), ткъа кхин а ССРС 200, 500, 1000 «павловн соьмашна» 1991, 1992 шерашкахь зорба тоьхна долу Ленинан сурт дара.

1993 шеран российн ахчан тӀехь (500 сом а, 1000 сом а) хьалха Ленинан сурт хиллачохь ю Москохан кремль байракхца, ССРС хӀастан меттана — РЦБ вензель. 1996 шарахь (сери 1995 шеран) дуьйна ахчан тӀехь йохку Российн гӀаланийн сийлаллин меттигаш: Владивостокан (1000 сом 1995 шеран), Новгородан (5 сом), Красноярскан (10 сом), Петарбухан (50 сом), Москохан (100 сом), Архангельскан (500 сом), Ярославлан (1000 сом), Хабаровскан (5000 сом). 2017 шарахьРФ ЦБ арахецна керла банкноташ: 200 сом тӀехь Севастополан Херсонесан къапалгийн бухадаханчу кеманийн иэс, ткъа иштта 2000 сом Владивостокан сийлаллаш йехкина. Керла банкноташ зорба тоьхна полимер худийтина бамбан кехат тӀехь.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кеп:Сом Кеп:Русин нахарташ